нохчийн абалла
Марша вогӏийла, хьаша, чоьхьавала

Нохчийн абалла

Арахецна де 27.10.2025

Асланбек Йесера

Нохчийн абаллин кхиамах лецна бина лехам.

Абаллаш

Кириллин Абалла

1938-чу шарахь дуьйна нохчийн абалла кирилличунна тӏехь йу. Шалха абанаш тӏетохарца шорйина кхоьллина йу. Кирилличун 33 ду, ткъа нохчийчун 49 дара. Таханалерчу дийнахь нохчийчун 47 аба ду, хӏунда аьлча «яь», «юь» дӏадаьхна дела. Гӏалгӏайниг тахана а хӏокхунна тӏехь йу. Цуьнан тахана а 49 аба ду.

А а

[]

Аь аь

[i̯ɐ]

Б б

[b]

В в

[w]

Г г

[g]

Гӏ гӏ

[ɣ]

Д д

[d]

Е е

[jeː]

Ё ё

[joː]

Ж ж

[ʒ]

З з

[z]

И и

[]

Й й

[j]

К к

[k]

Кх кх

[q]

Къ къ

[q']

Кӏ кӏ

[k']

Л л

[l]

М м

[m]

Н н

[n]

О о

[]

Оь оь

[yːə̯]

П п

[p]

Пӏ пӏ

[p']

Р р

[r]

С с

[s]

Т т

[t]

Тӏ тӏ

[t']

У у

[]

Уь уь

[]

Ф ф

[f]

Х х

[x]

Хь хь

[ħ]

Хӏ хӏ

[h]

Ц ц

[t͡s]

Цӏ цӏ

[t͡s']

Ч ч

[t͡ʃ]

Чӏ чӏ

[t͡ʃ']

Ш ш

[ʃ]

Щ щ

[ɕː]

Ь ь

кӏеда махк

Ы ы

[ɨ]

Ъ ъ

чӏогӏа махк

Э э

[]

Ю ю

[juː]

Юь юь

[jyː]

Я я

[jaː]

Яь яь

[ji̯ɐ]

Ӏ ӏ

[ʡ]

2020-чу шарахь керла нохчийн нийсакхаттаран бакъонаш арайевлча дуьйна ши аба дӏадаьлла. Хӏунда аьлча керла бакъонехь «я», «яь», «е», «ё», «ю», «юь» хьалха «й» хезаш, кхин нохчийн дешнашкахь дохкуш доцу дела. Йуха «яь», «юь» нохчийн дешнашкахь бен нислуш дац, цундела уьш кхин оьшуш дац. Таханлерчу дийнахь леларг хӏара йу.

А а

[]

Аь аь

[i̯ɐ]

Б б

[b]

В в

[w]

Г г

[g]

Гӏ гӏ

[ɣ]

Д д

[d]

Е е

[jeː]

Ё ё

[joː]

Ж ж

[ʒ]

З з

[z]

И и

[]

Й й

[j]

К к

[k]

Кх кх

[q]

Къ къ

[q']

Кӏ кӏ

[k']

Л л

[l]

М м

[m]

Н н

[n]

О о

[]

Оь оь

[yːə̯]

П п

[p]

Пӏ пӏ

[p']

Р р

[r]

С с

[s]

Т т

[t]

Тӏ тӏ

[t']

У у

[]

Уь уь

[]

Ф ф

[f]

Х х

[x]

Хь хь

[ħ]

Хӏ хӏ

[h]

Ц ц

[t͡s]

Цӏ цӏ

[t͡s']

Ч ч

[t͡ʃ]

Чӏ чӏ

[t͡ʃ']

Ш ш

[ʃ]

Щ щ

[ɕː]

Ь ь

кӏеда махк

Ы ы

[ɨ]

Ъ ъ

чӏогӏа махк

Э э

[]

Ю ю

[juː]

Я я

[jaː]

Ӏ ӏ

[ʡ]

Кхидӏа кхиор

Нохчийн абалла кхидӏа кхиош, цхьацца хийцамаш бича, кхачаме кхиана йаьлла хир йара аьлла, хета суна.

  1. Шалха абанаш йукъацадалор
  2. Кху диъ абанна – «гӏ», «кх», «хь», «хӏ» – шениг йукъадаккхар. Ас кховдам бийраш хӏорш ду: «ԍ», «ԛ», «ѫ», «һ». Хӏорш а ца хоржуш лигатураш йан мегар ду долчарах.
  3. «НОХЧИЙН АБАЛЛА» аьлла, цӏе а тиллина.

