цӏердош - дагардеш "-й", "-ий" нийса диллар

Цӏердош - дагардеш "-й", "-ий" нийса диллар

Арахецна де 02.04.2025

Асланбек Йесера

Дагардеш тӏехьа дуьллуш "-ий", "-й" нийса диллар

I. Чеккхенгахь мукъаза эшар (б, г, гӏ, д, ж, ...) делахь, и шалха а доккхуш, тӏехьа "-ий" тӏетоха: хан, стаг, бун, бух, наб, гӏан.

  • ханний, стаггий, ...
  • бунний, буххий, ...
  • наббий, гӏанний, ...

II. Чеккхенгахь деха "а", "и", доца йа деха "у" делахь, тӏехьа "-й" тӏетоха. Деха "а" ах деха деша [ʌ], деха "у" доца деша, чеккхенгахь дерг "-й" делахь, тӏе кхин а тидам бохуьйтуш деша.

  • аьрзуй, бумбарий, ...
  • аьттуй, аьрруй, ...
  • нохчий, гӏалгӏай, ...
  • ламий, галий, ...

III. Чеккхенгахь охьадужу, доца "а" делахь, и дӏа а даккхий, тӏехьа "-ий" тӏетоха: ага, маьнга, баба, дада.

  • агий, маьнгий, ...
  • бабий, дадий, ...

IV. Чеккхенгахь "ъ" делахь, тӏехьа "-ий" тӏетоха.

  • кхаъий, хӏоъий, ...

Title

My message to you!