грецин-лацин эшаралла
Марша вогӏийла, хьаша, чоьхьавала

Грецин-лацин эшаралла

Арахецна де 19.07.2026

Асланбек Йесера

Нохчийн хаараллин терминологи бараме йалош оьшу грецийн-лацийн эшараллин хаарш цхьанатоха гӏортар.

Грецин-Лацин Эшаралла

Хаараллин терминологи грецин-лацин дешнаш тӏехь дӏахӏоттийна йу. Лацино дуккха а дешнаш грецин маттара схьаэцна, цундела грецин дош иза лацигахула тӏеоьцуш ду дукха хьолахь. Нохчийн меттан хаараллин терминологи дӏахӏоттош ас хаьржина керла-лацийн эшаралла, къаьсстана германин мотт буьйцу мехкашкахь йаьржинарг. Цунах экклезиасте лацийн олу, иза тахана керста наха шайн динан жайнашкахь лелорг бу. Грецин маттара дош нийсса лацийниг йукъалелаш а боцуш схьаоьцуш хилахь, хӏинцалера грецин эшараллина тӏе а товжуш схьаоьцур ду. Грецин-лацин эшаралла нохчийчуьнца йогӏуш ца хилахь, нохчийчуьнга хьаьжна хийцам бийр болуш бу.

Лацин

аба IPA тӏеалар

A, a

ă [ʌ], ā []

деха far; доца trespass

B, b

[b]

кху шинна s, t хьалха [p] доьшу

C, c

[k]

классике латийнехь, Цицеронний, Цезаррий заманехь, гуттар [k] доьшуш хилла.

D, d

[d]

Дешан чеккхенехь [t] олуш хилла, иштта нохчийн маттахь а хир ду.

E, e

ĕ [e], ē []

деха they, грец. η; доца net, грец. ε

F, f

[f]

нохчийн маттахь п [p] хир ду; грец. φ ши аз ду п, цултӏаьхьа хӏ, латийниниг лахара балдий, лакхара цергашший вовшахӏуттуш олуш цхьа аз ду.

G, g

[g]

классике латийнехь гуттар [g] доьшуш хилла, кхузахь санна get; иза s хьалха нисделча x хуьлу: rex < reg + s. Грец. γ

H, h

[h]

грец. rough breathing

I, i

ĭ [i], ī [], i [j]

мукъачу озана хьалха нислахь а, йуха хьалха тохар долуш дешдакъа а дацахь, мукъаза аз [j] ду, грец. ι (Iulius = Ιούλιος); мукъа аз деха machine, доца din, грец. ι

K, k

[k]

L, l

[l]

грец. λ

M, m

[m]

чеккхенгахь гӏийла олу йа деша а ца доьшу, Квинтилиан "sound something like the lowing of an ox"

N, n

[n]

хӏокхарна c, q, g, йа x хьалха нисделча, [ŋ] доьшу (guttural nasal; n adulterinum)

O, o

ŏ [o], ō []

деха note, грец. ω; доца not, грец. ο

P, p

[p]

грец. π

Q, q

[kw]

q-на тӏехьа гуттар u нисло, и шиъ цхьаьна гуттар [kw] доьшу, кхузахь санна queen; грец. κου, κυ, йа κο

R, r

[r]

жимма мотт тоха а болуьйтуш [r]

S, s

[s]

кхузахь санна sip; чеккхенгахь халла бен ца хезара

T, t

[t]

классике латийнехь гуттар [t] доьшу; чеккхенгахь дика ца хеза, цкъацца охьа а дужу.