Лацичунна тӏедовла деза бохуш дуьйцурш а бу, ткъа вайн мотт кирилличунна тӏехь дӏахӏоьттина баьлла, цундела и хийца оьшуш дац. Йерриге а абаллаш – ӏарбойниг, кириллиниг, лациниг – цхьанна тӏера схьайевлла йу. Церан бух финийкин абалла бу. Ӏарбойниг вайн маттаца йогӏуш йац, хӏунда аьлча вайн дукха мукъа эшарш ду, ткъа ӏарбойн абаллехь мукъа эшарш гойтуш а дац.

А а

[]

Б б

[b]

В в

[w]

Г г

[g]

Ԍ ԍ

[ɣ]

Д д

[d]

Ж ж

[ʒ]

З з

[z]

И и

[]

Й й

[j]

К к

[k]

Ԛ ԛ

[q]

Л л

[l]

М м

[m]

Н н

[n]

О о

[]

П п

[p]

Р р

[r]

С с

[s]

Т т

[t]

У у

[]

Х х

[x]

Ѫ ѫ

[ħ]

Һ һ

[h]

Ц ц

[t͡s]

Ч ч

[t͡ʃ]

Ш ш

[ʃ]

Ь ь

кӏеда махк

Ъ ъ

чӏогӏа махк

Э э

[]

Ӏ ӏ

[ʡ]

Кхидӏа хӏара бакъенаш йукъайахар:

  1. «а», «о», «у» тӏехьа «ь» хӏоьттича, уьш кӏадло: «аь», «оь», «уь».
  2. «и», «уь» тӏехьа «й» хӏоьттича, уьш дахло: «ий», «уьй».
  3. «к», «ԛ», «п», «т», «ц», «ч» тӏехьа «ӏ» хӏоьттича, царах логан, къора эшарш хуьлу: «кӏ», «ԛӏ», «пӏ», «тӏ», «цӏ», «чӏ».
  4. «п», «т», «ц», «ч» тӏехьа «къ» хӏоьттича, царах логан, къора, ӏаьржа эшарш хуьлу: «пкъ», «ткъ», «цкъ», «чкъ».
  5. «б», «д», «ж», «з», «м», «н» тӏехьа «ӏ» хӏоьттича, царах логан, зевне эшарш хуьлу: «бӏ», «дӏ», «жӏ», «зӏ», «мӏ», «нӏ».
  6. Хьалха «с», «т» йа «ст» хезачохь «ст» диллар.
  7. «р» тӏехьа «һ» хӏоьттича, цунах къора «р» хуьлу: «рһ».
  8. «г» хьалха «н» хӏоьттича, цунах мера «г» хуьлу: «нг».
  9. Мукъа йиш мера хилар гойтуш, цунна тӏехьа «н» дилла: «ан», «ин», «ун», «он», «ен», «эн», ...

Лацин Абалла

1925-чу шарахь дуьйна 1938 шо кхаччалц лациниг лелийна нохчаша.

A a

[]

Ä ä

[i̯ɐ]

B b

[b]

C c

[t͡s]

Ch ch

[t͡s']

Č č

[t͡ʃ]

Čh čh

[t͡ʃ']

D d

[d]

E e

[]

F f

[f]

G g

[g]

Gh gh

[ɣ]

H h

[h]

I i

[]

J j

[j]

K k

[k]

Kh kh

[k']

L l

[l]

M m

[m]

N n

[n]

N̨ n̨

мера «н»

O o

[]

Ö ö

[yːə̯]

P p

[p]

Ph ph

[p']

Q q

[q]

Qh qh

[q']

R r

[r]

S s

[s]

Š š

[ʃ]

T t

[t]

Th th

[t']

U u

[]

Ü ü

[]

V v

[w]

X x

[x]

X́ x́/X̌ x̌

[ħ]

Y y

[ʡ]

Z z

[z]

Ž ž

[ʒ]

1992-чу шарахь йуханехьа лацичунна тӏебовла гӏиртира нохчий. И болх гена дӏа ца бахара. Дӏахӏотто лиънарг хӏара йара.

