Нохчийн маттахь мухалдешнийн дукхаллин кеп цхьацца долу дешнашкахь а бен ца хуьлу. Дукхаллин кеп тӏехьара доца "а" дӏа а долий, тӏехьа "-ий" тӏекхетарца кхоллало. Йуха кхин а бухара мукъа эшар (а, и, о, ...) хийца а делла "а"-не дерза а тарло, массо а дешан ишта хийцадалар дагахь ӏамо деза. Хӏара дешнаш хьайна дагахь ӏамаде:
цхьаллин дагар | дукхаллин дагар |
---|---|
гома |
гомий |
горга |
горгий |
готта |
гаттий |
доккха |
даккхий |
доца |
доций |
дуткъа |
дуткъий |
жима |
кегий |
онда |
андий |
стомма |
стаммий |