Зеламха
Марша вогӏийла, хьаша, чоьхьавала

Зеламха

Агӏо кхоьллина 21.05.2026-чу шарахь

Болх арахецна 2007-чу шарахь

Зеламхах лаьцна дийцар.

Зеламха

ХЬАЛХАРА ДАКЪА

1

Дерриг а доладелира, Харачуьрчу Хушуллин хаза йоӀ Зезаг бахьана долуш. Ткъа бехке йарий-техьа Зезаг а, хан кхаьчна самабаьлла къона безам эцна, шен довхачу даго лоьхучунна и тӀейерзарх? Ша йезарг веза цунна лаарх? «ХӀан-хӀа», – бохура Зезага ша, «хӀан-хӀа», – бохура цуьнан къеначу дас Хушуллас а. «Ткъа, хӀунда гlерта-техьа и хьаькмаш цу къоначу нехан безамна йукъа?» – бохуш шаьш-шайга хеттарш дора массо а дикачу наха а. Делахь а, майрра и дӀаала ца хӀуттуш, цхьа тамашена кхерабелла, тийна Iapa уьш. Ткъа стенах кхерабеллера уьш? Делах? ХӀан-хӀа. Эхьах? ХӀан-хӀа! Мелхо а, хьаькамех кхерабеллачу цара шайн эхь бехдинера.

Цундела, мел ойла йарх, кхин де а гӀолехь дерг каро меттиг ца битинера Зезагна. «Хьан лааммий, дог-ойлий къайла а йаккхий, кху ширачу лаьмнийн Ӏадаташна кӀел саций латта. Мел гена даьккхина дийцича а, хьо зуда бен йац, къонахчуьнца къовса гӀортар хьуна ца диллина», – бохуш, берахь дуьйна а дас-нанас Ӏамийна Зезаг шена йечу гӀелонна дуьхьал гӀатта ца хlоттара. Делахь а, наггахь: «ХӀаъ аьлла, и сайн лаам а хьаьшна, со харцонна кӀел саца йеза? Хьенан дог хӀоьттина иштта къиза кхел йан?» – хеттарш а хӀуьттура цуьнан даг тӀе. – ХӀан-хӀа, и безам, нагахь сихонна галбаьлла бодахь а, шен лаамна паргӀат хила беза. Цу тӀехь стагана ницкъ бар адамо шел гӀийланиг акхаллица ирча хьашар ду», – бохуш, айделла дог ца соцура. Амма цхьа дисинчу дагна дан орца дацара.

Вуно жима йолуш нана а кхелхина йисина Зезаг дукхайезаш кхиийна денанас.

– Маржа-йаӀ, кестта веана цхьана оьздачу беречо Йадийна дӀайуьгур йу-кх xlapa нанин хаза йоӀ. ТӀаккха нанас хӀун дийр ду-техьа? – олура цо, шен цхьаъ бен йоцу кӀентан йоӀ хьостуш.

– Ва нани, цу беречунна муха хуур ду со кхузахь йуйла? Цо стенга йуьгур йу со? – хеттарш дора хӀетахь денанас дуьйцучух ца кхеташ Зезага.

– Карор йу, сан хазаниг, карор йу, стенга йига йеза а цунна шена дика хуур ду, – олура денанас.

Зезагна-м хӀинца чӀогӀа лиънера, ша дӀайига веана и хаза, оьзда бере шен хьоме Солтамурд хуьлийла. Солтамурдаца арайаьллачохь ша йуьтийла. ХӀан-хӀа, иза а хӀинца кхуьнга ца хоьттура, иза къацахетарийн карахь дара…

ДагадогIу цунна, Солтамурде йистхила луъушехь, цӀеххьана и гича, йоьхна, йист а ца хилалуш ша лаьттина. ХIетахь дуьйна а йара Зезаг, цо цхьа дош аьлча, цуьнца йаьлла дуьненан йисте йаха а кийча. «Маржа-йаӀ, хӀеттахьехь, генна дӀа хӀунда ца дахара-техьа тхойшиъ, – бохуш, ойланаш йора тахана, шена везачу Солтамурдера схьа а йаьккхина, нуьцкъала йаьхьана ша Харачойн йуьртада волчу чукхоьссича, Зезага. – Схьахетарехь, и бала, ша тӀебогӀуш, цхьа хӀуттий ца богӀу, цуьнца цхьаьна цуьнан ворхӀ йиша хуьлу бохург наха нийса олуш хилла-кх». Цу балийн ворхӀе а йиша Зезагах хьаьрчинера тахана: шиъ, xlapa бахьана долуш, даьккхинчу девнехь вийнера, виъ стаг, хенаш а тоьхна, каторге хьажийнера, цхьаъ – кхуьнан хьоме Солтамурд вен а ца вийнера, каторге а ца хьажийнера. Иза, хӀуьттаренна санна, цунах нах кхардийта, арахь витинера. Нах кхардийта!.. Дуй-техьа цул доккха таӀзар?..

«И декъаза йоӀ шен дас йийначохь даьллачу шовдан коьртехь тхойшиъ дуьххьара довзарна дуй-техьа сан гӀуллакх иштта чӀогӀа Эрчадалар а? – бохуш, ойланаш йора Зезага, харачойн чахчарех лаьцна цхьа шира дийцар дага а оьхуш. – Йохуьйтур йац ас сайн йоӀ цу писе, тайпанна кӀезга ву и, дов лело къонах вац. Ишттачо цкъа а даьхний гулдийр дац, – аьлла, дуьхьалваьллачу шен дега ла а ца дугӀуш, шена везачу кӀантаца дӀайоьду и йоӀ цу дас тоьхна охьа а йожийна, цуьнан йеха буора кӀажарш дӀайаьржинчу бердан йистехь даьлла и шовда олий, дуьйцу наха. Цундела дуй-техьа сан маре иштта харцахьадалар а?» – бохург дагаоьхуш, кхин дӀасайала меттиг боцуш, бӀаьрза хьийзара Зезаг.

Тахана дуьххьара йагийнера къона Зезаг адаман харцоно, тахана дуьххьара кхийтира иза, кху дуьненахь массо а хIума а цхьабосса хаза цахиларх. Иза хийла хан хьалха дуьйна а дика хаара, жима йелахь а, шен лаамехь йаханчохь, Солтамурдан цӀен тӀехь, Зезаг дӀанислахьара-кх аьлла хеташ тийна Ӏачу Хушуллина. Амма, даима а харцо лело Ӏемина «йуьртахь тоьлларш» къоначу нехан ирс кагдан а гӀоьртина, таро йохийнера воккхачу стеган а. Иштта чӀогӀа Гушмазукъин кӀентан цӀен тӀехь и шен йоӀ дӀанислойла лиънехь а, и чекхдаккха доьналла ца хилира Хушуллин.

Шена лууш маре йаханчуьра нуьцкъала схьа а йаьккхина, хьан йоӀ йуьртдас дӀа а йигна, даьлла xlapa дов, шега аьлча:

– ХӀун дийр ду вай ткъа. И Делан кхел иштта хилла-кх, – элира Хушуллас, шен деган лаам а таӀийна.

– И Делан кхел йац, Хушулла, йуьртден кӀентан лаам бу, – шега аьлча, кхета а ца гӀоьртира къена стаг.

2

Гуьйранна дожа мажделла гӀа, деши санна къегош, шийла схьакхийтира Ӏуьйренан малх, Ведана-гӀопера гӀаш ара а ваьккхина, цхьа иттех тутмакх дошлоша Соьлжа-ГIалехьа боьрзучу новкъахь сацийча.

Арабаьккхина некъ хала а, гена а хиларна йа сийсара пурстоп Чернов волчу чохь кад молуш lap совдаьлла, шаьш дика кечам цабарна делахь а: хӀарий, изий схьаэцний аш, хӀумма а йиц ма йелаш, – бохуш, дӀаса маьхьарий а детташ, шайн гӀирс вовшахтухуш хьийзара цхьаболу дошлой. Важаберш, дихкина куьйгаш а долуш тийна лаьттачу тутмакхашна гондахьа хӀиттинера. Тутмакхашна гергахь ца буьтуш, нацкъаро севцца лаьттара дукха ахархой зударий, бераш а йуккъехь. Массарел гӀелвелла лаьттара Солтамурд.

– Гушмазукъа, во Гушмазукъа! Дала цадинарг хӀумма а хир дац шуна, вохий ма хилалахь. Варий, хьо ма вохалахь, – аьлла, дӀа мохь туьйхира цу нацкъаро лаьттачу нахана йуккъерчу цхьаммо.

– Хьо вохахь, кегийчарна а хала хир ду хьуна. Варий, ледара ма хилалахь, – элира кхечо.

Айвелла дӀахьаьжна салти, кхин тутмакхашна йукъера дӀа вистхуьлуш стаг а ца хилла, шен карзахйаьлла хьийзачу говран урх йуха а оьзна, сецира. Мел йоккха хало тӀейожарх ша цкъа а воьхна вац, йа вухур а вац бахарх дош дац-кх хӀинца аьлла, ойла а йина, ша лаьттачуьра дӀа, ца ваьлла вела а къежаш, корта ластийра, декъано йуьхь-сибат а долуш, шен Ӏаьржачу духарца царна масеарна а йуккъера айвелла, лекхачу дегӀахь волчу тутмакха.

Шений, шен берашний бинчу тешнабехко кхехкош кийрара дог делахь а, шегахь доккха собар хиларна, ца догӀучу дагара иштта велавелла, xlapa шеца болу кегий нах а, кхарна йукъахь волу шен кӀант, вешин ши кӀант иркара а хӀоттийна араваьллачу кхуьнга и ала оьшуш а дацара. Делахь а, иштта алар, цунах йолуш кхин гӀоли йацахь а, нахана йукъахь гӀиллакхца догӀура.

– Вухур вац, Гушмазукъа вухучех вац. Массо а Делан кхел йу, цунна реза хила веза, аьлла, цу ахархошна йуккъехь тӀаьхьо веана лаьттачу кхечо дӀадерзийра и. Цунна цхьанна бен кхузахь цхьана а дегӀана ца хаара, кхуза ван новкъаволуш, цӀеххьана воьжна, бӀе ши шо кхаьчна волу Гушмазукъин да БӀахо кхелхина хӀинцца Харачохь хӀуттуш тезет дуйла. ТӀаьхьарчо, шен дагахь кадам а беш, элира и. Ткъа вогӀуш, и хилла бохам кхузахь дӀахаийта дагахь а веънера. Амма, хӀинца ша и дӀааьлча, дохахь бен, тадала хӀума доцу дела, собар дира…

И тӀе ца доьжча а, вуно хала дара Гушмазукъина, xlapa гӀийла хиларна, гуш лаьтташехь бечу ницкъана хьалха собар дан. Гушмазукъин воӀа, Солтамурда, дог цӀеначу безамца, и ша реза а йолуш йалийнера Харачуьрчу Хушуллин йоӀ Зезаг. Амма, цу харачойн йуьртден кӀанте ца ладелира иза. Йуьртдас, и паччахьан Ӏедал шегахьа хир дуйла хууш, Хушуллин йоӀ Солтамурда нуьцкъала йигна аьлла, харц мотт а бина, хенаш тохийтина, тахана Соьлжа-ГIаларчу набахте вохуьйтуш вара Гушмазукъий, кхуьнан воIIий, вешин ши кӀанттий.