A a

[]

Ä ä

[i̯ɐ]

B b

[b]

C c

[t͡s]

Ċ ċ

[t͡s']

Ç ç

[t͡ʃ]

Ç̇ ç̇

[t͡ʃ']

D d

[d]

E e

[]

F f

[f]

G g

[g]

Ġ ġ

[ɣ]

H h

[h]

Í i

[]

J j

[ʡ]

K k

[k]

Kh kh

[k']

L l

[l]

M m

[m]

N n

[n]

O o

[]

Ö ö

[yːə̯]

P p

[p]

Ph ph

[p']

Q q

[q]

Q̇ q̇

[q']

R r

[r]

S s

[s]

Ş ş

[ʃ]

T t

[t]

Th th

[t']

U u

[]

Ü ü

[]

V v

[w]

X x

[x]

Ẋ ẋ

[ħ]

Y y

[j]

Z z

[z]

Ƶ ƶ

[ʒ]

Ə ə

[ʔ]

  1. «i», «ü» тӏехьа «y» хӏоьттича, уьш дахло: «iy» [], «üy» [].

Сайниг, Асланбеканиг

Лацичунна тӏехь ас бен кховдам хӏара бу. Атта а, цхьа а клавиатура тӏехь доцу аба а ца оьшуш хир йу.

A a

[]

B b

[b]

C c

[t͡s]

D d

[d]

E e

[]

F f

[ʡ]

G g

[g]

H h

[h]

I i

[]

J j

[ʒ]

K k

[k]

L l

[l]

M m

[m]

N n

[n]

O o

[]

P p

[p], [f]

Q q

[q]

R r

[r]

S s

[s]

T t

[t]

U u

[]

W w

[w]

X x

[x]

Y y

[j]

Z z

[z]

  1. «a», «o», «u» тӏехьа «e» хӏоьттича, уьш кӏадло: «ae» [i̯ɐ], «oe» [yːə̯], «ue» [].
  2. «g», «s», «x» тӏехьа «h» хӏоьттича, кхоллало: «gh» [ɣ], «sh» [ʃ], «xh» [ħ].
  3. «t» тӏехьа «j» хӏоьттича, кхоллало: «tj» [t͡ʃ].
  4. «i», «ue» тӏехьа «y» хӏоьттича, уьш дахло: «iy» [], «uey» [].
  5. «c», «k», «p», «q», «t», «tj» тӏехьа «h» хӏоьттича, царах лога, къора эшарш хуьлу: «ch» [t͡s'], «kh» [k'], «ph» [p'], «qh» [q'], «th» [t'], «tjh» [t͡ʃ'].
  6. «p», «t», «c», «tj» тӏехьа «qh» хӏоьттича, царах лога, къора, ӏаьржа эшарш хуьлу: «pqh», «tqh», «cqh», «tjqh».
  7. «b», «d», «j», «m», «n», «z» тӏехьа «f» хӏоьттича, царах логан, зевне эшарш хуьлу: «bf» [], «df» [], «jf» [ʒˁ], «mf» [], «nf» [], «zf» [ʒˁ].
  8. Хьалха «s», «t» йа «st» хезачохь «st» диллар.
  9. «r» тӏехьа «h» хӏоьттича, цунах къора «r» хуьлу: «rh».
  10. «g» хьалха «n» хӏоьттича, цунах мера «g» хуьлу: «ng».
  11. Мукъа йиш мера хилар гойтуш, цунна тӏехьа «n» дилла: «-an», «-in», «-un», «-on», «-en», ...

Ӏарбойн Абалла

1910-чу шарахь 1925 шо кхаччалц нохчийн абалла ӏарбойчунна тӏехь хилла йу. Хӏара вайн маттаца къаьсттина йогӏуш йац, хӏунда аьлча, хӏокхо мукъанаш гучу ца догӏу дела, ткъа вайн уьш чӏогӏа дукха ду.

اى

[]

اوٓ

[]

او

[]

آ/ا

[]

ج

[d͡ʒ]

ث

[s]

ت

[t]

ب

[b]

څ

[t͡ʃ']

چ

[t͡ʃ]

خ

[x]

ح

[ħ]

ڔ/ژ

[t͡s]

ر

[r]

ذ

[z]

د

[d]

ص

[s]

ش

[ʃ]

س

[s]

ڗ/ڕ

[t͡s']

ع

[ʡ]

ظ

[d͡z]

ط

[t']

ض

[z]

ڤ

[q]

ڥ

[p']

ف

[p], [f]

غ

[ɣ]

گ/ڭ

[g]

ګ/ڮ

[k']

ك

[k]

ق

[q']

ن

[n]

م

[m]

لا

[laː]

