цӏердош - дукхаллин кепаш легор
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Цӏердош - дукхаллин кепаш легор

Арахецна де 04.04.2025

Асланбек Йесера

Дукхаллин кепаш нийса легор.

I. Чеккхенгахь "-аш" делахь, ишта легайо дукхаллин кеп:

дожар дош

цӏерниг

месаш

доланиг

месийн

лург

месашна

дийриг

месаша

коьчалниг

месашца

хотталург

месех

меттигниг

месашка

дустург

месел

II. Чеккхенгахь "-еш" делахь, легар ишта ду:

дожар цхьаъ дукха

цӏерниг

илли

иллеш

доланиг

иллин

иллийн

лург

иллина

иллешна

дийриг

иллино

иллеша

коьчалниг

иллица

иллешца

хотталург

иллех

иллех

меттигниг

иллига

иллешка

дустург

иллел

иллел

Кхузахь тидамбе хотталурггий, дустурггий дожарш цхьаллин а, дукхаллин кепехь цхьатера хилар. Хьалха цхьаллин кепаш ишта йар: иллих, иллил.

III. Чеккхенгахь "-ий" долу дешнийн легар ишта ду:

дожар дош

цӏерниг

черчий

доланиг

черчийн

лург

черчашна

дийриг

черчаша

коьчалниг

черчашца

хотталург

черчех

меттигниг

черчашка

дустург

черчел

Доланиг дожарехь тӏехьа "-н" тӏетуху, кхечанхьа "-ий" дӏа а доккхий, дожаран чеккхе тӏетуху.

IV. Чеккхенгахь "-ой" делахь, доланиггий, хотталурггий, дустурггий дожаршкахь "-й" дӏа а ца доккхуш чеккхе тӏетуху, кхечанхьа дӏа а доккхуш чеккхе тӏетуху.

дожар дош

цӏерниг

наной

доланиг

нанойн

лург

наношна

дийриг

наноша

коьчалниг

наношца

хотталург

нанойх

меттигниг

наношка

дустург

нанойл

дожар дош

цӏерниг

белхалой

доланиг

белхалойн

лург

белхалошна

дийриг

белхалоша

коьчалниг

белхалошца

хотталург

белхалойх

меттигниг

белхалошка

дустург

белхалойл

V. Цхьацца долу дешнийн шайн кепара легар хуьлу.

дожар дош

цӏерниг

дай

доланиг

дайн

лург

дайшна

дийриг

дайша

коьчалниг

дайшца

хотталург

дайх

меттигниг

дайшка

дустург

дайл

Title

My message to you!