Нохчийн маттахь цхьацца дешнаш ду шайна тӏехьа "ъ" долуш. Ишта дешнаш легош хенахь "ъ" дӏа а даьккхина, цултӏаьхьа дожаран чеккхе тӏетоха йеза.
дожар | дош |
---|---|
цӏерниг |
кхаъ |
доланиг |
кхоан |
лург |
кхоана |
дийриг |
кхоо |
коьчалниг |
кхоаца |
хотталург |
кхоах |
меттигниг |
кхое |
дустург |
кхоал |
Тӏеалар: Тидаме лаца кхузахь "ъ" дӏадаьккхича чекхдолуш цахилар. Кхин а тӏе бухара мукъа эшар "а" хийца а делла "о"-не дирзина хилар. Массо а дешан ишта хийцадалар дагахь ӏамо деза.