керла могӏа
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Керла могӏа

Арахецна де 18.11.2025

Асланбек Йесера

Дош нийса керлачу могӏане дехьадаккхар.

Керла Могӏа

Дешдакъош лардар

Дош дехьадоккхуш дешдакъош хадо ца мега. Лахара бакъенашкахь цӏен бос болу дакъош хедо ца мега.

дош дешдакъош

дерза

дер-за

деша

де-ша

ненан

не-нан

Цхьа дешдакъа

Дош цхьана дешдекъах бен лаьтташ дацахь, иза хадо мегар дац.

дош дешдакъош

бен

бен

гам

гам

там

там

тӏом

тӏом

Цхьа аба

Керла могӏане дехьаволуш цхьа аба бен бахначу могӏанехь дуьсуш дацахь, и дош декъа ца мега.

дош дешдакъош

ала

а-ла

эца

э-ца

Дешхьалхе

Дешхьалхе цхьана дешдекъах бен лаьтташ йацахь, и бахначу могӏанехь йита мегар дац.

дош дешдакъош

дӏаала

дӏа-а-ла

тӏетоха

тӏе-то-ха

Ткъа и цхьаннал сов дешдекъех лаьтташ йелахь, цуьнан дакъош бахначу могӏанехь дита мегар ду.

дош дешдакъош

йукъахдала

йу-къах-да-ла

Шала мукъазнаш

Дашна йуккъахь шала мукъаза эшарш делахь, уьш декъа магадо.

дош дешдакъош

латтар

лат-тар

саттар

сат-тар

Шалха шала мукъазнаш

Дашна йуккъахь шалха шала мукъаза эшарш «ххь», «ггӏ», «ххӏ», «ккх», «ттӏ», «ццӏ» и. дӏ. кх. делахь, шина кепара кхатта аьтту бу.

дош кеп I кеп II

лаххьийна

лах-хьий-на

лахь-хьий-на

Шалха, кӏеда мукъа эшарш

Дехьадоккхуш шалха мукъа эшаршший «ай», «ой», «ие», «иэ», «уо» и. дӏ. кх, йуха кӏеда мукъа эшаршший «аь», «оь», «уь» декъа ца мега.

дош дешдакъош

аьлла

аьл-ла

гойту

гой-ту

даьлла

даьл-ла

девза

дев-за

доьшу

доь-шу

дуьйцу

дуьй-цу

Дакъалгаш

Чеккхенгахь зил хьакхарца тӏетоьхна йолу дакъалгаш шаьш дехьайаха ца мега.

дош дешдакъош

аьлла-кх

аьл-ла-кх

хьо-м

хьо-м

Чӏогӏаниг

Мукъазий, мукъий эшарш вовшех дӏауьйш ца хилар гойтуш йуккъе хӏутту чӏогӏаниг «ъ» шена хьалха лаьттачу абанах къасто ца мега.

дош

дайъина

дайъ-и-на

Дацдарш

Дацдарш декъа мегаш дац.

дацдар дуьззина

ДНМ

Десъоксирийбонуклеинмусталла

Хьалхара абанаш а дохкуш, царна тӏехьа тӏадамаш а дохкуш кхоьллина дацдарш декъа ца мега.

дацдар дуьззина

ад.

ала дашна

аь.

аьлча а

идӏкх.

иштта дӏа кхин а

кх.

кхин а/кхинаш а

кхд.

кхин а дукха

ткх.

тераниг/тернаш кхин а

Доларцӏерш (цӏе, цӏийнцӏе, децӏе) йацйина йелахь, уьш шаьш дехьайаха ца мега.

доларцӏе дуьззина

Асланбек Й.

Асланбек Йесера

Й. Асланбек

Йесера Асланбек

Й. А. Асланбек

Йесера Аптин Асланбек

Дагардош

Дагардешнашна тӏехьа хӏуьтту дацдарш шайна хьалха лаьтта дагардашах къасто ца мега.

дагардош дагардош + дацдар

2025

2025 ш.

Дагардашна тӏекхета чеккхе «чу» ша дехьайаккха ца мега.

дагардош дагардош + чу

2025

2025-чу

Дагардашна тӏекхета чеккхе «гӏа» ша дехьайаккха ца мега.

дагардош дагардош + гӏа

2025

2025-гӏа

Дош

Къовларшна йуккъахь долу дашна тӏекхетта чеккхе «ин», «на», «о», «ца», «х», «е», «ал» ша дехьайаккха ца мега.

дош чеккхе алар

«лаха»

«ла-ха»-ин

«лаха» дешан

«лаха»

«ла-ха»-на

«лаха» дашна

«лаха»

«ла-ха»-о

«лаха» дашо

«лаха»

«ла-ха»-ца

«лаха» дашца

«лаха»

«ла-ха»-х

«лаха» дашах

«лаха»

«ла-ха»-е

«лаха» даше

«лаха»

«ла-ха»-ал

«лаха» дашал

Title

My message to you!