доккха аба
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Доккха аба

Арахецна де 18.11.2025

Асланбек Йесера

Дешнаш доккха абанашца дӏа маца доло деза.

Доккха Аба

Доларцӏерш

Доларцӏерш даккхий абанашца йоло йеза.

доларцӏе

Аьрзу

Гӏалгӏойчоь

Лоьма

Нохчойчоь

Шуьйта

Алам болош

Керла алам дӏаболош гуттара доккха абанца боло беза.

алам

Да тӏам тӏе вахна.

Кӏанта дика доьшу.

Хаза дуьйцу йоӏа.

Чолха мехкийн цӏерш

Дуккха а дешнашца кхоьллина мехкийн цӏершкахь, мел долу дешнаш даккхий абанашца дахка. Иштта цӏерш йацйеш хилахь, дацдар даккхий абанашца дилла. Дакъошна йуккъе хьаькхна зил белахь а, бацахь а бен дац.

мехкан цӏе дацдар

Нохчойн Мохк

НМ

Чолха стеган доларцӏе

Стеган йа зудачун доларцӏе дуккха а дакъойх лаьтташ йелахь, массо а дакъош доккха абанашца доладе. Дакъошна йуккъе хьаькхна зил белахь а, бацахь а бен дац.

хьалхарниг шолгӏаниг чолха доларцӏе

Дукха

Йаха

Дукха-Йаха

Дукха

Ваха

Дукха-Ваха

Лом

Эла

Лом-Эла

Майра

Эла

Майра-Эла

Алам-доларцӏе

Алам доларцӏе санна лелош белахь, хьалхара дош доккха абанца дӏадоладо, диснарш кегий абанашца дохку. Хьалхарниг дагардош делахь, цунна тӏаьхьа дохург доладо доккха абанца.

чолха доларцӏе

Нохчойн меттан де

Кхинаш

Хӏара «Дела», «Даймохк» дешнаш доккха абанца доладо.

Title

My message to you!