ل

[l]

ۈ

[]

وو

[w]

و

[v]

ھ/ه

[h]

يوٓ

[yːə̯]

ه/ي

[]

ى

[j]

  1. Хӏара «ګ» [k'] нийса дац, гонан метта жима зил хила беза хьаькхна.
  2. Хӏара «ڔ» [t͡s] дац нийса, кӏелахь ши тӏадам хила беза.
  3. Хӏара «ڕ» [t͡s'] дац нийса, кӏелахь кхо тӏадам хила беза.
  4. Хӏорш «ء», «أ», «ؤ», «إ», «ئ», «ة», «ز», «ٱ» абаллина йукъа ца дахана.

Лакхара нийсадоцурш ма-дду гайта абанаш кампутар тӏехь ца хилла дела, царах цхьажимма тера дохурш хаьржина ас.

Гуржойн Абалла

Бацойн абалла гуржойчунна тӏехь йу. Вай кхечунна тӏедовлуш хилча, хӏокхунна тӏедовла деза. Хӏунда аьлча къаьсттина вайн маттаца йогӏуш йерг хӏара йолу дела. Дерриге а абанаш вайн цхьатера ду, цхьа ши-кхоъ доцург, уьш а долуш ду бацойн меттан дуьхьа йукъадаьхна.

[]

ა̈

[i̯ɐ]

[b]

[g]

[d]

[]

[w]

[z]

[t]

[]

[k']

[l]

ლ̒

[ɬ]

[m]

[n]


[]

ო̈

[yːə̯]

[p']

[ʒ]

[r]

[s]

[t']

[]

უ̈

[]

[p]

[k]

[ɣ]

[q']

[ʃ]

[t͡ʃ]

[t͡s]

[d͡z]

[t͡s']

[t͡ʃ']

[x]

[d͡ʒ]

[h]

[j]

[q]

[ˁ]

[f]

[ʔ]

[ʡ]

мера н

  1. «», «უ̈» тӏехьа «» хӏоьттича, уьш дахло: «», «უ̈ჲ».
  2. «», «», «», «» тӏехьа «» хӏоьттича, царах логан, къора, ӏаьржа эшарш хуьлу: «პყ» [p'ˠ], «ტყ» [t'ˠ], «წყ» [t͡s'ˠ], «ჭყ» [t͡ʃ'ˠ].
  3. «», «», «», «», «», «» тӏехьа [ˁ] хӏоьттича, царах логан, зевне эшарш хуьлу: «ბჵ» [], «დჵ» [], «ზჵ» [], «მჵ» [], «ნჵ» [], «ჟჵ» [ʒˁ].
  4. Хьалха «», «» йа «სთ» хезачохь «სთ» диллар.
  5. «» тӏехьа «» хӏоьттича, цунах къора «» хуьлу: «რჰ».
  6. «» хьалха «» хӏоьттича, цунах мера «» хуьлу: «ნგ».
  7. Мукъа йиш мера хилар гойтуш, цунна тӏехьа «» дилла:

«აჼ»

[ə̃], [ʌ̃], [ãː]

«ეჼ»

[], [ẽː], [i̯ɐ̃], [i̯ẽ], [ĩːə̯]

«იჼ»

[], [ĩː]

«ოჼ»

[], [õː], [u̯ɐ̃], [u̯õ], [ũːə̯]

«უჼ»

[], [ũː]

Кхинаш

Шира жайнашкахь нислуш йолу абаллаш.

Досера Къединиг

Къедис дуьххьарлера нохчийн маттахь йеша ӏамо жайна «Нахчуйн джуж ду хӏара» дӏахӏоттийна. Барон Усларас шен нохчийн мотт толлу жайнахь лелийна хӏара, цо йукъайаьккхинчух тера а ду хӏара. Къедис шен жайнахь лелайо хӏара.