U, u

ŭ [u], ū [], [w]

деха fool, грец. ου; доца full, грец. ου;

мукъаза аз балдаш горга а деш олу

X, x

[ks]

Y, y

[y], []

германин ü

Z, z

[z]

грецин дешнаш дохкуш лелийна ду; хӏинцалера грец. ζ

аба IPA тӏеалар

BS, bs

[ps]

нохчийн маттахь бс

BT, bt

[pt]

нохчийн маттахь бт

CH, ch

[k]

кхузахь санна blockhead; грец. χ

Ds, ds

[ts]

нохчийн маттахь тс

GU, gu

[gw]

нохчийн маттахь гв

NC, nc

[ŋ]

нохчийн маттахь нг

NG, ng

[ŋ]

нохчийн маттахь нг

NK, nk

[ŋ]

нохчийн маттахь нг

NQ, nq

[ŋ]

нохчийн маттахь нг

NV, nv

[nw]

нохчийн маттахь нв

NX, nx

[ŋ]

нохчийн маттахь нг

PH, ph

[p]

кхузахь санна uphill; грец. φ

PV, pv

[pw]

нохчийн маттахь пв

RV, rv

[rw]

нохчийн маттахь рв

SV, sv

[sw]

нохчийн маттахь св

TH, th

[t]

кхузахь санна hothouse; грец. θ

аба IPA тӏеалар

AE, ae

[ʌi̯], [e], []

[ʌe̯] > [e] > []

AU, au

[ʌu̯]

кхузахь санна now; грец. αυ;

EI, ei

[ei̯]

EU, eu

[eu̯]

OE, oe

[oi̯]

UI, ui

[ui̯]

аба IPA тӏеалар

C, c

[k], [t͡s]

Германин керла-латийнин аларца ae/oe/e/i/y хьалха [t͡s] олу, кхечанхьа [k] олу;

S, s

[s], [z]

мукъачу озана хьалха нислахь, [z] доьшу

Ti, ti

[ti], [t͡si]

германин керла-латийна аларехь ti тӏехьа мукъа аз нислахь (tia, tio), [t͡s] олу, кхечанхьа [t] доьшу

  • Дуьхьарлера лацийн абалле 21 аба хилла (A, B, C, D, E, F, Z, H, I, K, L, M, N, O, P, Q, R, S, T, V, X)
  • Абалла олуш, иштта аьр йара: ah, bé, ké, dé, ê, ef, ghé, ha, î (ee), ka, el, em, en, ô, pé, qu (coo), er, es, té, oo, ix, (ü, zeta).
  • Пхи мукъа аз ду латийнехь, цхьаъ тӏеэцнарг грец. y
  • Йалх диптонг йу латийнехь
  • Грецин маттара абанаш y, z (грецин дешнаш тӏеоьцуш йукъадеъна)
  • Хӏорш j [j], u [u] кхано йукъадалийна ду, мукъаза i [j], v [w] схьакъасторхьама: Iesu/Jesu, aue/ave.
  • ch, ph, th грецин маттара аьзнаш ду, цкъа хьалха латийнехь c, p, t доьшур, тӏаккха грецихоша санна ала гӏиртира.
  • K пӏелгаш тӏехь дагардалла дешнаш йуккъахь бен дац (Kalendae, ...)

Грецин

Грецин меттан аларан хаарш кху жайнара схьаэцна "Liscovius, Karl Friedrich Salomon: Über die Aussprache des Griechischen und über die Bedeutung der griechischen Accente", хӏоттийнарг Liscovius, Karl Friedrich Salomon. Йуха хӏара а "Greek primer, colloquial and constructive", хӏоттийнарг John Stuart Blackie.

Кхузахь суна схьакъасто луург хӏелленисте койна муьрера грецин аларан кеп йу. Иза ~323 Ӏ. ХЬ. (Ӏийсал хьалха) - 31 Ӏ. ТӀ (Ӏийсал тӏаьхьа) мур бу.

аба цӏе IPA

A, α

ἄλφα alpha

[a], []

Β, β/ϐ

βῆτα bêta

[b], [v]

Γ, γ/

γάμμα gamma

[g], [ɣ], [j]

Δ, δ

δέλτα delta

[d], [ð]

Ε, ε

ψῑλόν epsilon

[e]

Ζ, ζ

ζῆτα zêta

[zd], [z]

Η, η

ἦτα êta

[], [i]

Θ, ϑ/θ

θῆτα thêta

[], [θ]

Ι, ι

ἰῶτα iôta

[i]

Κ, κ/ϗ

κάππα kappa

[k]

Λ, λ

λάμβδα lambda

[l]

Μ, μ

μῦ mu

[m]

Ν, ν

νῦ nu

[n]

