Мухалдош цӏерниг дожар хьалха хийца а ца луш хӏутту, ткъа кхин долу дожарш хьалаха тӏехьа "-чу" тӏе а кхетий дӏахӏутту.
цӏерниг дожар | лач дожар |
---|---|
хаза йоӏ |
хазачу йоьӏан |
дика кӏант |
дикачу кӏантана |
вон некъ |
вочу некъахь |
деха дешар |
дехачу дешарх |
шийла хи |
шийлачу хица |
Цхьацца долу мухалдешнаш хийца ца луш хуьлу.
I. Хӏара дешнаш:
цӏерниг дожар | лач дожар |
---|---|
раз куьг |
раз куьйгаца |
пурх зил |
пурх зилца |
лач дожар |
лач дожарехь |
перс зил |
перс зилца |
деакӏов гӏант |
деакӏов гӏантах |
харц лер |
харц лерца |
сов хӏума |
сов хӏуманца |
II. Доланиг дожарх схьадевлла мухалдешнаш:
цӏерниг дожар | лач дожар |
---|---|
ненан дог |
ненан даго |
кӏентан куьг |
кӏентан куьйгаца |
ден декхар |
ден декхарна |
йоьӏан безам |
йоьӏан безамах |