мухалдош - лааме кепаш
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Мухалдош - лааме кепаш

Арахецна де 24.05.2025

Асланбек Йесера

Мухалдешнех лааме кепаш "иг"/"ниг", "аш"/"наш" тӏе а тухуш кхуллу.

Лааме кепаш кхуллуш хенахь, мухалдаш тӏехьа "-иг"/"-ниг", "-аш"/"-наш" тӏетоха деза.

I. Дешан чаккхенгахь "-н" дацахь, цхьаллин дагарехь "-ниг", дукхаллин дагарехь "-наш" тӏетоха:

лаамза кеп цхьаллин дагар дукхаллин дагар

доца

доцаниг

доцанаш

декъа

декъаниг

декъанаш

деха

деханиг

деханаш

шера

шераниг

шеранаш

лоха

лоханиг

лоханаш

лекха

лекханиг

лекханаш

II. Дешан чаккхенгахь "-н" делахь, цхьаллин дагарехь "-иг", дукхаллин дагарехь "-аш" тӏетоха:

лаамза кеп цхьаллин дагар дукхаллин дагар

вон

вониг

вонаш

кӏайн

кӏайниг

кӏайнаш

цӏен

цӏениг

цӏенаш

III. Чеккхенгахь "-н" доцу, мухалдешнийн легарш иштта ду:

Лаамза кеп
дожар цхьаллин дагар дукхаллин дагар

цӏерниг

доца (куьг)

доца (куьйгаш)

лач дожар

(кхидерш)

доцачу (куьйган)

доцачу (куьйгийн)

Лааме кеп
дожар цхьаллин дагар дукхаллин дагар

цӏерниг

доцаниг

доцанаш

доланиг

доцачун

доцачеран

лург

доцачунна

доцачарна

дийриг

доцачо

доцачара

коьчалниг

доцачуьнца

доцачаьрца

хотталург

доцачух

доцачарах

тералеларг

доцачуха

доцачараха

меттигниг

доцачуьнга

доцачаьрга

меттехьдерг

доцачуьнгахь

доцачаьргахь

меттерниг

доцачуьнгара

доцачаьргара

меттехула-

долург

доцачуьнгахула

доцачаьргахула

агӏорниг

доцачуьнгахьа

доцачаьргахьа

агӏорхьарниг

доцачуьнгахьара

доцачаьргахьара

агӏорхьахула-

долург

доцачуьнгахьахула

доцачаьргахьахула

дозаниг

доцачуьнгац

доцачаьргац

дустург

доцачул

доцачарал

саннарг

доцачулла,

доццачул

доцачаралла,

доццачарал

тӏедолург

доцача

доцачера

тӏехьдерг

доцачахь

доцачерахь

тӏерадуссург

доцачара

доцачерара

йуккъедолург

доцачула

доцачарала

йуккъехьдерг

доцачулахь

доцачаралахь

йуккъерниг

доцачулара

доцачаралара

йуккъах-

долург

доцачулах

доцачаралах

доцург

доцачуьнза

доцачаьрза

йуккъердоцург

доцачуьнзара

доцачаьрзара

йуккъах-

цадолург

доцачуьнзах

доцачаьрзах

IV. Чеккхенгахь "-н" долу, мухалдешнийн легарш иштта ду:

Лаамза кеп
дожар цхьаллин дагар дукхаллин дагар

цӏерниг

вон (куьг)

вон (куьйгаш)

лач дожар

(кхидерш)

вочу (куьйган)

вочу (куьйгийн)

Лааме кеп
дожар цхьаллин дагар дукхаллин дагар

цӏерниг

вониг

вонаш

доланиг

вочун

вочеран

лург

вочунна

вочарна

дийриг

вочо

вочара

коьчалниг

вочуьнца

вочаьрца

хотталург

вочух

вочарах

тералеларг

вочуха

вочараха

меттигниг

вочуьнга

вочаьрга

меттехьдерг

вочуьнгахь

вочаьргахь

меттерниг

вочуьнгара

вочаьргара

меттехула-

долург

вочуьнгахула

вочаьргахула

агӏорниг

вочуьнгахьа

вочаьргахьа

агӏорхьарниг

вочуьнгахьара

вочаьргахьара

агӏорхьахула-

долург

вочуьнгахьахула

вочаьргахьахула

дозаниг

вочуьнгац

вочаьргац

дустург

вочул

вочарал

саннарг

вочулла

вочаралла

тӏедолург

воча

вочера

тӏехьдерг

вочахь

вочерахь

тӏерадуссург

вочара

вочерара

йуккъедолург

вочула

вочарала

йуккъехьдерг

вочулахь

вочаралахь

йуккъерниг

вочулара

вочаралара

йуккъах-

долург

вочулах

вочаралах

доцург

вочуьнза

вочаьрза

йуккъердоцург

вочуьнзара

вочаьрзара

йуккъах-

цадолург

вочуьнзах

вочаьрзах

Title

My message to you!