Кху сахьта, салтичун тоьпа кӀел, мел дийцича а, Гушмазукъин карахь аьтто баккха хӀумма а ца диснера. Хьаькамаша, таро йолчушкахьа озабезам а беш, шен доьзална бен xlapa ирча ницкъ вуно дика гора цунна. Цул совнаха, xlapa тахана дуьххьара а дацара, гӀело лан Ӏеминера БIахон некъий. Делахь а. Дала ша цхьана бахьаненна тӀедожийна къа ду-кх xlapa олий, дела а харцлен тарло бохург дага ца догӀуш цуьнан леш хилла, хийла харцонна кӀел севцинера хӀорш. ДагадогӀу Гушмазукъина, ша вуно жима волуш, шен дена БӀахона имам Шемала дина цхьа ирча таӀзар: хьайн мехкан гӀиллакхашна дуьхьал а валий, суна ма-луъу шарӀо бохург хӀунда ца до ахь аьлла, доккхачу зӀар кӀел охьа а виллина, БӀахон букьа тӀехула шен мурдашка бехха гочбайтира Шемала. ХӀинца а дуьхьал лаьтта цунна, шийтта са хиллехь а, хӀинца-м велла хир ву и аьлла хетталц хьешна, цара зӀар хьалаайдича, цхьа чӀогӀа чов хилла экха санна, тасалуш хьала а гӀеттина, иро мурдашкахьа бӀаьрг тухуш, шен тишачу гӀовталан тӀомаца кийрара оьху цӀий а сецош, шен да БӀахо чувахана…

ХӀинцца баьхкина, дӀо дӀанехьарчу гӀопехула ара а бевлла, севцира веданхойн пурстоп Черноввий, харачойн йуьртда Ӏадоддий, цуьнан воIIий, МахкатӀера йуьртда ГIовдий, цуьнан воӀ Ӏуспий. Царна йукъахь массарел жима велахь а, гали санна всакӀов, ша-шех тоам бина, и шен йерстина йуьхьмарш а айбина лаьттара Iycпa. Шен ницкъ кхачахь, Зезаге безам болуш веанера иза а тахана леррина Ведана.

Цу тобанна йукъара схьа а къаьстина, эпсарна тӀеваханчу пурстоьпа:

– Тутмакхашна йукъахь вуно харцахьа нах бу шуна. Варий, ледара ма хилалаш, – элира, айбина шен хьажо пӀелг а лестош. Кхин стаг ца хилча а, и дӀо йуккъерчу могӀанехь, Ӏаьржа йоца гӀовтал йуьйхина лаьттарг а тоьур ву шуна.

– И хаза хьовзийна Ӏаьржа мекхаш долу къона стаг вуьйций ахь?

– Вуьйцу-те.

– Иза-м цу массарел тийна ма ву, – элира кху этапан начальника, къоначу эпсара.

–Тийна велахь а, аре йитина набахтехь соцур воцуш ву, суна дика вевза и, господин поручик, - аьлла, йуха а пӀелг ластийра пурстоьпо.

– Господин поручик, оьшург массо а вовшахтоьхна девлла тхо, новкъадовлий вай? - хаттар дира этапан начальнике тӀевеанчу цхьана дошлочо, урх оьзна шен говр йуха а тухуш.

– ДӀадуьйлало шу. Амма шаьш меттахдовлале дӀакхайкхадел тутмакхашка: дӀадоьлхуш некъана нацкьар гӀоьртинчунна, кхин дош ца олуш, тоьпаш тухург хилар.

– ХӀан-хӀа, ца оьшу, ма кхайкхадайталахь, - аьлла, сацийра дошло пурстоьпа.

– ХӀунда? - цецвелира поручик.

Салти дӀа а вахийтина, лере а таьӀна:

– Нацкьар а гӀоьртина, царах алсам мел вий а вайгахьа долу дела. Кхетий хьо? – велакъежира пурстоп.

Цхьана минотехь вист а ца хуьлуш лаьттира и шиъ.

– Со дика кхетац, господин капитан, ахь бохучух, – элира поручика, уставехь йаздинарг иштта доцу дела.

– Ой, хьайна сов бала хӀунда лоьху ахь? – элира пурстоьпа.

– М-хӀ, – аьлла, корта а ластийна, дӀавирзира поручик.

Шайга а хьоьжуш цара и къамел деш хезча, Ӏаьржа мекхаш долу къона стаг, вахана, йистехьа лаьтта шен да тутмакхашна йуккъехьа а ваьккхина, дена аьтту агӀонгахьа йистте хӀоьттира, шен жимахволу шича дена тӀехьа а хӀоттош.

Цхьана доккхачу куьйган керайукъ санна, цу хаза хьийкъинчу хьуьна йуккъехь шера айелла лаьттачу акъаре тӀехь Ӏуьллу Ведан гӏaп гена тӀехьа а йуьтуш, сиха лаьхкина лаха охьабогIучу новкъа бехира дошлоша тутмакхаш. Цу бердашца хьийзаш, тӀулгаш тӀехула царна бан безаш бисина хьалха Ӏуьллура кхузткъа сов чаккхарма некъ. ХӀоъ дика луш, селхана дуьйна а садоӀуш Ӏалашдина салтий тӀера дой, челакха ловзуш, вовшашца къийсалуш, разъоьхура. Ткъа xlyo ца тоьучу готтачу набахтехь гӀелбелла, йекъа кхаьллинчу сискал тӀе халла делла шийла хи а малийна, арабаьхна тутмакхаш гӀоьртина гӀийла богӀура цу новкъа.

Пурстоьпо шега и сел чӀогӀа валхорна, Ӏаьржа мекхаш долчу къоначу стаге леррина хьоьжуш, цунна тӀера бӀаьрг дӀаса ца тилбеш, вогӀура поручик. Ткъа дуьхьал вистхилла йа новкъара нацкъар гӀоьртина харцахьараниг-м данне а ца дора къоначу стага. Схьагарехь, царех массарел а чӀогӀа шен балхана гӀайгӀане воьжна, гӀелвелла тийна вогӀура иза. ГӀайгӀане вожжал даккхий хӀумнаш эга а эгнера къоначу стагана тӀе: кху тӀейогӀучу шийлачу гурахь, бина цхьа а кечам боцуш, шо кхаьчначу бераца, шолгӏa доьзалхо хьаьрчина а йолуш, цхьа цӀахь йиснера кхуьнан къона хӀусамнана. Де a, xlapa аьлла, схьалаца динарг хӀума доцуш, мелхо а, нахана хьалха кхарна эхь деш кхаьргара нускал дӀа а даьккхина, лаьцна валош ву xlapa а, кхуьнан да а, ши шича а.

Ведан гӀопана гена девлла, шаьш лам чу охьадирзича, хаьхкина тӀевеанчу цхьана дошлочо:

– Господин поручик, xlapa меттигаш дика йевза суна. Некъан гондахьашхула тидам а беш, чекхвалийта цхьа-ши дош ло ахь хьалхаваьккхича бакъахьа хир дарий-техьа, –элира поручикана йуххе а таьӀна.

– ХӀунда бах ахь? Кхерам болуш меттиг йу? – дошлочуьнга хьаьжира эпсар.

– Кхерам бацахь а, тешам бац, господин поручик.

– Хьанах?

– Кхузарчу меттигех а, нахах а, – кӀеззиг ойла а йина: – Суна дика бевза хӀорш, – тӀетуьйхира дошлочо.

Генарчу Петарбухера дуьйна, шен лаамехь кхуза, нохчий иштта харцахьара, осала, кӀезиг нах хеташ ца веънера къона эпсар. Мелхо а, нохчашца вон а, дика а ловш кхузахь леллачу Лермонтова, Толстойс йаздинарг дешча, иштта бехха кхузахь а Ӏийна, цӀа баьхкина хӀинца Петарбухехь бехачарех дукхахболчара дуьйцучуьнга ладоьгӀча, нохчий ледара, йамарт нах бацара. Цундела, жимма ойла а йина:

– Де а хӀума хир дац, иштта дӀагӀо шу, – элира поручика.

– Бехк ма биллалахь, хьуна хьайна дика хуур ду, - аьлла, воьхна вухавелира дошло.

Вовшахбовларна кхоьруш санна, хьаьрчина, вовшийн гӏо а деш богӀура тутмакхаш, кьоначара, схьаоьций, баккхийчеран йеза хӀума шайн ги а йуллуш.

– И дӀо воккхачу стагана йуххе а хӀоьттина воьду Ӏаьржа мекхаш долу къона стаг гой хьуна? – дошлочунга хаттар а деш, шен буйнара шедакхаж хьажийра поручика тутмакхашна йуккъе.

– Го-те. И хӀунда хоьтту ахь, господин поручикӀ

– ГIопера дуьйна схьа и тергалвеш вогӀу со. Пурстоьпа дийцарехь, цул доккха жӀаьла дац кху дуьненахь. Ткъа, гой хьуна, царех цхьаъ некъана нацкъарваларна кхоьруш санна, массо уьш шех схьахьарчийна, гӀийла вогӀу иза.

– Boгӏy-те

– Ткъа иштта вон хӀунда вуьйцу пурстоьпа шена ца вевза стаг ?

– Э-э, господин поручик, цу вайн пурстоьпо-м, шена цкъа а ховхачу Ӏахаран жижиггий, мерза чагӀаррий ца оьшуьйтуш, лай хилла хьийзачу Ӏадодал сий доцуш жӀаьла данне а дац олу и воцчохь. Чернов хӀунда вуьйцу ахь! Цо магош стаг-м кху махкахь а карор вац хьуна, – куьг ластийра дошлочо.

– Ткъа ма дика дац-кх иза. Шен куьйга кӀел дисинчу адаме иштта харц лийча, Дала а муха могуьйтур дуӀ – Ойла йеш, новкъа дӀа а хьаьжна. – И дӀо бердах схьадеттарг шовда ду аьлла хета суна. Вало, хьалхавалий, цигахь совцабай, куьйгаш дӀадастий, са а доӀуьйтуш, хи малийта тутмакхашка, – дошло дӀахьажийра поручика.

