цӏердош: чеккхенгахь «ие» йа «уо» дерш легор
Марша вогӏийла, хьаша, чоьхьавала

Цӏердош: чеккхенгахь «ие» йа «уо» дерш легор

Арахецна де 31.03.2025

Асланбек Йесера

Чеккхенгахь «ие» йа «уо» делахь, йуккъе «н» дуьллуш тӏетоха дожаран чеккхе.

Цӏердош

Чеккхе «е», «о»

Цхьацца дешнаш нохчийн маттахь чеккхенгахь «е» [iːə̯] йа «о» [uːə̯] долуш хуьлу. Уьш легош дашний, дожаран чеккхенний йукъа «н» дилла деза.

дожар дош IPA

цӏерниг

бӏаьсте

[bˁi̯ɐstiːə̯]

доланиг

бӏаьстенан

[bˁi̯ɐstiːə̯n]

лург

бӏаьстенна

[bˁi̯ɐsti̯ɐnː]

дийриг

бӏаьстено

[bˁi̯ɐstiːə̯nuːə̯]

коьчалниг

бӏаьстенца

[bˁi̯ɐsti̯ɐnt͡s]

хотталург

бӏаьстенах

[bˁi̯ɐstiːə̯nəx]

куьцаниг

бӏаьстенаха

[bˁi̯ɐstiːə̯nəx]

меттигниг

бӏаьстене

[bˁi̯ɐsti̯ɐng]

доллург

бӏаьстенехь

[bˁi̯ɐsti̯ɐngʌħ]

долург

бӏаьстенера

[bˁi̯ɐsti̯ɐngər]

хадорг

бӏаьстенехула

[bˁi̯ɐsti̯ɐngxul]

агӏонниг

бӏаьстенехьа

[bˁi̯ɐsti̯ɐngħaː]

агӏорниг

бӏаьстенехьара

[bˁi̯ɐsti̯ɐngħaːr]

агӏохадорг

бӏаьстенехьахула

[bˁi̯ɐsti̯ɐngħaːxul]

дозаниг

бӏаьстенец

[bˁi̯ɐsti̯ɐngət͡s]

дустург

бӏаьстенал

[bˁi̯ɐstiːə̯nəl]

саннарг

бӏаьстеналла

[bˁi̯ɐstiːə̯nəlː]

тӏедолург

бӏаьстена

[bˁi̯ɐstiːə̯n]

тӏехьдерг

бӏаьстенахь

[bˁi̯ɐstiːə̯nʌħ]

тӏерадуссург

бӏаьстенара

[bˁi̯ɐstiːə̯nər]

йуккъедолург

бӏаьстенала

[bˁi̯ɐstiːə̯nəl]

йуккъехьдерг

бӏаьстеналахь

[bˁi̯ɐstiːə̯nlʌħ]

йуккъерниг

бӏаьстеналара

[bˁi̯ɐstiːə̯nlər]

дожар дош IPA

цӏерниг

хало

[xəluːə̯]

доланиг

халонан

[xəluːə̯n]

лург

халонна

[xəlu̯ɐnː]

дийриг

халоно

[xəluːə̯nuːə̯]

коьчалниг

халонца

[xəlu̯ɐnt͡s]

хотталург

халонах

[xəluːə̯nəx]

куьцаниг

халонаха

[xəluːə̯nəx]

меттигниг

халоне

[xəlu̯ɐng]

доллург

халонехь

[xəlu̯ɐngʌħ]

долург

халонера

[xəlu̯ɐngər]

хадорг

халонехула

[xəlu̯ɐngxul]

агӏонниг

халонехьа

[xəlu̯ɐngħaː]

агӏорниг

халонехьара

[xəlu̯ɐngħaːr]

агӏохадорг

халонехьахула

[xəlu̯ɐngħaːxul]

дозаниг

халонец

[xəlu̯ɐngət͡s]

дустург

халонал

[xəluːə̯nəl]

саннарг

халоналла

[xəluːə̯nəlː]

тӏедолург

халона

[xəluːə̯n]

тӏехьдерг

халонахь

[xəluːə̯nʌħ]

тӏерадуссург

халонара

[xəluːə̯nər]

йуккъедолург

халонала

[xəluːə̯nəl]

йуккъехьдерг

халоналахь

[xəluːə̯nlʌħ]

йуккъерниг

халоналара

[xəluːə̯nlər]

Title

My message to you!