чолхадош: зилца кхаттар
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Чолхадош: зилца кхаттар

Арахецна де 12.11.2025

Асланбек Йесера

Чолхадош кхуллуш хенахь йуккъе зил хьокхуш кхаттар.

Чолхадош

Чолха цӏердош

Кхузахь чолха цӏердешнаш йуккъе зил хьокхуш кхатта деза.

гулдош

Гулдош кхуллуш дешнашна йуккъе боца зил хьакха.

хьалхарниг шолгӏаниг чолха цӏердош

йиш

ваша

йиш-ваша

кад

ӏайг

кад-ӏайг

эхь

бехк

эхь-бехк

доларцӏе

Чолха доларцӏе кхуллуш, шинна а дакъана йуккъе зил а хьакха, йуха ший а дакъа доккха абанца дӏа а доладе.

хьалхарниг шолгӏаниг чолха доларцӏе

Дукха

Ваха

Дукха-Ваха

Дукха

Йаха

Дукха-Йаха

Лом

Эла

Лом-Эла

Майра

Эла

Майра-Эла

цӏердош йуххедиллар

Йуххедиллина цӏердош долуш, чолха цӏердош кхоьллина делахь, цу шинна йуккъе боца зил хьакха.

йуххедиллар цӏердош чолха цӏердош

зуда

борз

зуда-борз

йоӏ

лазархо

йоӏ-лазархо

йоӏ

лор

йоӏ-лор

йоӏ

тӏемало

йоӏ-тӏемало

йоӏ

хахкархо

йоӏ-хахкархо

кӏант

лазархо

кӏант-лазархо

кӏант

лор

кӏант-лор

кӏант

тӏемало

кӏант-тӏемало

кӏант

хахкархо

кӏант-хахкархо

маӏа

вир

маӏа-вир

нана

вир

нана-вир

карладаккхар

Лааме мухалдош карладоккхуш кхоьллина чолха лааме мухалдош йуккъе боца зил хьокхуш дилла. Хьалхарчу декъехь хьалхара коьрта дешдакъа бен ца дуьллу.

мухалдош чолха лааме мухалдош

вониг

вон-вониг

доцаниг

доц-доцаниг

халаниг

хал-халаниг

Чолха мухалдош

доланиг дешнаш

Дуккха а доланиг дожарш уллехӏуьттуш чолха мухалдош кхоллалахь, дакъошна йуккъе боца зил хьакха.

доланиг доланиг чолха доланиг

нохчойн

гӏалгӏойн

нохчойнгӏалгӏойн

нохчойн

бацойн

нохчойнбацойн

Тӏеалар: кхоъ ул-уллехь нисдала а там бу: нохчойн‑гӏалгӏойн‑бацойн дошам.

мухалдош + мухалдош

Ши мухалдош ул-улле хӏоьттина мухалдош кхолладеллехь, цу шинна йуккъе зил хьакха.

мухалдош мухалдош чолха мухалдош

сирла

баьццара

сирла-баьццара

таьӏна

баьццара

таьӏна-баьццара

хаза

дика

хаза-дика

дустург + мухалдош

Мухалдашна хьалха дустург дожар хӏоьттина мухалдош кхолладеллехь, цу шинна йуккъе боца зил хьакха беза.

дустург мухалдош чолха мухалдош

бурул

можа

бурул-можа

кӏарул

ӏаьржа

кӏарул-ӏаьржа

шурул

кӏайн

шурул-кӏайн

карладаккхар

Мухалдош карладоккхуш кхоьллина чолха мухалдош йуккъе боца зил хьокхуш дилла. Мухалдешан чеккхенгахь аларехь охьадужу «а» делахь, карладоккхуш хьалхарчун декъачуниг ма дилла.

