мухалдош - дустаран дешчеккхе
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Мухалдош - дустаран дешчеккхе

Арахецна де 01.06.2025

Асланбек Йесера

Дустаран дешчеккхе нийса йиллар.

Мухалдешнийн дустаран дешчеккхе "-о" йа "-хо" йу.

I. Дешан шиъ йа сов дешдакъа делахь, тӏехьара охьадужу "а" дӏа а доккхуш "-о" тӏетоха:

дош дустаран кеп

нийса

нийсо

хаза

хазо

дика

дико

чехка

чехко

меца

мецо

II. Дешан цхьа дешдакъа бен дацахь, тӏехьара "-н" дӏа а доккхуш "-хо" тӏетоха:

дош дустаран кеп

кӏон

кӏохо

цӏен

цӏехо

кӏайн

кӏайхо

Title

My message to you!