А а

[]

Б б

[b]

В в

[w]

Г г

[g]

Ӷ ӷ

[ɣ]

Д д

[d]

Е е

[]

Ж ж

[ʒ]

Ђ ђ

[d͡ʒ]

З з

[z]

Һ һ

[h]

І і

[]

Ј ј

[j]

К к

[k]

Қ қ

[k']

Ҟ ҟ

[q]

Л л

[l]

М м

[m]

Н н

[n]

Ң ң

мера «н»

О о

[]

П п

[p]

Ԥ ԥ

[p']

Ԛ ԛ

[q']

Ꜧ ꜧ

[ʡ]

Р р

[r]

С с

[s]

Т т

[t]

Ҭ ҭ

[t']

У у

[]

Х х

[x]

X̓ x̓

[ħ]

Ц ц

[t͡s]

წ წ

[t͡s']

Ч ч

[t͡ʃ]

ჭ ჭ

[t͡ʃ']

Ш ш

[ʃ]

  1. Мукъазчунна тӏоьхула го « ̊» билча, цунна тӏаьхьа догӏучу мукъачух дӏа ца эло. Кирилличохь «ъ» санна лелош бу: «а̊», «і̊», «ј̊», «н̊», «м̊», «ш̊».
  2. Мукъачунна тӏоьхула зил хьаькхча, и дахло: «ā», «ē», «і̄», «ō», «ӯ».

Малсагера Заурбеканиг

Шен гӏалгӏайн мотт толлу жайнахь «Ингушская Грамматика» Заурбекас лелайо хӏара абалла.

A a

[]

Ä ä

Æ æ

[ə]

B b

[b]

C c

[t͡s]

Ch ch

[t͡s']

Ĉ ĉ

[t͡ʃ]

Ĉh ĉh

[t͡ʃ']

D d

[d]

E e

[]

F f

[f]

G g

[g]

Gh gh

[ɣ]

H h

[ʡ]

Ꜧ ꜧ

[h]

I i

[]

J j

[j]

K k
[k]

Kh kh

[k']

L l

[l]

M m

[m]

N n

[n]

O o

[]

Ö ö

P p

[p]

Ph рh

[p']

Q q

[q]

Qh qh

[q']

R r

[r]

S s

[s]

Š š

[ʃ]

T t

[t]

Th th

[t']

U u

[]

V v

[w]

X x

[x]

X́ x́

[ħ]

Y y

[ɨ]

Z z

[z], [d͡z]

Ž ž

[ʒ], [d͡ʒ]

  1. Хӏара шалха эшарш ду цу абаллина йукъадогӏуш: «oa» [ɔ̯ɐ], «ov» [ou̯], «ij» [ii̯].

Антон Шифнерниг

Шен нохчийн мотт толлу жайнахь «Tschetschenzische Studien» Антон Шифнерас лелайо хӏара абалла.

A a

[]

B b

[b]

C c

[t͡s]

C̣ c̣

[t͡s']

C̔ c̔

[t͡ʃ]

C̣̔ c̣̔

[t͡ʃ']

D d

[d]

E e

[]

G g

[g]

G̔ g̔

[ɣ]

H h

[h]

Ḥ ḥ

[ħ]

I i

[]

J j

[j]

K k

[k']

K̔ k̔

[k]

L l

[l]

L͓ l͓

[ɬ]

M m

[m]

N n

[n]

Ŋ ŋ

мера «н»

O o

[]

P p

[p']

P̔ p̔

[p]

Q q

[q']

R r

[r]

S s

[s]

S̔ s̔

[ʃ]

T t

[t']

T̔ t̔

[t]

U u

[]

W w

[w]

X x

[x]

X̣ x̣

[q]

Z z

[z]

Ʒ ʒ

[d͡z]

Z̔ z̔

[ʒ]

Ʒ̔ ʒ̔

[d͡ʒ]

[ʡ]

  1. «» [k], «» [p], «» [t], кирилличуьра цхьалха «к», «п», «т» ду.
  2. «k» [k'], «p» [p'], «t» [t'], кирилличуьра лога «кӏ», «пӏ», «тӏ» ду.
  3. «xk» [xk], «sk» [sk], «st» [st], «sp» [sp] кху йух-йуххехь нисдаларехь «k», «t», «p» цхьалха деша деза, лога деша ца деза, иштта: [k], [p], [t].

Кхидолу абанаш

  • къовларш «»
  • em dash —
  • en dash –
  • hyphen -
  • non-breaking hyphen ‑
  • Ѣѣ
  • ¹ ⁴ ⁵ ⁶ ⁷ ⁸ ⁹ ⁾
  • а̄ ӯ о̄ ӣ э̄ е̄
  • non-breaking new line: ALT+0160

Кхийолчу абаллийн цӏераш

Арамойн Абалла

Грецин Абалла

Финийкин Абалла

Ӏебаройн Абалла

Дешнаш

аба [абанаш дд; схьадалар: а + ба], буква

абалла [абаллаш йй; аба + алла], алфавит, шрифт

Title

My message to you!