Абанаш
Мера «н»
Мукъа йиш мера хилар гойтуш цунна тӏехьа «н» дуьллу.
I.
Хандешан цхьа дешдакъа бен дацахь, тӏехьа «н» дилла. Хандош тӏехьа дешдакъош тӏе а кхеташ шорлуш хилахь, «н» охьадожаде; хьалха тӏе а кхеташ шорлуш хилахь, «н» дилла.
| дош | хьалха | тӏехьа |
|---|---|---|
дан |
хьаладан |
дадала |
тан |
дӏатан |
тадала |
хьен |
дӏахьен |
хьедала |
ган |
дӏаган |
гадала |
II.
Мухалдешан цхьа дешдакъа бен дацахь, тӏехьа «н» дилла. Мухалдош тӏехьа дешдакъош тӏе а кхеташ шорлуш хилахь, «н» охьадожаде; хьалха тӏе а кхеташ шорлуш хилахь, «н» дилла.
| дош | хьалха | тӏехьа |
|---|---|---|
кӏон |
чамкӏон |
кӏочу |
цӏен |
босцӏен |
цӏечу |
кӏайн |
боскӏайн |
кӏайчу |
бен |
III.
Хандеша карарчу хенахь диллина цхьа дешдакъа бен дацахь – чеккхенгахь [i̯e] йа [u̯o] долуш – цунах схьадаьлла ардамдаш тӏехьа «н» дилла. Ардамдош тӏехьа дешдакъош тӏе а кхеташ шорлуш хилахь, «н» охьадожаде; хьалха тӏе а кхеташ шорлуш хилахь, «н» дилла.
| дош | хьалха | тӏехьа |
|---|---|---|
аьн |
дӏааьн |
олучу |
гӏун |
дӏагӏун |
гӏучу |
хьун |
дӏахьун |
хьучу |
гун |
дӏагун |
гучу |
ден |
хьаладен |
дечу |
лен |
лечу |
|
лун |
дӏалун |
лучу |
IV.
Доланиг дожаран чаккхенашкахь: «н», «ан», «ин», «ун», «ен».
| дош | хьалха | тӏехьа |
|---|---|---|
ден |
мехкден |
дечух |
ненан |
неначух |
|
кӏентан |
кӏентачух |
|
белхалочун |
белхалочалла |
|
къонахчун |
къонахчалла |
|
воккхахчун |
воккхахчалла |
Тӏеалар: Йуккъе дакъалг хӏоттарца шорделла дош декъалахь, охьадожийна долу «н» йуханехьа дуьллуш дац.
| дош | декъар |
|---|---|
дадала |
да ца дала |
тадала |
та ца дала |
хьедала |
хье ца дала |
ледан |
ле ца дан |