Ξ, ξ

ξῖ xi

[ks]

Ο, ο

μῑκρόν omikron

[o]

Π, π

πῖ pi

[p]

Ρ, ρ

ῥῶ rho

[r]

Σ, σ/-ς

σῖγμα sigma

[s]

Τ, τ/ך

ταῦ tau

[t]

Υ, υ

υῑλόν ’upsilon

[u],[y],[i]

Φ, φ

φῖ phi

[], [f]

χ, χ

χῖ chi

[], [ç]

ψ, ψ

ψῖ psi

[ps]

Ω, ω

ὦμέγα omega

[]

  • β англин v санна
  • γ тӏехьа a йа o нислахь [ɣ], кӏеда мукъа аз нислахь [j]
  • δ кхузахь санна mother
  • ε кхузахь санна get
  • η ширачу заманахь деха [], тахана кхузахь санна seem/theme
  • θ кхузахь санна mouth/south
  • ξ тӏеттӏа оьзна ks, gs
  • υ ширачу заманахь ü [y]
  • χ кхузахь санна герм. Milch
  • ω деха [oː]
  • [h] гойтуш мукъачу озана тӏе spiritus lenis йуьллуш хилла ἱε [he], [e]
аба шира йуккъ. хӏинц.

αι

[ʌi̯]

[e]

ä

ει

[ei̯]

[i]/[ei̯]

[i]

οι

[oi̯]

[y]/[i]

[i]

υι

υ

υ

αυ

[ʌy̯]

[ʌv]

[ʌf]

ευ

[ey̯]

[ev]

[ef]

ου

[oy̯]/[u]

[u]/[y]

[u]

α

α

α

η

[]

[i]/[e]

[i]

η

η

η

ω

ω

ω

ηυ

η-й, υ

ωυ

ω-й, υ

ш = шира, й = йуккъера, хӏ = хӏинцалера

Моноптонгашший, Диптонгашший сеццана хьалха муха олуш хилла хууш дац. Дешначара шайн хетачу агӏора схьадосту церан аларш.

аба IPA тӏеалар

γγ

[ŋ]

хӏокхунна γ хьалха нислахь, [ŋ] доьшу

γκ

[ŋ]

хӏокхунна κ хьалха нислахь, [ŋ] доьшу

γξ

[ŋ]

хӏокхунна ξ хьалха нислахь, [ŋ] доьшу

γχ

[ŋ]

хӏокхунна χ хьалха нислахь, [ŋ] доьшу

Нохчийн Мотт

Грецин-Лацин маттара дош тӏеоьцуш лахара богӏаме хьаьжна сехьадоккхур ду. Германийн Керла-Лацийн матте хьаьжна c, s, ti олуш шенкепарло йу. Йуха оьрсаша h метта г дуьллучохь, нохчаша хӏ дуьллур ду. Нохчийн маттахь f дац, цундела цуьнан метта нохчаша п дуьллур ду.

Лацин абанаш хийцар

аба IPA нохчийн

A, a

[ʌ], []

нохч. маттахь а

B, b

[b]

нохч. маттахь б

C, c

[k]

нохч. маттахь к, ц

D, d

[d]

нохч. маттахь д

E, e

[e], []

нохч. маттахь е

F, f

[f]

нохч. маттахь п

G, g

[g]

нохч. маттахь г

H, h

[h]

нохч. маттахь хӏ

I, i

[i], [], [j]

нохч. маттахь и, ий

K, k

[k]

нохч. маттахь к

L, l

[l]

нохч. маттахь л

M, m

[m]

нохч. маттахь м

N, n

[n]

нохч. маттахь н

O, o

[o], []

нохч. маттахь о

P, p

[p]

нохч. маттахь п

Q, q

[kw]

нохч. маттахь кв

R, r

[r]

нохч. маттахь р

S, s

[s]

нохч. маттахь с, з

T, t

[t]

нохч. маттахь т, ц

U, u

[u], [], [w]

нохч. маттахь у

X, x

[ks]

нохч. маттахь кс

Y, y

[y], []

нохч. маттахь и, ий

Z, z

[z]