Тутмакхех жимахволчо, шовдан йистехь Ӏуьллучу кхийрачу кедахь схьа а эцна, хи воккхачу Гушмазукъе кховдийра. Хих цхьаши къурд а бина:

– Хьанна хаьа, кхузахь xlapa тӀаьххьара молий а, – аьлла, кедара хи дерриге а дӀамелира цо.

– ХӀумма а дац, Гушмазукъа, вайн гӀуллакх Делан карахь ду, цо динчунна реза хир ду вай, – элира цунна йуххехь лаьттачо, шена кховдийна хин кад схьа а оьцуш.

– Баркалла, Домби, баркалла хийла хьуна. Цо динчунна реза ву со-м.

– Далла хастам бу, хила веза. Массо а, паргӀатваьлла, цӀа вогӀур ву.

– Дала мукьалахь !

Дукхахберш, шайн ма-хуьллу сиха, ламазаш эца гӀерташ бохкура. Нацкъаро ваьлла, шен накъосташна тӀехьа а хӀоьттина, Ӏаьржачу атлазан хечин киснара схьадаьккхина чloгӏa томкий, луьйдиггий шена йуххерчуьнга дӀа а луш:

– Гушина¹ кхуьнан хьожа кхетарна кхоьруш вогӀу со, – элира Ӏаьржа мекхаш долчу къоначу стага, харцхьадаьккхина шен киса а дегош.

Хулахулон кӀоргачу Iина йистехула боьду некъ лекхачу бердаш йуккъехь гатбеллачу тутмакхийн тоба кхаьчча, догӀан даккхийра тӀадамаш эга доладелира, наггахь генара схьакхетачу стелахаьштиго стиглара мархаш а йохош. ДӀо лакхахь, цхьа даккхий аьчкан черманаш керчош санна, къекъара стигал. ТӀейогӀучу буьйсанна шайца буьсучу хӀокху готта, хьийзаш боьдучу некъе а хьоьжуш, гӀайгӀане воьжнера поручик. Гушмазукъий, цуьнан накъостий сихбелла «ашхӀаду» доьшуш болхара, тийначу дехарца стигла а хьуьйсуш.

– Сан сакъерало хьуна, господин поручик, иштта стигал къекъаш, – элира дошлочо, вела а къежаш.

– ХӀун синкъерам бу цуьнца? – хаьттира эпсара, куьг а ластийна, кхин Йуьхьа тӀера ца хийцалуш.

– Хаац. Со-м гӀайгӀанна вайво цо, – аьлла, вуха а вистхилира дошло. – ДагадогӀу суна, со вуно жима волуш, иштта стигал къевкъича, доӀанашца Деле а кхойкхуш, сайн йишас, нанас шайн йаххьаш гӀайбеш кӀел лечкъийна а, айса, араиккхина Ӏаьмнаш чухула ведда, шайтӀанаш лелхадо ас бохуш, мохь а бетташ, стигала сара лестийна а.

– Иза а берахь тарлуш ду, – аьлла, тохара санна куьг ластийра эпсара.

ТӀедеанчу догӀано хатт баьккхина и готто хьийзаш боьду некъ, гӀаш богӀучу тутмакхашна, къаьсттина, хӀинца бухъхьабаьллера. Тохара разъихна дой а хӀинца, шершаш, хала догӀура. ТӀсеана буьйса а мох боцуш тийна лаьттара. Можо-алон басахь схьакхетта бутт а, цхьа кӀеззиг гуш а лаьттина, меллаша тӀейаьхкинчу Ӏаьржачу мархаш кӀел а бахана, йуха а къайлабелира.

Иштта йоккхура Гушмазукъин цӀе цуьнан бераша.

– Ой, ванах, ма доккха хӀума ду-кх xlapa бӀаьргана хӀума цагар, – аьлла, йухаоьзна шен говр а сацийна, хьалхаваьлла воьдучу дошлочо: – Латийна фонарь ца хилахь, йа дика некъ бевзаш хьалхаваьлла стаг ца хилахь кхин дӀавахалур вац со, – олуш, мохь а тоьхна, хаам бира поручике.

Кхин вистхилла цхьаьнгге а хаттар ца деш, шен луьйта а таӀийна хьалхавелира поручик.

3

1901 -чу шарахь, цу шийлачу гуьйренан де серладолуш Ведан гӏoпepa арабаьхна и тутмакхаш, буьйсанна хан йаьллачу хенахь Соьлжа-ГIаларчу ширачу набахте кхечира.

Царех шиъ, цхьацца воккхуш, хаттарш дина, камерш чу а воьллина, неӀарехь лаьттачу гIароле мохь тоьхна, кхозлагӀниг чувалавайтира набахтин кемсарлехь болх беш Ӏачу эпсара. ОьгӀазо айвелла, когашкара дуьйна коьрте кхаччалц тутмакхе а хьаьжна:

– Хьан цӀе муха йу? – хаьттира эпсара.

– Зеламха, – элира и хаза хьаьвзина, Ӏаьржа мекхаш долчу къоначу стага.

– Ден цӀе?

– Гушмазукъа.

– Маса шо ду хьан?

– Ткъе ворхӀалгӀа.

– Вина меттиг?

– Ведан кIоштара Харачойн-эвла.

– Муьлхачу къомах ву хьо?

– Нохчо.

– Корматалла?

– Ахархо.

Кхин тутмакхе хаттар ца деш, кест-кеста цу шен ирхъхьаьвзинчу тIапачу мераца цхьаьна и хьаьрса корта айбой тутмакхах бӀаьрг а тухуш: дегӀана – йуккъерчу барамехь ву, коьрта тӀера чоӀаьржа бу, цӀоцкъамаш, мекхаш Ӏаьржа ду, мара а, бат а шайн барамехь йу, йуьхь – цIена, бIаьргаш – таьIано-мокхачу басахь, йоцца лергина, чӀениг кӀел йитина можа-Ӏаьржа, кхин башха билгалбаккха битам бац, – аьлла, дӀайаздира эпсара тутмакхан массо а амат.

Шега кхин хӀун хотту ца хууш, лерина дӀахьаьжжинчохь Зеламха висча, оьгӀазваханчу эпсара вон бӀаьргаш а къарзош:

– ХӀун до ахь, и ши бӀаьрг хье тӀе а баьккхина? Со дӀакхалла-м ца воллу хьо? – аьлла, аз айдира.

Кхин шена тӀера и дӀа ца вирзича, вист ца хуьлуш, кӀеззиг ойла а йина:

– ХӀан-хӀа, – элира Зеламхас, шена ледара хуучу оьрсийн меттан дешнаш вовшахтесна, бегаш бечуха, вела а къежаш, – со хьакха йууш вац.

ТIаккха, довхачу хе вагийча санна, хьала а иккхина:

– Къу! Зуламхо!.. Курхалча!.. Ас вахкор ву хьо кху чохь… Хьакха мичахь йу ас хоуьйтур ду хьуна, жӀаьла! – бохуш, мохь хьоькхура эпсара.

Цкъа-шозза цуьнга и мохь ма-хьаьккхи: «Цу декъазчу тугмакха хьуна дина хӀума дац», – ала дегадеъча а, хӀан-хӀа, кхузара нах кхарна шайна дика бевзаш хила а тарло, аьлла, дош ца олуш, сецира тутмакхаш балош веана поручик.

Xlapa шега луьйш верг гӀенахчул башха дагахь воцу Зеламха, тохара санна, хӀинца а вехха кхин вист ца хуьлуш лаьттара. Сел ирча тӀедаьхкинчу халахетарша бӀарзвеш гӀелвинера къона тутмакх. Масане дара уьш. Кхин цхьа а ца хилча тоьур дара, куьйгаш дихкина xlapa хьалха а лаьтташ, шена дуьхьал дош деана аьлла, кхуьнан дедена БӀахона лерга йуххе тӀара а тоьхна, веданхошна кура хабарш дийца пурстоьпан арахь висар. Цундела, хӀинцца шех дӀа а къастийна, вигна камера чу воьллина кхузахь вуьсуш дай, ши шичий вацахьара, хье йуккъе хӀума тоьхна, xlapa шега луьйш верг Ӏункар а хӀоттийна, кху чуьра араэккха хьажа Дагадеанера хӀинца Зеламхина.

Массанхьа кхунна бакъдерг эшийначу харцоно таӀийначу Ӏаьржачу шина бӀаьргана кхин хIума ца гуш, дӀавирзина, гӀаролхочунна хьалха а хӀоьттина, вахана цхьана готтачу камера чу кхечира иза. Сени чохь висинчу гӀаролхочо, йеххачу гӀовгӀанца шалха гlopaш а тухуш, неӀ дӀа а чӀаьгӀна ша чохь висча а ца тешара Зеламха дуьненан паргӀатонах ша къастийна хиларх. Шен син дуьхьа дуьненан марзонах хьагар дацара иза. ХӀан-хӀа!

Эхьана орцахбаьллачу къонахчун лаамо дагна чӀогӀа ницкъ бора.

Кхеллеш тӀе дӀакхийсина тиша хӀуманаш санна, кху чохь Ӏохкучу тутмакхашна тӀетийсина тӀелхигаш шена гича, садукъдеш кху чуьра схьа цхьа муьсто-матарйоьлла хьожа а кхетча, тийшира Зеламха, нохчийн иллешкахь йийцинчу готтачу набахти чохь ша хиларх…

– Дуьненан паргӀато, хьо хьанна ца йезаӀ.. Ловза ког, ласто тӀам, дӀатаса мӀара йолуш кхоьллина массо а хӀума, хьох шен са къаьстича, сингаттаме а дужий, бӀарзлой хьаьвза. Ткъа вон а, дика а маьршачу дахарехь къесто Ӏемина адам, бехк а, гуьнахь а доцуш ша цунах къастийча къийсаме долу. ПаргӀато, ма ала атта ду, амма хьо ларйан ма хала ду. Къоначу стагана хьох вала къаьсттина хала ду: цуьнан арахь синкъерам бисина, алаза илли дисина, хьастаза безам бисина. Цундела, къонахчун даг чохь нийсонна цӀе йагахь, вахча а хӀума дац иза, къийсамца шен бакъо лохуш, Ӏожаллина дуьхьалхӀотта, аьлла, сацийра шен дагахь Зеламхас.

НеӀарал чоьхьа ма-велли, аьрру агӀорхьа маьIIехь Ӏуьллучу цхьана оьрсичо, кхин башха кхуьнан тидам ца беш, ша дӀа а хилла, паднар тӀехь меттиг йелира Зеламхина.