мухалдош чолха мухалдош

вон

вон-вон

доца

доц-доца

хала

хал-хала

Чолха дагардош

декъаран дагардош

Декъаран дагардешнаш йуккъе зил хьокхуш дохку. Кхузахь «цам», «диъ», «йалх», «ворхӏ», «бархӏ», «исс», «итт», «бӏе» карла а доккхуш, йуха йуккъе зил хьокхуш дилла.

дагардош декъардош

цам

цам-цам

диъ

диъ-диъ

йалх

йалх-йалх

ворхӏ

ворхӏ-ворхӏ

бархӏ

бархӏ-бархӏ

исс

исс-исс

итт

итт-итт

бӏе

бӏе-бӏе

Чеккхенгахь «та», «ткъа», «на» йа «бахь» долу чолха дагардешнашкахь, царна хьалхара дакъа бен хьалхарчу декъехь ма дилла. Йуха «ворхӏ»-на, «бархӏ»-на тӏехьа долу «хӏ», «йалх»-на тӏехьа долу «х» ма дилла карладоккхуш хьалхарчу декъехь. Кхузахь «шовзткъа» карладоккхуш хьалхара «шов» бен хьалхарчу декъехь ма дилла.

дагардош декъардош

цхьайтта

цхьайт-цхьайтта

шийтта

шийт-шийтта

кхойтта

кхойт-кхойтта

дейтта

дейт-дейтта

пхийтта

пхийт-пхийтта

йалхитта

йал-йалхитта

вуьрхӏитта

вуьр-вуьрхӏитта

берхӏитта

бер-берхӏитта

ткъоьсна

ткъоьс-ткъоьсна

шовзткъа

шов-шовзткъа

кхузткъа

кхуз-кхузткъа

доьзтка

доьз-доьзтка

атбахь

ат-атбахь

чолха къастамза мосалдош

Къастамза мосалдош кхуллуш йуккъе зил хьакха беза. Чеккхенгахь «ъ» делахь, иза хьалхарчу декъахь ма дилла. Ткъа «диъ»-на йуккъахь дерг хьалхарчу декъахь а дилла. Шолгӏа дакъа иза гуттара рогӏера дагардош хуьлу.

дагардош къастамза мосалдош

цхьаъ

цхьа-шиъ

шиъ

ши-кхоъ

кхоъ

кхо-диъ

диъ

диъ-пхиъ

пхиъ

пхи-йалх

йалх

йалх-ворхӏ

ворхӏ

ворхӏ-бархӏ

бархӏ

бархӏ-исс

исс

исс-итт

итт

итт-цхьайтта

цхьайтта

цхьайтта-шийтта

Чолха цӏерметдош

карладаккхар

Цӏерметдош карладаккхарца кхолладелла чолха цӏерметдош боца зил хьакхарца дуьллу. Хьалхарчу декъехь хьалхара коьрта дакъа бен ма дилла. Аларехь охьадужу «а» делахь, иза а ма дилла.

цӏерметдош карладаккхар

муьлха

муьлх-муьлха

Чолха ардамдош

Ардамдешан бух карлабоккхуш кхолладелла чолха ардамдош йуккъе зил хьокхуш дуьллу. Карчадоккху ардамдош чолха делахь, цунна тӏаьхььара дакъа схьа а эций, карла а даккхий, цултӏаьхьа хьалхара дакъа йуханехьа тӏетоха: дӏалачкъийна > лачкъийна > лачкъ-лачкъийна > дӏалачкъ-лачкъийна.

хьалхара дакъа + «дина»

Чеккхенгахь «дина» делахь, цунна хьалхара дакъа карладаккха.

ардамдош чолха ардамдош лаамениг

гӏелдина

гӏел‑гӏелдина

гӏел‑гӏелдинарг

дакъдина

дакъ‑дакъдина

дакъ‑дакъдинарг

дацдина

дац‑дацдина

дац‑дацдинарг

шардин

шар‑шардина

шар‑шардинрг

чеккхенгахь «ийна»

Ардамдешан чеккхенгахь «ийна» делахь, цунна хьалхара дакъа карладаккха.

