чолхадош: къаьстинакхаттар
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Чолхадош: къаьстинакхаттар

Арахецна де 10.11.2025

Асланбек Йесера

Чолхадош кхуллуш хенахь къаьстина кхаттар.

Чолхадош

Чолха дош

Чолха дешнаш кхузахь къаьстина кхатта деза.

Ах

Хьалха «ах» хӏуттуш делахь, иза къаьстина дилла.

Цӏердашна хьалха хӏуттуш.

ах цӏердош чолха цӏердош

ах

дош

ах дош

ах

корта

ах корта

ах

ницкъ

ах ницкъ

ах

пхьарс

ах пхьарс

Мухалдашна хьалха хӏуттуш.

ах цӏердош чолха мухалдош

ах

вон

ах вон

ах

деха

ах деха

ах

дика

ах дика

ах

мукъа

ах мукъа

Хандашна хьалха хӏуттуш.

ах цӏердош чолха хандош

ах

даа

ах даа

ах

декъа

ах декъа

ах

деша

ах деша

ах

дилла

ах дилла

тӏеалар: кхузахь – ахдаккха, ахдаха, ахдала, ахдовла, ахдийла – цхьаьна кхатта деза.

Чолха мухалдош

дош + «долу», «дерг», «доцу», «доцург»

Хӏара «долу», «дерг», «доцу», «доцург» ардамдешнаш кхидолу дешнашна тӏехьа хӏуьттуш хенахь, уьш къаьстина дахка деза

«долу» «дерг»

бакъо йолу

бакъо йерг

дийр долу

дийр дерг

доьшур долу

доьшур дерг

жима долу

жима дерг

хаза долу

хаза дерг

хала долу

хала дерг

«доцу» «доцург»

бакъо йоцу

бакъо йоцург

дийр доцу

дийр доцург

доьшур доцу

доьшур доцург

жима доцу

жима доцург

хаза доцу

хаза доцург

хала доцу

хала доцург

Чолха дагардош

«ткъа», «бӏе», «атбахь»

Хьалха йа тӏехьа «ткъа», «бӏе», «атбахь» хӏоттарца чолха дагардош кхолладеллехь, иза къаьстина дилла деза.

дагарг чолха дагардош

30

ткъе итт

32

ткъе шийтта

39

ткъе ткъоьсна

110

бӏе итт

120

бӏе ткъа

140

бӏе шовзткъа

200

ши бӏе

1016

атбахь йалхитта

1511

атбахь пхи бӏе цхьайтта

1200

атбахь ши бӏе

2000

ши атбахь

Цӏерметдош

йаххьийниг + доладерзорниг

Йаххьий, доладерзорий цӏерметдош тӏехьий, хьалхий дагӏахь; и шиъ къаьстина дилла.

дожар цхьаьнадар

цӏераниг

со со

доланиг

сан сайн

лург

суна сайна

дийриг

ас айса

коьчалниг

соьца сайца

хотталург

сох сайх

меттигниг

соьга сайга

дустург

сол сайл

Доланиг дожарх схьайевлла лааме кепаш а къаьстина кхатта.

доланиг лаамениг

сан сайн

сан сайниг

хьан хьайн

хьан хьайниг

цуьнан шен

цуьнан шениг

кхуьнан шен

кхуьнан шениг

хӏокхуьнан шен

хӏокхуьнан шениг

вайн вешан

вайн вешаниг

тхан тхешан

тхан тхешаниг

шун шайн

шун шайниг

церан шайн

церан шайниг

кхеран шайн

кхеран шайниг

хӏокхеран шайн

хӏокхеран шайниг

Дешхьалхе

чолха дешхьалхе + хандош

Хандашна хьалха чолха дешхьалхе хӏоттахь, и шиъ къаьстина дилла.