Новкъахь чӀогӀа гӀел а велла, чуьрчу накъосташца кхин цхьа а къамел ца деш, дӀавижина Зеламха, дукха хан йалале, цхьа вон неӀарх тоьхначу хӀумано самаваьккхира. Иштта къинхетамза массо а неӀ тухуш, сени чухула дӀавахнарг набахтин гӀарол вара, хӀорш Ӏуьйранна гӀовттош.

Шайн керлачу накъостана гуо бира, набарх а баьхна, гӀевттинчу тутмакхаша.

– Схьадийцал, хӀун ду цу арахь? Хьо-хьуо мичара ву? Арахь хӀун деш хилла хьо? Тхан цIерачех хIумма а хезирий хьуна? – бохуш, ша-ша бен ца до моьттуш, массара а хеттарш дира Зеламхе.

Цхьа-ши сахьт далале вевзира цунна кху камера чохь мел верг. Сийсара xlapa кху чувалийча дӀа а хилла, кхунна меттиг йелларг городовой аьшнаш вина аьлла лаьцнера. Ткъа и деха мекхаш долуш, гӀуркх санна лекханиг нехан даьхни лечкъош леллера. Tlex чӀогӀа дозалла деш йуьйцура цо и шен къуьнан корматалла: буьйсанна хан йоцчу хенахь вахана ша нехан божалш, дохнакерташ кегайар… Кху чу ша валийчхьана и, неӀ йетташ, хьаькамашка шега дӀакхайкха ала бохуш, набахтин тӀехьовсарш а хьийзабора цо. Масала, цара дӀа а кхайкхина шега къамел динчул тӀаьхьа, цхьа де а кху чохь хан йоккхуьйтур йац шега бохуш, дуйнаца тугмакхашна тоьшалла а деш. Тхуна а хьехахьа, хӀун дича валалур ву кху чуьра ара, шега хаьттича, и шен гӀуллакх ду, олура цо.

Кхин пайдехьа хIума Зеламхех шайна дер доцийла хиъча, дӀаса а бахана, и тутмакхаш, тохара санна, матардоьллачу истангеххий, чаххий дехкинчу шай-шайн меттанаш тӀе охьахевшира. ГIелвелла Зеламха, йуха а ша Ӏачу маьIIехь дӀатевжича, кху тӀаьхьарчу хенахь шеца хиллачу массо а хӀуманан сурт, духа а деана, цуьнан бIаьргашна дуьхьалхӀоьттина чекхделира.

Helapx долу цхьа жима кор схьа а диллина, чухьаьжначу гlaроло:

– Наб йан мегар дац, – аьлла, мохь а тоьхна, хадийра Зеламхин ойланаш.

ДӀо генахь бисинчу Харачойн-лам тӀера цӀена хӀаваъ дицдеш, йуха а схьакхийтира къоначу тутмакхана кху чуьра и муьсто-ира хьацаран, хьотӀан хьожа. Гуобаьккхина айъаделла вай долуш санна, къоро гӀовгӀа йара Лере хӀоьттина: и дара луларчу камерш чохь тутмакхаша дечу къамелийн аз. Цу гӀовгӀанах къаьсташ дош дацахь а, дехьа а, сехьа а пенаш тӀе poггlaнa лерг а дуьллуш, да йа шича вистхуьлуш хезар дацара-те бохуш, леррина ладоьгӀура Зеламхас.

– Со дукха гIиртина иштта ладогӀа. Къаьсташ хӀумма а хазац. – Элира цуьнга кхунна вижа меттиг йеллачу оьрсичо.– Лецна нах аз айдина бист ца хуьлуьйту кху чохь.

Накъоста бохург шена ца хезначуха, вахана неӀара тӀе лерг а диллина, xlapa ладогӀа хӀоьттича, цӀеххьана неӀ схьа а йиллина:

– ЦӀанонна ара гIyo шайна, – элира тӀехьожучо.

ХӀорш йухабирзича, цхьацца герка Ӏаьржа бепиггий, аьчкан куршканаш чохь чайнан метта лун цӀийдина хий лаьттара кхеран камера хьалха, неӀаре хӀоттийна.

Чудеана, Зеламхина догӀу баьпкан дакъа дӀа а луш:

– Сан цӀе Николай Исаакович Бобров йу, – элира набахтерчу Зеламхин накъосто. – Иштта йаккха-м йеха йу и, цундела, Николай алий, йоцца йаккха ахь сан цӀе.

– Сох Зеламха олу, – аьлла, кхуо а йаьккхира шен цӀе.

– Зеламха, кху чу кхаьчначу адаман гIиллакх вовшашца вошалла лелош ду хьуна. Цундела, вовшех озавелла хир вац вайшиъ, – аьлла, паднар кӀелхьара схьаозийначу тӀоьрмигара схьабаьккхина хох, кӀалд накьостана хьалхадиллира Бобровс.

– Бакъахьа ду, Николай, баркалла хуьлда хьуна, – аьлла, хӀокху цхьана-шина баттахь дуьххьара даг тӀера схьа велакъежира Зеламха, хӀинца цхьа ца висна ша бохург дага а деана.

Xlapa шиъ иштта Ӏаш, кхин а цхьа къона накъост а веара кхарна тӀе.

Цхьа шен тайпана духарца, бӀаьргех доьхкина куьзганаш а долуш волчу цуьнан хьалххе дуьйна а тидам бинера Зеламхас, делахь а вистхилла вевзаш вацара. ЧӀогӀа тӀекере хилла, шен цӀе цо Костя йаьккхира.

– Дийцахьа суна, Коста, – аьлла, цуьнан цӀе йохийна а йоккхуш, – хьо хӀунда лаьцна? – хаьттира Зеламхас.

– Со бохий ахь?

– Бах-те.

– Кхарна шайна а-м, дера ца хаьа, Зеламха, шаьш со хӀунда лаьцна, – элира Костяс, куьг а ластош.

– Ой, хьуна хьайна-м хаа ма деза.

– Xlapa хьол а воккха обарг ву, – велавелира Николай. Шен багара бепиг Ӏаьвшина ваьлча, кӀеззиг ойла а йина:

– Доцца дийцича, паччахь вохо кечлучаьрца вара аьлла, дегабаам бина лаьцна-кх со, Зеламха. Алахьа, хьо мукъана теший цунах?

Цецваьлла, шен накъосте хьаьжжинчохь висира Зеламха. «Паччахь вохо кечбеллачу нахаца хилла бохург, хӀун ду?.. И ма доккха дов ду», – бохуш, ойланаш йора цо. Ткъа, хезаш:

– Шуьца, оьрсашца а, иштта вон ву и паччахь? – хаьттира цо накъосташка.

ДӀакхалла ша кечйина кӀалд буйнахь а йолуш, цул чӀогӀа цецваьллачохь сецира Костя.

– Ас-м паччахь ша оьрси волу дела, цо шен оьрсашкахьа озабезам бан тарло, аьлла хеташ боху, – элира Зеламхас, шега схьахьаьжжинчохь висинчу накъосте.

– Паччахьан шен а, цуьнан хьаькамийн а къизалла оьрсийн махкахь дика йевзина хьуна, Зеламха, – элира Костяс.

– Хьанал вехачу стеган Ӏойла кхузахь а дац. Ткъа, изза хьал шуьгахь а долу таро йу-кх. Шу а ма ду оццу паччахьан тӀома кӀел, – аьлла, тӀетуьйхира Николайс, шена хьалха лаьттачу куршки чуьра цӀийдинчу хих къурд а беш.

– Э-э, Николай, тхоьгахь кхин а вон, кхин а ирча хьал ду хьуна. Шун цигахь дерг-м мел и хала делахь а, паччахьа шегара ду бохуш, цхьана рожехь лелош хила а тарло. Ткъа, тхоьгахь дерг, цхьа а раж йоцуш, хьердевлла жӀаьлеш санна, йаккхий зӀенаш коча а тийсина хьийзачу йуьртдайший, стражникаший, царна тӀебехкинчу пурстоьпаший латтош къиза Ӏазап ду.

– Паччахь а, пурстоп а, йуьртда а массанхьа а уьш цхьана арахь бевлла нитташ бу хьуна, Зеламха, – элира, йуха а куьг ластош, Костяс.

Тохара санна, неӀарх доллу жима кор а диллина:

– И къамелаш чӀогӀа ма де, – элира цаьрга тӀехьожучо. Цхьана-шина минотехь вист ца хуьлуш а Ӏийна:

– Хуур дара-кх, – элира Зеламхас, ша Ӏачуьра а гӀеттина, хаъал аз а лагӀдеш, – ас ма-бохху соьца цхьа-ши накъост а волуш, со арахь велхьара.

– ХӀун дан воллура хьо? – хаьттира цуьнга Боброве.

– Пурстоп Чернов, тхешан йуьртдеца цхьаьна шен да вахханчу хьажо воллура-кх.

– ТIаккха?

– ТӀаккха нах паргӀат бехар бара, – аьлла, шен накъосте хьаьжжинчохь сецира Зеламха.

Зеламхас аьлларг тайначу Костяс кхуьнан белш тӀе куьг а тоьхна:

– Хьо ву-кх со реза волуш къонах. Бакъ-м. дера, лоь, – элира.

– М-хӀ, и шиъий, кхин шийттий аш дӀаваккхарх, уьш карийнчу паччахьана царал а оьшуш берш-м карор бу, – элира Бобровс. – Лаккха хӀун дан дохку шу?

– Уьш а царна тӀаьхьа бохуьйтур бу-кх, – къар ца лора Костя.

– Иза а гена гlyp дац, – аьлла, ца вешаш корта ластийра Бобровс.

– Ӏожалла йезац, Николай, цхьанна а. Ишттачийн вай цкъа-шозза кортош даьхчахьана, тӀебогӀурш совцур бу хьуна, – шениг чӀагӀ-деш, сецира Костя.

Кху гӀалин йоккхачу набахтин камера чохь хан йоккхуш и ши накъост кхин а дика вевзира Зеламхина. Шайн къамелашца а, гӀиллакхашца а догцӀена, бакъахьара нах бара уьш, къаьсттина и Николай. Ишттанаш бара Зеламхин даго тӀеоьцуш берш.

Ӏаьржачу сатинан куча кӀел хаалуш тӀедевлла пханарш а долуш, кӀеззиг уккал таьӀано лекхачу дегӀахь хиларна, дуккха а шен хенал воккха хетара Бобров. Можо- овкъаран басахь йолчу цуьнан Йуьхьа тӀе хьаьжча, и хӀинца а хоршина кӀелхьара валазниг санна хеталора.