ардамдош чолха ардамдош лаамениг

дажийна

даж‑дажийна

даж‑дажийнарг

дацийна

дац‑дацийна

дац‑дацийнарг

дӏалачкъийна

дӏалачкъ‑лачкъийна

дӏалачкъ‑лачкъийнарг

лачкъийна

лачкъ‑лачкъийна

лачкъ‑лачкъийнарг

хьастийна

хьаст‑хьастийна

хьаст‑хьастийнарг

ши дешдакъа

Ардамдешан ши дешдакъа бен дацахь, йа чолха ардамдешан тӏаьххьара дакъа ши дешдакъа бен доцу ардамдош делахь, чеккхенгахь аларехь охьадужу «а» карладоккхуш хьалхарчу декъехь ма дилла.

ардамдош чолха ардамдош лаамениг

дӏагина

дӏагин‑гина

дӏагин‑гинарг

гина

гин‑гина

гин‑гинарг

дина

дин‑дина

дин‑динарг

лийна

лийн‑лийна

лийн‑лийнарг

ӏийна

ӏийн‑ӏийна

ӏийн‑ӏийнарг

чеккхенгахь «на»

Ардамдешан чеккхенгахь «на» делахь, цунна хьалхара дакъа бен карладоккхуш хьалхарчу декъехь ма дилла. Цу йуккъера «н» цунна хьалхарчу абанах дӏатарделлехь а, бен дац: «да», «ла», «та», «тӏа» и. дӏ. кх.

ардамдош чолха ардамдош лаамениг

даьлла

даьл‑даьлла

даьл‑даьлларг

даьттӏа

даьтӏ‑даьттӏа

даьтӏ‑даьттӏарг

делла

дел‑делла

дел‑делларг

дахна

дах‑дахна

дах‑дахнарг

дӏадахна

дӏадах‑дахна

дӏадах‑дахнарг

чеккхенгахь «а» йа «у»

Карарчу хена ардамдешан чеккхенгара «а» йа «у» дӏа а доккхий, цунна хьалхара дакъа бен карладоккхуш хьалхарчу декъехь ца дуьллу.

ардамдош чолха ардамдош лаамениг

деха

дех‑деха

дех‑дехарг

доьлу

доьл‑доьлу

доьл‑доьлург

доьшу

доьш‑доьшу

доьш‑доьшург

дӏадоьшу

дӏадоьш‑доьшу

дӏадоьш‑доьшург

теша

теш‑теша

теш‑тешарг

Чолха тӏеардамдош

чӏагӏдина тӏеардамдош

Кхетам чӏагӏбен тӏеардамдашехь чеккхенгара мукъа йиш озочохь зил хьакха.

тӏеардамдош чӏагӏдина IPA

гуш

гу-уш

[guːʃ]

деш

де-еш

[di̯ɐːʃ]

дехаш

деха-аш

[deːxaːʃ]

доьшуш

доьшу-уш

[dyːə̯ʃaːʃ]

олуш

олу-уш

[oːlaːʃ]

тешаш

теша-аш

[tiːə̯ʃaːʃ]

тӏеардамдош чӏагӏдина IPA

даьлла

даьлла-а

[di̯ɐlːaː]

делла

делла-а

[delːaː]

дешна

дешна-а

[di̯ɐʃna]

дина

дина-а

[dinaː]

карладаьккхина тӏеардамдош

Тӏердамдош карладоккхуш делахь, царна йуккъе зил кхатта.

тӏеардамдош карладаккхар

дехаш

дех-дехаш

доьлуш

доьл-доьлуш

олуш

ол-олуш

хьостуш

хьост-хьостуш

чӏагӏдина карладаьккхина тӏеардамдош

Тӏердамдош карладоккхуш а, чӏагӏдеш а делахь, царна йуккъе а зил кхатта, йуха чеккхенгахь мукъа йиш озочохь а зил хьакха.

