цӏердош: чеккхенгахь «и» йа «у» дерш легор
Марша вогӏийла, хьаша, чоьхьавала

Цӏердош: чеккхенгахь «и» йа «у» дерш легор

Арахецна де 30.03.2025

Асланбек Йесера

Чеккхенгахь «и» йа «у» делахь, дожаран чеккхе йеккъа тӏетоха.

Цӏердош

Чеккхе «и», «у»

Нохчийн маттахь чеккхенгахь «и» йа «у» долу дешнаш легор:

I.

Чеккхенгахь «и» делахь, йуха дешан шиъ йа сов дешдакъа а делахь, хотталурггий, дустурггий, тӏехьдерггий дожаршкахь «и» охьа а дожадей, «ех», «ел», «ехь» тӏетоха.

дожар дош

цӏерниг

лами

доланиг

ламин

лург

ламина

дийриг

ламино

коьчалниг

ламица

хотталург

ламех

куьцаниг

ламиха

меттигниг

ламига

доллург

ламигахь

долург

ламигара

хадорг

ламигахула

агӏонниг

ламигахьа

агӏорниг

ламигахьара

агӏохадорг

ламигахьахула

дозаниг

ламигац

дустург

ламел

саннарг

ламелла

тӏедолург

лами

тӏехьдерг

ламехь

тӏерадуссург

ламира

йуккъедолург

ламила

йуккъехьдерг

ламилахь

йуккъерниг

ламилара

III.

Чеккхенгара «у» деха делахь, хотталурггий, дустурггий, тӏехьдерггий дожаршкахь доца деша.

дожар дош

цӏерниг

аьрзу

доланиг

аьрзун

лург

аьрзуна

дийриг

аьрзуно

коьчалниг

аьрзуца

хотталург

аьрзух

куьцаниг

аьрзуха

меттигниг

аьрзуне

доллург

аьрзунехь

долург

аьрзунера

хадорг

аьрзунехула

агӏонниг

аьрзунехьа

агӏорниг

аьрзунехьара

агӏохадорг

аьрзунехьахула

дозаниг

аьрзунец

дустург

аьрзул

саннарг

аьрзулла

тӏедолург

аьрзу

тӏехьдерг

аьрзухь

тӏерадуссург

аьрзура

йуккъедолург

аьрзула

йуккъехьдерг

аьрзулахь

йуккъерниг

аьрзулара

IV.

Чеккхенгахь «и» делахь, йуха дешан цхьа дешдакъа бен дацахь, хотталурггий, дустурггий, тӏехьдерггий дожаршкахь «х», «л», «хь» тӏехьа тӏетоха.

дожар дош

цӏерниг

хи

доланиг

хин

лург

хина

дийриг

хино

коьчалниг

хица

хотталург

хих

куьцаниг

хиха

меттигниг

хине

доллург

хинехь

долург

хинера

хадорг

хинехула

агӏонниг

хинехьа

агӏорниг

хинехьара

агӏохадорг

хинехьахула

дозаниг

хинец

дустург

хил

саннарг

хилла

тӏедолург

хи

тӏехьдерг

хихь

тӏерадуссург

хира

йуккъедолург

хила

йуккъехьдерг

хилахь

йуккъерниг

хилара

Title

My message to you!