Цкъа а къамелана тӀера воцуш, тийна хиллачу Зеламхас шен дагна Ӏаьткъинарг шадерг дӀадийцира Бобровга: шен бералла а, къона безам а, дахар а, цу дахаро Ӏехийна, дуьххьара шен дагна хилла чов а, ша кху чувалийначу нехан йамартло а тӀехь – массо а далхийра къоначу стага шен керлачу накъосте.

Кхуьнан чов хиллачу даг тӀера бала схьаэца кечвелча санна, лерина ладоьгӀура кху шиммо а, къаьсттина Боброве, Зеламхане. Кху чохь иштта шен дог-ойла оьцуш гергара нах а карийна, ша цхьа цависарх воккхавера къона стаг. Цундела шена тӀедеанчух, мел ирча и делахь а, кхин башха озавала дагахь вацара иза.

Амма, мел дукха дийцича а, веданхойн пурстоп Черноввий, харачойн йуьртда Ӏадоддий вийна дӀаваккхарх къечу нехан меттиг тойелла дӀагӀур йац. бохучух-м ца тешийра Боброве и шен къона накъост. Цу тӀехь Зеламха Костяс бохучунна реза хилира.

4

Ӏедало лецна дай, вежарий набахте а бахийтина, ша кху къинхетам боцчу арахь висинчу Солтамурдана a xlapa дуьне, стим санна, къахьделлера. Шен са, кхин де а дезар ца хеташ, вала кийчча лелара иза. Делахь а, мел ойла йарх, цу шена хьалхахӀиттинчу киртигех ша уггаре а хьалхайаккха йезарг муьлха йу ца хууш бӀарзвелла, гӀайгӀано хьаьшнера къона стаг.

Дан а дара Солтамурдана хала, хӀинца ша хӀун дан деза хаа: тоьхна кхуо шен дай, вежарий хӀаллакбина пурстоп вийча, xlapa Ӏедалан мостагӀ а хуьлий, кхуьнгара нускал дӀадаьккхина Ӏадодан некъий кӀелхьарбовлура. Масала, кхуо тоьхна ӀадодагӀарах цхьаъ вийча, пурстоп дийна а вуьсуш, кхунна тӀе нехан совнаха чӀир йожара. И ши бекхам бича а, наха дӀа а даьккхина лаьтташ, ницкъ ма-кхоччу сиха цӀа дерзо дезаш, нускал дара. Ткъа, царех цхьаъ дина, xlapa араваьлча, кхуо йаккха йезачу сискалх тешна дуьсура чуьра берашший, зударий.

Иштта хала ойланаш йеш цхьана сарахь Солтамурд Ӏаш, чувеанчу лулахочо кхуьнга элира:

– Хьан Зезаг, шен кӀантана йига а ца хӀоьттина, Ӏадода МахкатӀерачу йуьртден кӀантана Ӏуспина ма магайо, ва Солтамурд.

– Хьан Зезаг, шен кӀантана йига а ца хӀоьттина, Ӏадода МахкатӀерачу йуьртден кӀантана Ӏуспина ма магайо, ва Солтамурд.

– Ой, ткъа и хӀун ду, Хушулла вац Зезаган да? Йа молла ву Ӏадод, цунна и маго? – хаьттира.

– Хушулла да велахь а, и иштта-м ду.

– Цуьнга хаьттина мукъане а деш дуй иза?

– Хьаьнга?

– Хушуллига.

Ша хӀун ала деза ца хууш кӀеззиг ойла а йина:

– Хушуллин карахь хӀун ду моьтту хьуна? – аьлла, куьг ластийра лулахочо. – Хушулла матарйоьлла гуьйриг йу-кх, йуьртдас дӀатеттинчохь Ӏуьллу.

«Да – матарйоьлла гуьйриг, орцахвала воцу ваша… Ма гӀело йу-кх Зезагана йийриг», – ойланаш йора Солтамурда. – «Соьга ладугӀуш хилалахь, варий, ахь ца дахь, кхин суна гlo дан стаг вац хьуна», – бохуш, йоӀа шега дукха хан йоццуш дина къамел хӀинца дагадеара къоначу стагана.

– И цара муьлхачу aгlop, маца йуьгу мукъане хаьий хьуна?

– И билггал хаац суна. Амма, тховса сахилале и МахкатӀе кхачо дагахь бу уьш, – жоп делира чувеанчу лулахочо.

– Суна бехк ма биллалахь, Солтамурд, хьуна иштта новкъадогӀур дуйла хиънехьара, ас хьаха а дийр дацара и.

– ХӀан-хӀа. И хӀунда боху ахь? Баркалла хьуна, – элира хӀусамдас, велакъажа а гӀуртуш. – Вуно дика ду ахь и соьга аьлла-м.

– Со-м хьан гӀуллакх цуьнца дӀакъаьстина моттуш вара хьуна, – элира, аравала хьалагӀеттинчу лулахочо.

– Иза а цкъа цхьалха дер ду.

– Дала хьан аьтто беш дерзадойла и …

– Баркалла.

Лулахо дӀаваханчул тӀаьхьа а, кхин цхьалха ца волуш, дӀатевжжинчохь йехха ойланаш йира къоначу стага: «ХӀинца хӀун де ас?.. Ткъа, масала, и дӀайигийтича, дерриге а ма духу сан ... Иза бахьана долуш набахте бахийтина дай, вежарий ма бу. Масала, цхьаъ хилла цигара цӀа ца берзахь, хӀун дан деза? ТӀаккха гуттар доьхнарг хуьлу цунах», – ша-шега хеттарш дечохь наб озийра цунна.

Набарх санна, деш татанаш а хезна, Солтамурд хьалагӀаьттича, буьйса йуккъе йаханера. Йукъ къовлуш герз а дихкина, xlapa аравала кечвелча, йеана чуйелира, хӀинца а йижаза йолу, кхуьнан нана.

Цхьа висинчу шена чӀогӀа сагатдеш, ша мел ловзу ког тергалбеш, нана хьийзийла хаьара Солтамурдана, амма, хӀинца и йижаза йу цхьаммо шега аьллехьара, тешар вацара xlapa.

– Мама, хьо йац и?

– Йу те.

Жимма воьхна а хьаьвзина:

– Сан ваха деза, мама... Кхетий хьо? Сан хӀинцца ваха деза... И чӀогӀа оьшу вайна кху сохьта, – элира цо, лам санна, тийна шега хьаьжжинчохь лаьттачу нене.

– ХӀинцале а вахана ваьлла хьо, сан хьоме кӀант, – хала ду, делахь а, доьзалан сий хьол а деза ду», – бохура, тӀулг санна, дӀатийначу цу ненан йуьхьо. – Хьан бӀаьргашна со гац хӀинца. Хезий хьуна? Хьан бӀаьргашна со гац, – элира нанас йуха а хезаш, кхин шен Йуьхьа тӀера ца хийцалуш.

– ХӀан-хӀа, мама, иштта ма ала, хьо дика го суна, вуно дика го…

– Иза а хаьа суна, – кӀентан къамел хадийра цо. – масала, хьуо цӀийнан сий даккха водахь гlyo, сан кӀант, цу Дала ша гlo дийр ду хьан. Амма, осала ма хилалахь, – гӀенахчул башха шен кӀантана дагахь а доцург чӀагӀдира йуха а йистхиллачу нанас. Цуьнан кӀорггехь Ӏохкучу бӀаьргаш чохь хин тӀадамаш лаьттара, ткъа, овкъаран басе йоьдуш макхйеллачу Йуьхьа тӀехь сецнера цхьа тамашена собар. ХӀинца и гинчунна хуур дара, доьзалан сий лардичхьана, шех, шен берех цул тӀахьа хӀуъа хиларх а цунна бен ца хетийла.

ХӀинца а ша дан дезарг билггал хууш ца велира Солтамурд ара. Амма, новкъа кол тесна а шен цӀенна эхь динчарна бохам бан безийла, хаьара цунна…

Сатассалц, некъана генавоцуш, хин йистехь хиъна Ӏийра иза. Хьуьн чохь цхьа инзаре тийна дара, делахь а, Солтамурдана дерриге а хазара: буса ижуна арадаьллачу экхано йекъа дечигаш кегьеш а, набарх даьллачу олхазаро, шен бена чохь меттигтаеш, хьабе тӀам а, хӀаваэхь лестинчу генийн тата а.

Сатосуш, сихонца бос а бовш, стиглара седарчий къайладевлира. ДӀо буьрсачу хьуьна йуккъера схьа а иккхина, Солтамурадана гена доццуш, овкъаран басахь букъ а болуш, цхьа цӀен цхьогал сецира. Цхьана эхаминотехь, цIеран кӀегий санна, лепаш къега горга бӀаьргаш а керчош, лаьттира иза, доьгӀча санна. ТIаккха дахана дӀаьндарг санна, хьаьвзина, гуьйренан мажделлачу гIаш йуккъехь цхьогал къайладоллушехь, хьуьн чура мошарчий гӀевттира, акха котам а аййелира, орцанна мохь а тухуш. «Оццул жимачу цо ма йоккха гloвгla эккхийти цу хьуьна йуккъехь», – ойланаш йеш Ӏачу Солтамурдана тӀе чӀогӀа наб гlepтара. Набарца къовсавелла, xlapa хьалагӀеттича, гена доццуш, хьуьна йуккъехула схьадогӀучу адамийн татанаш хезира кхунна. Цул тӀаьхьа а ахминот йалале Солтамурдана хьалха кхо стаггий, зудий хӀоьттира, хьалхарчу стеган буйнахь гуш йоца хадийна берданка а йолуш.

Кхин вист ца хуьлуш, вуха а иккхина, хьалхарчо «даркх» – аьлла, топ туьйхира. Солтамурдана йуххерачу кхорах чкъор а доккхуш, и дошан дӀаьндарг, шок а тоьхна, дӀайахара.

Лом санна, кхоссавсла хьалха а иккхина, Солтамурда цунна ластийначу шаьлтана кӀел:

– Хьайн Делах волийла хьо, и туха йелахь, – аьлла, йеана Зезаг хӀоьттира.

ТIехьашхула дӀакатоьхна, такхийна, мохь баьллачохь лаьтта Зезаг йуха а озош, бахана уьш берриге а цхьана йуькъачу кулла тӀехьабевлира. Цигара схьа йуха а цкъа-шозза тоьхначу тоьпаша, кӀур а оьккхуьйтуш, хьунан тем бохийра.

Ша лаьттачохь охьавоьжначу Солтамурдана кхин хӀумма а ца хезира. Йуха кестта меттавеана, хьала а гIеттина, дӀахьаьжначу кхунна хил дехьа а бевлла, такхийна Зезаг а эцна, воьдучу кхаа стагах бӀаьрг кхийтира.