нохч. маттахь з

аба IPA тӏеалар

AE, ae

[ʌi̯], [e], []

нохч. маттахь е

AU, au

[ʌu̯]

нохч. маттахь ав

EI, ei

[ei̯]

нохч. маттахь ей

EU, eu

[eu̯]

нохч. маттахь ев

OE, oe

[oi̯]

нохч. маттахь ой

UI, ui

[ui̯]

нохч. маттахь уй

Дахалла

Мукъа аьзнийн дахалла, доцалла а экклезиасте лацига хьаьжна хир ду, ткъа нохчийн маттахь атта долчу агӏора нисдан дезачохь, нис а дийр ду.

Тохар

Нохчийн маттахь тохар (accent) гуттар хьалхарчу дешдекъана тӏехь хуьлу. Иштта хир ду тӏеэцна дош олуш а. Тӏеэцна дош шина декъах лаьтташ делахь, ши тохар хир ду, цьаъ хьалхара декъа тӏехь, шолгӏаниг шолгӏачун декъа тӏехь: 'пило'сопий < 'пило + 'сопий. Халхара декъачун пи, шолгӏачун со тӏехь тохар (accent) хир ду.

Грецин абанаш хийцар

аба IPA нохчийн

A, α

[a], []

нохч. маттахь а

Β, β/ϐ

[b], [v]

нохч. маттахь б, в

Γ, γ/

[g], [ɣ], [j]

нохч. маттахь г, гӏ, й

Δ, δ

[d], [ð]

нохч. маттахь д

Ε, ε

[e]

нохч. маттахь е

Ζ, ζ

[zd], [z]

нохч. маттахь з

Η, η

[], [i]

нохч. маттахь е, и

Θ, ϑ/θ

[], [θ]

нохч. маттахь т

Ι, ι

[i]

нохч. маттахь и

Κ, κ/ϗ

[k]

нохч. маттахь к

Λ, λ

[l]

нохч. маттахь л

Μ, μ

[m]

нохч. маттахь м

Ν, ν

[n]

нохч. маттахь н

Ξ, ξ

[ks]

нохч. маттахь кс

Ο, ο

[o]

нохч. маттахь о

Π, π

[p]

нохч. маттахь п

Ρ, ρ

[r]

нохч. маттахь р

Σ, σ/-ς

[s]

нохч. маттахь с

Τ, τ/ך

[t]

нохч. маттахь т

Υ, υ

[u],[y],[i]

нохч. маттахь и

Φ, φ

[], [f]

нохч. маттахь п

χ, χ

[], [ç]

нохч. маттахь к

ψ, ψ

[ps]

нохч. маттахь пс

Ω, ω

[]

нохч. маттахь о

Spiritus Lenis

[h]

нохч. маттахь хӏ

Дешчеккхенаш

Хаараллин терминологи дӏахӏоттош оьрсин, англин, лацин, грецин дешчеккхенаш нохчийчаьрца хийца а хуьйцуш хӏотто йеза. Лахахь санна лело мегар ду.

-ивный/-ivus

  • активе
  • пассиве
  • регрессиве
  • прогрессиве

-ивность/-ivity

  • активло
  • пассивло
  • регрессивло

-ивизировать(ся)/-ivate

  • активдан/активхила
  • пассивдан/пассивхила
  • регрессивдан/регрессивхила

-ивизация/-ivization

  • активдар/активхилар
  • пассивдар/пассивхилар
  • регрессивдар/регрессивхилар

-алный/-al

  • абнормале
  • дипперенциале

-изм/-ism

  • активизм
  • пассивизм

-ия/-ia

  • пилосопи
  • психологи

-ий/-ium

  • ванади
  • лаци
  • натри

-ий/-ius

  • Аврели

-ик/-ic/-icus/-kos

  • крийтик

-ика/-ics/-ica/-ē

  • крийтика
  • пийзика

-ический/-ic/-icus

  • пийзике
  • статике

-ция/-tion/-tio

  • наци
  • коммуникаци
  • регрессиве ассимилаци
  • прогрессиве ассимилаци

-ор/-or

  • мотор
  • калкулатор

-ер/-er

  • компутер

Title

My message to you!