чолхадош: цхьаьнакхаттар
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Чолхадош: цхьаьнакхаттар

Арахецна де 12.11.2025

Асланбек Йесера

Чолхадош кхуллуш хенахь цхьаьнакхаттар.

Чолхадош

Чолха цӏердош

Чолха цӏердешнаш кхузахь цхьаьна кхатта деза.

чеккхенгахь «кӏант», «йоӏ»

Шолгӏачу декъехь «кӏант» йа «йоӏ» делахь, шина кепара дилла магадо чолхадешнашкахь.

кеп I кеп II

вешийоӏ

вешин йоӏ

вешикӏант

вешин кӏант

йишийоӏ

йишин йоӏ

йишикӏант

йишин кӏант

маьхчйоӏ

маьхчин йоӏ

маьхчкӏант

маьхчин кӏант

шичйоӏ

шичин йоӏ

шичкӏант

шичин кӏант

цӏердош + ардамдош

Хьалхара дакъа цӏердош ду, шолгӏа дакъа лааме ардамдош ду. Кхузахь цу шиннах схьадаьлла чолха цӏердош цхьаьна кхатта деза.

цӏердош ардамдош чолха цӏердош

декъий

дуург

декъийдуург

«бӏешо» йа «бӏе шо»

Буьйцург бӏе шо хенан мур белахь «бӏешо» цхьаьна дуьллу, бацахь, къаьстина дуьллу:

  • Бӏешераш даьлча бен ца хиира царна хӏун хилла.
  • Берхӏийтталгӏчу бӏешарахь.
  • Воккха стеган бӏе шо ду.
  • Бӏе шо даьлча барт чекхболуш бу.

доланиг + цӏерниг

Хьалха доланиг дожар, цунна тӏехьа цӏерниг дожар хӏоьттина чолха цӏердош кхолладелча, иза цхьаьна кхатта деза. Доланиг дожаран чеккхе «ан» ца йуьллу.

доланиг цӏерниг чолха цӏерниг

деган

лаам

деглаам

къинан

хетам

къинхетам

цӏердош + цӏердош

Ши цӏердош ул-улле хӏуттуш чолха цӏердош кхоллалуш, цхьаьна кхатта деза.

цӏердош цӏердош чолха цӏердош

бо

бер

бобер

йоӏ

стаг

йоӏстаг

хан

дош

хандош

мухалдош + цӏердош

Мухалдашна тӏехьа цӏердош хӏоттарца чолха цӏердош кхоллалахь, иза цхьаьна дилла деза. Мухалдешан чеккхенгахь аларехь охьадужу «а» делахь, иза дилла деза.

мухалдош цӏердош чолха цӏердош

цӏоькъа

лом

цӏоькъалом

Чолха мухалдош

цӏерниг + мухалдош

Хьалха цӏерниг дожар, йуха чеккхенгахь мухалдош а долуш чолха мухалдош кхолладеллехь, и шиъ цхьаьна кхатта (писать, to write).

цӏердош мухалдош чолха мухалдош

дог

цӏена

догцӏена

дог

ӏаьржа

догӏаьржа

ка

маьрша

камаьрша

мотт

боьха

моттбоьха

мотт

говза

моттговза

мотт

мерза

моттмерза

мотт

шера

моттшера

са

дика

садика

са

цӏена

сацӏена

«цхьа» + мухалдош

Мухалдашна хьалха «цхьа» хӏоттарца кхолладелла куцдош, цу шинна йукъа зил кхаттарца дилла.

мухалдош «цхьа»

тера

цхьатера

Чолха цӏерметдош

дош + «волу», «верг»

Чеккхенга тӏе «волу» йа «верг» кхетарца кхолладелла цӏерметдош цхьаьна дилла.

дош «волу» «верг»

цкъацца

цкъаццаволу

цкъаццаверг

Чолха хандош

мухал/хандош + «дан», «дала»

Чолха хандешнаш кхоллалуш мухалдешнашна йа хандешнашна чеккхенгахь «дан», «дайта», «дала» йа «далийта» тӏекхеттехь, хандош цхьаьна кхатта деза.

мухалдош «дан» «дайта»

гӏийла

гӏелдан

гӏелдайта

къена

къандан

къандайта

къона

къондан

къондайта

можа

маждан

маждайта

мухалдош «дала» «далийта»

гӏийла

гӏелдала

гӏелдалийта

къена

къандала

къандалийта

къона

къондала

къондалийта

можа

маждала

маждалийта

куцдош + «даккха», «дала»

Чолха хандешнаш кхоллалуш куцдешнашна чеккхенгахь «даккха»/«даха» йа «дала»/«довла»/«дийла» тӏекхеттехь, хандош цхьаьна кхатта деза.