5

Герзо йинчу чевнаша дитина моьнаш санна хиэй, догӀан Ӏовраший кӀоргачу хершнашца цистина Ӏуьллу кхузахь xlapa шира, хийла дукха хӀуманаш гина харачойн латта. Кху харачойн кӀоргачу тогӀечухула чекх а болий ДегӀаста хадош боьду Нохчийчоь Таркхойн хӀордах дӀатуху шира некъ а. Лаьхьа санна, хьийзаш, дӀо лакхарчу товбецан лам тӀе а болий дӀабоьду иза кху лахарчу тогIи чохь хин гIовгӀий, адамийн гӀайгIий а йуьтий.

Иштта кхузахь, цу гӀайгӀанна дисина лаьтта тӀейиллина замано Ӏаржйина нохчиин гериг а йолуш, буьйдачу кибарчигех доьттина Гушмазукъин тиша цӀенош.

Дарцо тем байина, арзаца и дерзина генаш а цӀийзош, лохачу корашна хьалха, уьйтӀахь лаьтта цхьа иттех стоьмийн дитт, царна тӀехьа, дехачу paгly кӀел, тӀехь да хиларий терра дӀатийсина тускарш чохь лаьтта цхьа ткъе иттех некх, дӀо лакха тӀехь, серех йуьйцинчу кертал дехьа бина кхо-биь гӀодамийн такхор бу, царна схьанехьа маьIIехь, лам тӀера охьа чу а йаьхкина лаьттачу тӀулгийн тархашна кӀел йинчу дохнакертарчу хьаьвди тӀехь бежаш ши йеттий, шинарий ду. Царех и тоьлла Ӏаьржа йетт Бицина мардас Гушмазукъас беллера.

Къена БӀахо дӀавоьллина дукха хан йалале, цуьнан йиша а кхелхина, кху уьйтӀахь хӀоьттина шолгӀа тезет хӀинца а дӀа ца хаьддера.

Гондахьарачу йарташкара а, генара а богӀий, виллина бохург санна, кху уьйтӀахь Ӏачу БӀахон вешин кIанте Ӏелахане, салам лой, куьг а лоций:

– Дала гечдойла цунна! Дала йирзина меттиг декъала йойла! Дера, БӀахо а, цуьнан йиша а дика ши адам ма дара, – кадам бора. Иштта чубогӀий, и шиъ хастош, зударша а белхарш дора.

Йуьртана тӀехьарчу лам тӀе йаьлла, хьуьнхара лахьийна, гехь дечиган цӀов а бохьуш, хӀинцца чуйеана йоллура Бици. ЦӀера йаьлла Зеламхин нана чохь а йоцуш, шаьш дисина Бицин бераш дӀадийшинера. Пхи шо кхаьчна Муслимат, пеша хьалха диллинчу дечига тӀе корта а биллина, Ӏуьллура. Цунна гена доцуш лаьттачу аган чохь, дастаделлачу кохкаран чимчаргӀа аган гӀожа тӀехула схьаозийна буйнахь а доллуш, Ӏуьллура жима Муги – Зеламха лаьцначул тӀаьхьа цунна вина кӀант. Цхьамма-шимма йаьккхича а, жайнахь хуьлу цӀе ца магош, и цӀе шен кӀентан кӀантана къеначу Хьурмата, Зеламхин нанас, тиллинера. Цу Мугин когашкахь, и санна аганахь набарна хар деш. Ӏуъллура овкъаран басахь месата доккха цициг.

Чуйеанчу Бицис, хьалаайина сама а йоккхуш, йехьана Муслимат, схьаозийна и къорзачу басмин кенийн гӀайба коьрта кӀел а нисбеш, паднара тӀе дӀайижийра. Йуха, йахана, овкъара кӀелхьара лахьош гулдинчу кӀегаш тӀе, пеша дечиг а тиллина, набарх а ваьлла и шен къегина-Ӏаьржа бӀаьргаш керчош Ӏуьллучу Мугина накха белира цо.

ГIелйелла аган гӀожа тӀе тевжина, шен мокхачу бумзин кучан чет схьа а даьстина, Мугина ша накха луш лерина цуьнга хьаьжча, цхьа тамашена лазар даг тӀе а догӀуш, хазахийтира Бицина: дӀадаккха хӀума доцуш, кӀант Зеламхех тера вара… Чомана дуьро цхьа-ши хин тӀадам беара Бицин бос байначу беснешна тӀехула, цуьнан Ӏаьржачу бIаьргаш чуьра баьлла, стоммачу балдаш тӀе охьа. Шен санна, гӀайгӀанехь, балица хир ду-кх кху шен кегийчу берийн дахар а бохуш, тӀегӀертачу ойланашна кӀел саца лаъане а ца лаара Бицина.

Муги вакхийна йаьлча, хьала а гӀеттина, йехха лаьттира и аганахь Ӏуьллучу цуьнга а хьоьжуш. Кхуьнан хьомечу майрачун сурт цу жимачу сино йуьхьдуьхьал латторна цхьа тамашена ницкъ бара къаьсттина чӀогӀа Бицин са Мугех хьерчош дерг. Меллаша охьатаьӀна, аган чуьра схьаэцна и кӀант марахь а волуш, йахана пеша хьалха Ӏуьллучу кхакханан миндар тӀе охьахиира иза.

Кхе тиллина тӀеда бӀаьлланга а лелхаш, йоккха летта цӀе марсайаьлча, самаяьлла Муслимат а йеана шен нанна йуххе, пеша хьалхахиира.

– Нанина йиса хьо, – аьлла, дӀадахийтинчу аьтту куьйга схьаозийна, цуьнан кӀеда месаш йолу горга, хаза корта шен некхе а бохьуш, – мацйеллий, бовха межарг бе ас хьуна? – хаьттира цо йоӀе.

– XIaa, – элира, хӀинца а дика набарха йалаза йолчу Муслимата, корта таӀо а гӀуртуш.

– ХӀинцца нанас йуза-м хьаха йийр йу, – дӀасахьаьжначу Бицина тӀееанчу суьйрено Ӏаржйинчу чохь хӀумма а ца гира.

Тохара санна, ваьхна Муги аган чу а вижийна, йаханчу цо, жима хаьштиг Ӏоьттина милт цӀанйина чиркх а латийна, йоӀана, шура тоьхначу гӀалмакх-чайнаца сискалан бовха межарг белира.

Бераш дийшинчул тӀаьхьа а йехха ца йуьжуш Ӏийра Бици: дечиг даккха дезара, хьаша-да вагIахь а аьлла, йуучун гIайгIа бан безара. Ткъа, вогӀу-воьдург кху цӀен тӀехь хIинца а лаьттара: БӀахон йиша кхелхинчу када богӀура, Соьлжа-ГIаларчу набахте бигинчех хезна керла хӀума дуй техьа, олий, йиша-ваша догӀура. Масане бара уьш. БӀаьрга сара кхетча санна, бӀарзвелла хьийзачу Солтамурдера кхин башха гlo ца хуьлуш, уьш дерриге а Бицина тӀехь дисинера.

Йижинчул тӀаьхьа а, набаро кхин бӀаьрг ца гӀелбеш, йехха Ӏиллира иза, эгӀийча санна, тховх хьалахьаьжжинчохь. Селхана ша йолчу а веана дӀавахана ваша хӀоьттира цкъа бӀаьргашна дуь хьал.

– ГIо дан йуххехь стаг а воцуш, цхьа йисина хьо. Бераш кегий ду, цӀа йола, – элира цуьнга вашас.

– ГIо дан йуххехь стаг а воцуш, цхьа йисина хьо. Бераш кегий ду, цӀа йола, – элира цуьнга вашас.

– Зеламхин гӀуллакх дахдала мегаш ду. Ткъа, кхузахь хьуна цхьа хӀума хилахь, и тхуна новкъадогӀур ду, цхьана ханна мукъане а цIа йола.

– Мел и дахлахь а, кху цӀен тӀера йера йац со, – дӀахадийра цо шен вашас ден цӀера деана хабар.

Вешица хилла и къамел дагадеъча, йуха а веана Зеламха хӀоьттира бӀаьргашна дуьхьал. Цунна, гӀенах санна, гора стерчийн ворда а йоьжна, шаьшшиъ мангала даханчохь, гатан тӀоьрмигара ков, аьлхий схьайаьккхина, мангал а ирбина, шен шуьйра белш ластош, иза кес даккха хӀоьттина… Цхьа доккха са а даьккхина, тийна аз делира Бицин кийрара. ХӀинца тӀе а веана, шен ондачу куьйгашца мара а йоьллина, цу майрачо шена бовха барт боккхуш санна хетаделира цунна. Хьалха, Зеламха лаьцна вигале, кест-кеста иштта хуьлура иза.

Бицина чӀогӀа везара Зеламха. Гуш кхин даре ца дахь а, иштта дукха цунна Бици а йезара. Цуьнан хазаллин, хьекъалан меха дуьненахь хӀума дацара Зеламхин. И шена йуххехь ца хилча, тӀехула башха а доцчуха, тийна хилахь а, кийран кӀоргехь къоначу стеган дог кхехкаш хуьлура.

Майрачунна резахиллачохь: «Дала ша ирс долуш йина со», – Бицис аьлча, – «Ахь со ирсе вина дела», – элира Зеламхас, цкъа вела а къежаш.

Амма цу довхачу ирсаца тховса ца вогӀура майра шен хьомечу зудчунна тӀе. Цуьнга сатуьйсуш, йехха иштта Ӏиллина иза, гӀайгӀано гӀел а йина, йоцца тIееана синтем байначу набаро цу шен йоӀана йуххе, кенан гӀайби тӀе дӀахарцийра.

ГIенах санна неӀ тухуш а хезна, йуха а самайелира Бици. Иза, кху хан йоцчу хенахь, цӀа йеана шен марнана йу моьттуш йахана кхуо неI схьайиллича, чувелира Зеламхин шича Беталгира.

– Ӏаш дуй шу? – хаьттира цо, паднаран йисте охьа а лахлуш.

– Ой, хьо ву и кӀант. Ӏаш аьлча а, иштта дӀагӀерташ-м дохку тхо. Ахь хӀун леладо ханйоцчу хенахь?

– шy ган лиъна схьанехьа ваьлла-кх.

– Кхин керла хӀумма а дуй? – хаьттина, кӀеззиг йоьхна сецира Бици.

