цӏердош - чеккхенгахь "ие" йа "уо" долу дешнаш легор

Цӏердош - чеккхенгахь "ие" йа "уо" долу дешнаш легор

Арахецна де 31.03.2025

Асланбек Йесера

Чеккхенгахь "ие" йа "уо" делахь, йуккъе "н" дуьллуш тӏетоха дожаран чеккхе.

Цхьацца дешнаш нохчийн маттахь чеккхенгахь "е" [iːə̯] йа "о" [uːə̯] долуш хуьлу. Уьш легош дашний, дожаран чеккхенний йукъа "н" дилла деза.

дожар дош IPA

цӏерниг

бӏаьсте

[bˁæstiːə̯]

доланиг

бӏаьстенан

[bˁæstiːə̯n]

лург

бӏаьстенна

[bˁæsti̯ɐnː]

дийриг

бӏаьстено

[bˁæstiːə̯nuːə̯]

коьчалниг

бӏаьстенца

[bˁæsti̯ɐnt͡s]

хотталург

бӏаьстенах

[bˁæstiːə̯nəx]

меттигниг

бӏаьстенга,

бӏаьстене

[bˁæsti̯ɐng],

[bˁæstiːə̯niːə̯]

дустург

бӏаьстенал

[bˁæstiːə̯nəl]

дожар дош IPA

цӏерниг

хало

[xəluːə̯]

доланиг

халонан

[xəluːə̯n]

лург

халонна

[xəlu̯ɐnː]

дийриг

халоно

[xəluːə̯nuːə̯]

коьчалниг

халонца

[xəlu̯ɐnt͡s]

хотталург

халонах

[xəluːə̯nəx]

меттигниг

халонга,

халоне

[xəlu̯ɐng],

[xəluːə̯niːə̯]

дустург

халонал

[xəluːə̯nəl]

Title

My message to you!