куцдош «даккха» «даха»

сама

самадаккха

самадаха

куцдош «дала» «довла» «дийла»

сама

самадала

самадовла

самадийла

дош + «дола»

Чолха хандешнаш кхоллалуш дешнашна чеккхенгахь «дола» тӏекхеттехь, хандош цхьаьна кхатта деза.

дош «дола»

шира

ширдола

мухалдош + «дан», «дала», «дола»

Мухалдешнийн чеккхенгахь тӏекхетарш «дан», «дайта», «дала», «далийта» йа «дола» делахь, кхолладелла хандош цхьаьна а дуьллу; йуха чеккхенгара аларехь охьадужу «а» а ца дуьллу.

мухалдош чолха хандош

гӏийла

гӏелдан

сийна

сендайта

шера

шардала

шийла

шелдалийта

шира

ширдола

куцдош + «даккха», «дала»

Куцдешнашна чеккхенгахь «даккха»/«даха» йа «дала»/«довла»/«дийла» тӏекхеташ делахь, кхолладелла чолха хандош цхьаьна а дилла; йуха чеккхенгара аларехь охьадужу «а» а дилла.

куцдош «даккха» «даха»

лаха

лахадаккха

лахадаха

куцдош «дала» «довла» «дийла»

лаха

лахадала

лахадовла

лахадийла

хандош + «дан», «дала», «даккха», «дала»

Хандашна тӏехьа «дан», «дайта», «дала», «далийта», «даккха»/«даха» йа «дала»/«довла»/«дийла» тӏекхеташ чолха хандош кхолладеллехь, цхьаьна а дилла; йуха чеккхенгара аларехь охьадужу «а» а дилла. Чеккхенгахь «дан» тӏекхетча, иза хеназчу кепехь «о»-не доьрзу: хьажо. Карарчуй, ихинчуй хенахь йуханехьа гучудолу.

хандош «дан» «дайта»

хьажа

хьажадо

хьажадайта

хандош «дала» «далийта»

хьажа

хьажадала

хьажадалийта

хандош «даккха» «даха»

лаза

лазадаккха

лазадаха

хандош «дала» «довла» «дийла»

лаза

лазадала

лазадовла

лазадийла

дешхьалхе + хандош

Хандашна хьалха дош хӏуттуш чолха хандош кхолладеллехь, йуха цуьнан шиннал сов дешдакъа а делахь, йуха цуьнан чеккхенгахь аларехь охьадужу «а» делахь, чолха хандош дуьллуш «а» а ма дилла, и чолха хандош цхьаьна а кхатта.

дешхьалхе чолха хандош

ледара

ледардала

Чолха куцдош

«цхьа» + куцдош

Куцдашна хьалха «цхьа» хӏоттарца кхолладелла куцдош, цу шинна йукъа зил кхаттарца дилла.

куцдош чолха куцдош

дикка

цхьадикка

Чолха хуттургаш

Хӏара чолха хуттургаш «бакъду», «цхьабакъду» цхьаьна кхатта йеза. Царна хьалха а, тӏехьа а цӏоьмалг йилла йеза.

чолха хуттургаш

БАКЪДУ

Ас цуьнга элира, бакъду, кхин-м эр дац

ЦХЬАБАКЪДУ

Цхьабакъду, хьоьга и дан-м лур дац.

Дакъалг

«ца» + ханцӏе

Ханцӏершна хьалха «ца» хӏоттахь, и цхьаьна дилла деза.

ханцӏе «ца»

алар

цаалар

безам

цабезам

дешар

цадешар

хьастар

цахьастар

«ца» + лааме ардамдош

Лаамечу ардамдешнашна хьалха «ца» хӏоттахь, и цхьаьна дилла деза.

ардамдош «ца»

аьлларг

цааьлларг

дезнарг

цадезнарг

дезарг

цадезарг

олург

цаолург

чолха хандош + йуккъехь «ца»

Дуккха а декъах лаьттачу, чолхачу ханцӏарна йа ардамдашна йуккъе «ца» хӏоттахь, цхьаьна дилла деза иштта чолха дош.

чолхадош йуккъехь «ца»

дӏааьлларг

дӏацааьлларг

тӏетохар

тӏецатохар

«дуьххьалдӏа», «гондӏа»

Хӏара ши дакъалг «дуьххьалдӏа», «гондӏа» цхьаьна кхатта йеза.

Чолха дагардош

цхьайтта - берхӏитта

Чеккхенгахь кхузахь йа «йтта» йа «итта» тӏетуху. Дагардош мукъачу эшарца йа «ъ»-ца чекхдолуш делахь «йтта» тӏетоха, мукъазчу эшарца чекхдолуш делахь «итта» тӏетоха.

дагардош «йтта»

цхьаъ

цхьайтта

шиъ

шийтта

кхоъ

кхойтта

диъ

дейтта

пхиъ

пхийтта

дагардош «итта»

йалх

йалхитта

ворхӏ

вуьрхӏитта

бархӏ

берхӏитта

Title

My message to you!