Цхьана хӀуманан ойла йечуха, жимма вист ца хуьлуш а Ӏийна:

– Селхана сатоссуш араваьккхина Зеламхий, цуьнца цхьаьна Ӏелий, Ӏисай Илецкий каторге, туьха даккха хьажийна боху, – элира Беталгирас, кхин корта хьала а ца айбеш. – Гуша, балхана пайдехь вац аьлла, шен хан йаккха БуритӀерчу набахте вахийтина.

– Ва кӀант, Илецкий хӀун меттиг йу? Дукха гена-м йац иза? – хаьттира Бицис. кхин ша йоьхнийла ца хоуьйтуш.

– Дера, хаац суна-м.

– И хууш стаг вац техьа?

– Шаьш севцинчуьра кехат ца йаздеш Ӏийр вац Зеламха. ТӀаккха, хиъча тӀаьхьа rlyp ву-кх.

* * *

Бехк а, гуьнахь доцуш и хаза къоналла хӀаллакйеш, МахкатӀерачу йуьртден хӀусамехь ирча ницкъ хилла Зезаг хӀинца а метта ца йеънера. Xlapa кхоалгӀа бутт бара, цо шен майра ву боху и Iycпа аьттеххьа ца вуьтуш, цуьнца къиза къийсам латто.

Майрачо динарг муьлхха а тардолуьйтуш, зуда йист ца хуьлуш ӀадӀан декхарийлахь йу, бохуш, Зезаган хӀинццалц схьа хилла ойла кху цӀен тӀе ша йалийчхьана керчина тӀекӀелкхеттера. Кхузахь хиънера Зезагана цу хьехамо, зудчун бакъо йайина ца Ӏаш, и зуда базарахь духкучу хьайбанал а йаййинийла.

Вуно хала ду ца везачу стагаца син марзо йекъа. Цхьа акха, аьрта муьшкаш йеш, коча а веана и, шен лаам хьаша гӀоьртича, Зезага дӀатеттина Iyспa, дӀо шина кора йуккъе лаьттачу стоьлан маьӀагах бӀаьштиг а тухуш, Ӏункар вахийтира.

Вуха меттавеана иза, чов хилла жӀаьла санна, шаьлта а йаьккхина, шена чухьадча, неӀ йиллина а йуьтуш, араиккхира Зезаг.

Зезагана тоха аьлла, майрачо тӀаьхьакхоьссина и шаьлта, учарчу бӀогӀамах а кхетта, хьостам санна, йогӀайелла йисира.

И гӀовгӀа а хезна гӀеттина, гучуйаьлла нана, цӀенкъа йуккъехь лаьттачу Iycпас хьаж тӀе диллинчу куьйган пӀелгашна йуккъе–хула охьаоьху мела цӀий гича, цецйаьлла сецира, йоьхначуьра сиха метта а йогӀуш:

– Ой, нана йала хьан делаӀ, xlapa хӀун ду хьуна хилларг?– аьлла, тӀейахана ша кхин жоп ца луш, кӀанта меллаша дӀатеттича, хиира нанна, Ӏуспина тоьхнарг хӀинца а шен нус Зезаг йуйла.

Цу чуьра арайедда йуьртден зуда, ша несаршца лело догӀу гӀиллакх а. оьздангалла а йицйина, йахана къакъ-аьлла шен йоккхахйолчу несан хӀусаме иккхира.

Марнана чуйаьлча, кочера дуьйна гоъ тӀе кхаччалц шена тӀера йатӀийна сийначу басмин коч куьйга хьала а лаьцна, Ӏадийча санна, макх а йелла, цу пенан соне хьостамца дӀатоьхначух тера, йегош лаьттара Зезаг.

– Сийдоцу зуд, и хӀун ду ахь динарг! Ас бийр бу хьан болх!– аьлла, буйнаш а айбина марнана шена чугIоьртича, тIулгал башха кхин меттах ца йелира Зезаг.

Дуьненан марзонах чам байначу кхунна хӀинца ша хьаьа йийчи а башха дацара, кху цӀен тӀера дӀа а йаьлла, кхечарна шех зулам ца даьлчахьана.

– Ой, нана, эгӀийна хьо? Майеттахьа цунна. Ца го хьуна ишта а цуьнан Ӏарждина дегӀ? – аьлла, марненах тасайала йуьйлира йоккхахйолу нус.

– ДӀадала, хьо шайтӀа а суна гучура. Сан кӀенташа шаьш чохь дитича, тоадезара шуна, – аьлла, ластийна шен буйнара аьшкал туьйхира йуьртден зудчо цунна.

6

ГӀовгӀанца догӀучу Хулахулон лекхачу бердан йистера схьайогӀучу готтачу акьари тӀехь, лаьттах хьалабаьлла цхьа акха, боккха тӀулг санна Ӏуьллу, нохчийн паргӀатонна буржал тоха дагахь йиллина Ведана-гӀап. Кхузахь бехаш, цуьрриг, шаьш-шайна кӀезга а ца хеташ, цӀе йаьккхина кура нах бу. Хьесап дича хӀумма а дукха бац уьш, делахь а, кху гӀопехь шайна хетарг лело таронаш йу цаьргахь. Амма, церан тӀамах башха кхера а эшац, хӀунда аьлча, вовшашна йукъахь йоллучу хьагӀой, мотт-эладитаной уьш цкъа а паргӀат ца буьту дела. Цхьаъ шайлахь хьалавалахь, буьрканах ловзуш санна, массо а айло цунна кӀел ког таса. Ткъа, къинхьегамхой бацо а хьийзо а Дала шайна ишттанехьа схьабелла моьтту царна.

Иштта веха кхузахь хьоланний, Ӏедаланний чам тайна цхьа иттех да. Царна йукъахь, къаьсттина шен меттиг лаьцна воллу Оба-Хьаьжа. Иза кхузахь, массара а бохург санна, лоруш, сий деш ву. Кхелехь нийсонна къовсавелла тоьлла йа герзаца тӀамехь меттиг йаьккхина-м вац иза. Цуьнгахь дерг тоьпал а кхераме герз дин ду, динан къайлено гlo до къедина шена дуьхьалгӀоьртинарг тешийна йа кхерийна сацо, и кӀелхьаша. «Кхунах кхера», – аьлла, цо аййеш йерг шаьлта йелахьара хала дацара. «Цунах кхера, хӀай Делан лай»,– цо стигала пӀелг хьажийча, муьлхха а соцу.

Массарна а кхузахь «Делера дика лохуш, сийлахь стаг ву иза», – олура къедина. Делахь а, цкъа а ша эшийна хӀума ца дора цо. Мел харцахьа, адамана зуламе и делахь а, цо магийнарг мага дезара, цо йемалдинарг дӀадаккха а дезара. И дара цуьнца болчу къийсамехь уггаре а аьтто боцург.

И хьанал дош аларх, герз чӀогӀа тохарх бакьдерг даккхалуш цахилар дара уггаре а чӀогӀа Гушмазукъин цӀийнах даханарг.

Солтамурдера схьа а йаьккхина дӀайигна Хушуллин Зезаг Ӏадодан кӀантехь йитча, шайн йамартло дукха Ӏорайаьлла хир йолу дела, пурстоьпаца бертаваханчу къедас, йоӀе а йа цуьнан дега а ца хоттуш, иза МахкатӀерчу йуьртден кӀантана а магийна, Гушмазукъин доьзалан нахаца долу дов кӀарг а деш, кхеран мостагӀийн тоба алсамйаьккхира.

Вуно дика хаара къедина, Зезаган гӀуллакха тӀехь Черновца ша йина кхел харц йуйла. Делахь а, пайда бацара, шен синна йовхо а лехна, адамал дукха хьал дезча.

Хьозан xloa санна, къорзачу Йуьхьа тӀехь хьалабаьттӀа воьда, боккха мара болу Чернов, ша санначу лохачу нахе терра чӀичӀаьлла а, дозалла дечохь маттана комаьрша а вара. Иштта чӀогӀа шен ницкъах тешна и хилар башха бух болуш а дацара. Кхузара нах шеца тӀехула тесна йеса оьздангалла а лелош, кӀеда-мерза бистхуьлуш , гӀиллакхехь хилча, эцца гондахьа хьийзачу хьадалчаша ша бохург а дича, шен «боккхачу ницкъах» и ша тешаш хилар бен. ХӀетте а ша кхузахь мел сонта динарг а, аьлларг а дуьхьало йоцуш чекхдаларна, шениг бен кху кӀоштахь лела лаам бацарах тешнера пурстоп.

Паччахьан омарна корта ца таӀо, Гушмазукъа шен воӀаций, вешин берашций цхьаьна каторге вахийтичхьана кхузахь массарна а коьшкала хиъна хьийза Чернов, тахана Соьлжа-ГIалара кхуза Ведана, веанчу Нохчийн округан начальникца къамел дичхьана, воьхна висинера.

Веданхойн ахархойх цхьамма уьстагӀ, вукхо котамаш йеъна полковник Дубов шен цӀен тӀе варах дозалла деш, комаьрша шун хӀоттийна, хьийзара пурстоп тахана.

Шена хьалха лаьттачу сийначу ангалин лекхачу пели чуьра чагӀарх цхьа-ши къурд а бина:

– Со хӀун дохьуш веана хаьий хьуна, Иван Степаныч? – хаьт тира полковника Дубове, таӀийнчу бӀаьргаш кӀелхьара схьа вела а къежаш.

– Дера, хаац, Антон Никонорович, суна-м. Хьайна тхо дезарна, сакъера веана хир ву-кх. Ведана хаза меттиг ма йу, – жоп делира Чернове, кхерзинчу котамашца доккха бошхап хьешана хьалха а хӀоттош.

Кхин вист а ца хуьлуш вехха Ӏийра полковник.

– Дийцахьа ткъа, Антон Никонорович, кхин зе долуш хӀума-м дац? – вуха а вистхилира Чернов, хьешан тийна Ӏарна реза ца хилла.

Йуьхьа тӀера хийцавелла хӀусамда гича:

– Кхин ладам болуш хӀума дацара иза-м, – аьлла, шен къамел дайдан гӀоьртира хьаша.

– Башха а дац, Антон Никонорович, дийцахьа, – дийхира Черновс.

– Кхузарчу кхело бина сацам а бохийна, Гушмазукъий, цуьнан кӀанттий, вешин кӀанттий Соьлж-ГIала вуха ма валийна, – элира полковника, ша охьатаӀийна корта кхин хьала ца айбеш.

Мотт сецча санна, округан начальнике хьаьжжинчохь висира Чернов. Ткъа, шаьш кху чу битарх баккхийбеш, дена хьалха делакъежна жӀаьлеш санна, и батош а айбина дӀо неӀарехьа стоьла йистехь Ӏачу кхаа-веа нохчочунна йуккъера хьалаайвеллачу харачойн йуьртдас Ӏадода, оьрсийн мотт кегбеш хаьттира:

– Господин полковник, и хӀун ду? Зеламха а верзийна вуха?

