цӏердош - дукхаллин дагаран чеккхе "-ш", "-аш", "-еш"
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Цӏердош - дукхаллин дагаран чеккхе "-ш", "-аш", "-еш"

Арахецна де 01.03.2025

Асланбек Йесера

-

Дукхаллин дагар кхуллуш "-ш", "-аш" йа "-еш" дуьллу

I. Шиъ йа сов дешдакъа долчу, чеккхенгахь "-л" йа "-р" долчу дешнашкахь "-ш" дуьллу, тӏаьххьарчу дешдекъехь доца [ə] хезаш делахь:

цхьаллин дагар дукхаллин дагар

дийцар

дийцарш

алар

аларш

басар

басарш

II. Дукхаллин дагар кхоллуш йуккъе "-ар" хӏуттуш делахь, "-ш" дуьллу:

цхьаллин дагар дукхаллин дагар

диг

дагарш

III. Шиъ йа сов дешдакъа долчу дешан дукхаллин дагар кхоллуш йуккъе "-р" хӏуттуш делахь, "-ш" дуьллу:

цхьаллин дагар дукхаллин дагар

кхоза

кхозарш

IV. Дукхаллин дагар кхоллуш йуккъе "-м" йа "-н" хӏуттуш делахь, "-аш" дуьллу:

цхьаллин дагар дукхаллин дагар

лаг

лагнаш

V. Цхьа дешдакъа долчу дешан дукхаллин дагар кхоллуш йуккъе "-р" хӏуттуш делахь, "-аш" дуьллу:

цхьаллин дагар дукхаллин дагар

нуй

нораш

VI. Шиъ йа сов дешдекъах лаьттачу, чеккхенгахь "-и" долчу дешан "-и" охьа а дожадой, "-еш" дуьллу:

цхьаллин дагар дукхаллин дагар

гали

галеш

VII. Цхьа дешдекъах лаьттачу, чеккхенгахь "-и" долчу дашна "-ш" тӏетуху:

цхьаллин дагар дукхаллин дагар

хи

хиш

VIII. Кхечанхьа "-аш" дуьллу:

цхьаллин дагар дукхаллин дагар

лаг

легаш

Title

My message to you!