чолха дешхьалхе чолха хандош

хьала-охьа

хьала-охьа даха

Дештӏаьхье

цӏердош + «дуьхьа», «лаьцна»

Цӏердашна тӏехьа «дуьхьа» йа «лаьцна» хӏуттуш делахь, къаьстина кхатта. Цӏердашна тӏехьа хӏуттург «дуьхьа» йелахь, цӏердош доланиг дожарехь хила деза; ткъа тӏехьа хӏуттург «лаьцна» йелахь, цӏердош хотталург дожарехь хила деза.

цӏердош цӏердош + дештӏаьхье

Дела

Делан дуьхьа

да

дех лаьцна

нана

ненан дуьхьа

со

сох лаьцна

цӏердош + дешхьалхе

Шайолу дешхьалхенаш дештӏаьхьенаш санна лело мега. Иштта лелош йелахь къаьстина йахка. Дукха хьолахь дешхьалхе цӏердашна тӏехьа хӏуттуш, цӏердош доланиг дожарехь хила деза. Кхузахь чеккхенгара «на» шена лаахь; дилла а, ца дилла а мега.

цӏердош цӏердош + дештӏаьхье

дешар

дешар(на) тӏехь

са

си(на) тӏехь

Хуттургаш

дагарден «а»

Дагардеш лело «а» дашна тӏехьа къаьстина а дуьллу, цунна тӏаьхьа цӏоьмалг а йуьллу.

хьалхарниг шолгӏаниг дагардар

да

нана

да а, нана а

даха

деша

даха а, деша а

хӏоттаман хуттургаш

Хӏоттаман хуттургаш къаьстина кхатта.

хӏоттаман хуттургаш

аьлча а

делахь а

хӏунда аьлча

Дакъалг

«ца» + хандош

Хандашна хьалха дацарниг «ца» хӏоттахь, иза къаьстина йилла.

хандош «ца»

го

ца го

дина

ца дина

лийна

ца лийна

хьастийна

ца хьастийна

«ца» + ардамдош

Йогӏучу хенан лаамечу ардамдашна хьалха дацарниг «ца» хӏоттахь, иза къаьстина дилла.

ардамдош «ца»

доьшу дерг

ца доьшу дерг

«ма» + тӏедилларкеп

Тӏедилларкепана хьалха дацарниг «ма» хӏоттахь, иза къаьстина дилла.

тӏедиллар «ма»

ала

ма ала

декъа

ма декъа

деша

ма деша

хьаста

ма хьаста

чолха хандашна йуккъехь «ма», «ца»

Чолха хандашна «ма» йа «ца» йуккъе хӏоттахь, чолха хандош декъа а лой, къаьстина дуьллу.

хандош йуккъехь «ма»  йуккъехь «ца»

дӏадеша

дӏа ма деша

дӏа ца доьшу

тӏетоха

тӏе ма тоха

тӏе ца туху

«ца» + ардамдош

Лаамзчу ардамдашна хьалха «ца» хӏоттахь, иза къаьстина кхатта.

ардамдош «ца»

деза

ца деза

дезна

ца дезна

дешна

ца дешна

доьшу

ца доьшу

«ца» + тӏеардамдош

Тӏеардамдашна хьалха «ца» хӏоттахь, иза къаьстина кхатта.

тӏеардамдош «ца»

дезаш

ца дезаш

доьшуш

ца доьшуш

«дела», «дера», «ма», «мел», «бен», «хьуна»

Хӏара дакъалгаш «дела», «дера», «ма», «мел», «бен », «хьуна» къаьстина кхатта йеза.

дош дакъалг + дош

ду

бен ду

ду

ду хьуна

доьшу

мел доьшу

олу

дера олу

олу

ма олу

со

со бен

хьожу

хьожу дела

хьожу

хьожу дера

Йукъадало дош

хьуна

Шолгӏа дакъа «хьуна» делахь, къаьстина кхатта деза.

дош дош + хьуна

дуй

дуй хьуна

деца

деца хьуна

Title

My message to you!