карладаккхар чӏагӏдар

дех-дехаш

дех-деха-аш

доьл-доьлуш

доьл-доьлу-уш

ол-олуш

ол-олу-уш

хьост-хьостуш

хьост-хьосту-уш

Чолха куцдош

бух карлабаккхар

Бух карла а болуш куцдош кхолладеллехь, царна йуккъе зил хьакха.

куцдош карладаккхар

бусахь

бус-бусахь

кепара

кеп-кепара

сиха

сих-сиха

татдош + «аьлла»

Татдашна тӏехьа «аьлла» хӏоттарца куцдош кхолладеллехь, цу шинна йукъа зил хьакха.

татдош чолха куцдош

тӏах

тӏах-аьлла

«дедда-йукъа», «йукъ-кара»

Хӏара «дедда-йукъа», «йукъ-кара» шиъ йуккъе зил кхаттарца дуьллу.

Чолха айдардош

Айдардешнахь тӏаьхьий, хьалхий хӏуьттуш чолха айдардош кхолладеллехь, царна йуккъе зил хьакха.

дош чолха айдардош

дӏов

дӏов-дӏов

къа

къа-йаӏ

хьа

хьа-хьа-хьа

цӏса

цӏса-цӏса-цӏса

чолха айдардош + «кх»

Чолха айдардош чӏагӏдеш чеккхенгахь «кх» тӏетухуш йелахь, зил хьокхуш тӏетоха.

чолха айдардош «кх»

къа-йаӏ

къа-йаӏ-кх

оввай

оввай-кх

Чолха дешхьалхе

Ши дешхьалхе йух-йуххе хӏоттарца чолха дешхьалхе кхоллайеллехь, цу шинна декъана йуккъе зил хьакха.

хьалхарниг шолгӏаниг чолха дешхьалхе

дӏай

схьай

дӏай-схьай

хьала

охьа

хьала-охьа

Дакъалгаш

Чеккхенгахь «кх», «кхи», «кха», «м», «х», «теша», «те», «техьа», «ца» хӏара дакъалгаш тӏетухуш, царна хьалха зил хьакха.

хандош хандош + дакъалг

дан

дан-м дина

дина

дина-кх

дина

дина-кхи

дина

дина-те

дина

дина-техьа

дина

дина-теша

дина

дина-ца

диний

диний-кхи

диний

диний-те

диний

диний-техьа

диний

диний-теша

диний

диний-ца

кхаьрдина

кхаьрдина-кх

кхаьрдина

кхаьрдина-кхи

кхаьрдина

кхаьрдина-те

кхаьрдина

кхаьрдина-техьа

кхаьрдина

кхаьрдина-теша

кхаьрдина

кхаьрдина-ца

кхардийна

кхардийна-кх

кхардийна

кхардийна-кхи

кхардийна

кхардийна-те

кхардийна

кхардийна-техьа

кхардийна

кхардийна-теша

кхардийна

кхардийна-ца

«ма»

Хьалха «ма» хӏоьттича цунна тӏехьа зил хьакха беза, цунна тӏехьарчу хандешан бухара мукъаза йиш шалхадалахь; ца далахь, къаьстина кхатта деза.

хандош къаьстина зилца

ду

ма ду

ма-дду

олу

ма олу

ма-оллу

хӏан-хӏа

Дацарниг «хӏан-хӏа» йуккъе зил кхаттарца дуьллу.

Йукъадало дош

Йукъадало дешнаш йуккъе зил хьакхарца дохку. Шолгӏа дакъа «делахь» ду.

дагардош йукъадало дош

цкъа

цкъа‑делахь

шиъ

шолгӏа‑делахь

рогӏаллиниг

Рогӏаллин йукъадало дешнаш йуккъе зил хьакхарца дохку.

дагардош рогӏаллин йукъадало дош

цхьаъ

цхьозлагӏа‑делахь

шиъ

шозлагӏа‑делахь

Title

My message to you!