– Зеламха а верзийна, – аьлла, корта таӀийра полковника. – И хӀунда хоьтту ахь, воха-м ца воьхна хьо?

– Дера ца воьхна, Зеламха хӀун йара суна, – элира цо, ша Ӏачуьра хьала а айъалуш.

Оцу Зеламхин цӀе дукха а йохуш хезча, шен буйнара кхерзинчу котаман гIогI охьа а дохуьйтуш, Ӏадодана йуххехь Ӏачуьра хьалахьаьжна МахкатӀера йуьртда вистхилира:

– Дийцахьа, Ӏадод, хӀун боху полковника? Цо оцу Зеламхин цӀе стенна йоху?

– Ой, ГIовда, ца кхета хьо цо бохучух? – хаьттира Ӏадора.

Дика хазац суна, – аьлла, корта ластийра ГIовдас, ша цунах кхетташехь, воьхначуьра меттава хан лаха дагахь.

– Вайн кхело бина сацам а бохийна, Гушмазукъа шен ардангца цӀа ваийта мегаш ву, ма боху цо, – Ӏадода аьлча, йуха а шен гӀовталан кач а айбина, букъ тӀе шийла хи доьттича санна, дӀатийна ГIовда вехха вист ца хуьлуш Ӏийра.

Ша бинчу хаамо Ведан кӀоштарчу шен гӀоьнчийн дог-ойла хаъал чӀогӀа йохийнийла хиъначу полковника:

– Масала, схьахецахь а, царах-м кхин башха стаг ца вуьсу шуна, – элира. – Гушмазукъа ша, могуш воцуш, кӀелвисина ву. Ткъа, цу кегийчех шиъ, шу марша, хӀинцале цигахь кхелхина.

Шен дагахь цу кхелхинчех цхьаъ мукъана а Зеламха хилахьара, аьлла, хетачу Ӏадода хаьттира хьеше:

– Господин полковник, алахьа, муьлхарш бу царех кхелхинарш?

И кхелхинарш Гушмазукъин вешин ши кӀант вуйла шена хуъушехь, кхарна хӀун товр ца хууш:

– Хаац, дера, суна-м, царех уьш муьлхарш бу. Ма-дарра дийцича, вайна хӀун башха бу уьш, оцу зуламхойн тоба жимйелчахьана, – аьлла, куьг а ластош, къамел хадийра.

Оьрза-ГIаларчу чӀогӀачу чагӀаро дика кеп а йина, сакъералуш вовшашца къамеле бевлла чохь берш Ӏадода дуьйцучуьнга башха ладугӀуш бацара. «Башха-м, хьо ваха, дара и полковник… Гушмазукъин некъий ма-барра хьайна бовзахьара, хуур дара хьуна иза-м», – аьлла, шен дагахь ойла а йина, Ӏадода, йуххехь Ӏачу МахкатӀерчу йуьртдега хаьттира:

– ГIовда, хезий хьуна. Царех кхелхина шиъ муьлха ву техьа !

– Хьанах?

– Гушмазукъин тобанах.

– Ой, кхалха мукъана а кхелхиний кхарах?

– Кхелхина боху.

– Хьан ?

– Полковника.

ЧагӀаро цӀийбина и боккха ши бӀаьрг а керчош, хьалаиккхинчу ГIовдас, катоьхна схьаозийнчу кхелинчу шаьлтана макъара тӀе буй а биллина, долийра лерана:

– Господин полковник, со МахкатӀера йуьртда ГIовда ву… Шек дӀа ма валалахь, кхузахь хьан лаамна дуьхьал вистхила стаг вац хьуна… Хилахь, ас дала тохуьйтур ду, ала гӀерташ оьрсийн маттахь цхьа гӀучӀа а бина, йуха хаьн тle катоьхна, баттара шен тур схьаозийра цо.

– Полковник волчохь герзаш ма хьеде. Ахь кхин гӀовгӀа йахь, и къечӀалгаш схьа а йаьхна, ас таIIийна чувуллур ву хьо, Ӏовдал, – аьлла, эцца чувеанчу эпсара ГӀовда охьахаийча, арахь йеш гӀовгӀанаш хезира.

– Полковник ша аравалийта.

– И ган лаьа тхуна.

– Цуьнга дан къамел ду тхан…

– Къордийна. Тоьур ду тхан хьийзадар! – бохуш, уьйтӀара схьа чу маьхьарий хьекхара.

– И хӀун ду? Муьлш бу и rloвrla йийраш? – ша Ӏачуьра хьала а гӀоттуш хаьттира округан начальника, чувеанчу эпсаре.

– Господин полковник, хьо ган лууш, йарташкара баьхкина ахархой бу уьш, – элира, лерга йуххе куьг а дохьуш эпсара.

– Суна хӀун дохьуш баьхкина уьш? – оьгӀазе бӀаьргаш къарзийра полковника.

– Кхузарчу хьакамашна аьрзнаш дохьуш баьхкина, господин полковник.

– ХӀун аьрзнаш ду уьш? Хьанна оьшу уьш?..

– Йал шалха йаьккхина шайгара, боху цара, ца йеллачуьнгара йетт баьккхина, чуьра кӀудал йехьна, меттара истанг даьккхина…

– Тоьур ду, тоьур ду! – аьлла, арарчу наха детта маьхьарий дайъа санна, мохь а тоьхна: «xlapa хӀун ду ахь кхузахь лелориг?» – хатта дагахь волчуха, пурстоьпана тӀевирзира полковник. И вара хьуна уьш тхоьга леладайтинарг-м, аьлча санна, хьаьвсина йуьртдай а севцира.

– ДӀабаха уьш кху гloпepa, и гloвгla кхин сан лерга ма хазийталахь, – пурстоьпе куьг а ластийна, дехьа чу вахара полковник.

– Кху сохьта, – бӀаьштиге куьг а айдеш, йуьртдай шена хьалхабохуш, араиккхира пурстоп.

Цу аьрзнашций, цаьрцачул башха пурстоьпаций гӀуллакх хилла а йа белхан бала кхаьчна а ца веанера кхуза полковник Дубов. ТӀейогӀучу аьхка Соьлжа-ГIали чу хӀутту долчу тевнах ведда, шен экам Ӏамийнчу хӀусамненаца цхьанахьа Ӏаьржачу хӀордан йисте садаӀа ваха дезара. Масане дара уьш кхин а полковникан йоккхачу хӀусамехь оьшурш. Цу гIуллакхашна ахчан йаккхий харжаш йезара. Ткъа, полковникана пачхьалкхан казнера догӀу алапа кхуьнан зудчо кучамашний, ӀатӀаршний дойий чекхдоккхура. Цундела, кху лахарчу хьаькамаша къечу ахархошкара боккхучу болах шена догӀу дакъа схьаэца шарахь цкъа-шозза араволура полковник. Веданахойн кӀошта йоккха меттиг хиларна, кхуза ша керла округ йуьллу бохуш а, дуьйцура. Иза а дара хӀинца Дубов араваларан бахьана: и марш карара балале, кхоччуш цӀуббан безара.

Иштта веъча Черновc цкъа а ваьсса ца верзо Ӏамийнчу полковникана, ша вийсича стоьла кӀелхьара схьа а оьзна, шен тӀаьрсикан чамди чу хьаьжча, хӀинца а цу чохь Николайн ахчанан йоккха ши туп карийра. И ахча карийча, дагна дикка хьаам хуьлуш, велакъежна шен чамда дӀа а къевлина, вахана лекхачу кора хьалха хӀоьттира Дубов.

Кертара дӀо гена урам тӀе а баьхна, и арзана баьхкина ахархой лаьхкиначу стражникашка хьаьжжинчохь и лаьтташ, чувеанчу Чернове элира:

– Антон Никонорович, и питана дохьуш баьхкинарш, ас берриш а шайн меттигашка дӀахьовсий хьуна. Ахь са ма гатделахь, вайн гӀуллакх ледара хир дац хьуна.

Кхузарчу нехан лаамаш а, дог-ойла а Черновначул дика йевза полковник:

Э-эхӀ, Иван Степаныч, говза вац хьо, – аьлла, пурстоьпан гӀуллакхех ца вешаш куьг а ластийна, вахана доккхачу куьзгана хьалха лаьттачу кӀедачу гӀанта охьахиира.

Цецваьлла хьеше а хьаьжна, пурстоьпа полковникана тӀе а вирзина элира:

– И хӀунда боху ахь, Антон Никонорович? Ой, ас нийса некъ лело дела ца везий со-м кхузарчу нахана.

– И ца дуьйцу ас, Степаныч, и хьан нийса некъ-м гам а белла, стигала балахьара.

–ТӀаккха? – кхин а чӀогӀа цецвелира пурстоп.

– Xlapa нохчий вай Сибарех эхийтарххий, тӀамехь байъарххий къарлур бац, Иван Степаныч, – аьлла, сецира хьаша.

– Суна-м хаац, кхарна кхин xly дан деза, – хаттаре хилира пурстоп.

И шиъ кхин вист ца хуьлуш, дикка хан йелира.

– Царна вовшашна йукъахь цхьа барт ма хилийтал ахь, Степаныч, и ду хьуна коьртаниг, – аьлла, вуха а вистхилира полковник: – Уьш боькъуш, царна йуккъе питана алсам тосуш, ахь хьайн меттиг чӀагӀйахь, кхузахь вайна луург чекхдаьккхина ваьлла хьо, тӀаккха кхерам бац хьуна, – хьоьхура полковника. – ХӀинца кхетий хьо? – аьлла, хӀусамдега шен сийна жима бӀаьрг а таӀош, велакъежира хьаша.

Кхин ала дош ца карийна, хьешо бохучунна чӀогӀа реза хилла, корта таӀийра Черновс.

Шениг чакхдаьлчхьана кхин кхузахь гӀуллакх доцчу полковника, тохара санна корах ара а воьрзуш, элира.

– Хьоме Степаныч, хӀинца ахь и сан нах вовшахтохахьара, новкъа вер вара со.

– Ой, хьо стенна сихвелла? Тховсалера буьйса мукьане а цхьаьна йаккха вай, – дийхира пурстоьпа.

– ХӀан-хӀа, баркалла. Сиржа-эвлахь саца везаш, гӀуллакх ду сан. Хьада, сан накьостий кечбе ахь, – йуха а схьавирзира иза.

Чуьра араволуш, неIсагӀи тӀехь саца а сецна:

– Антон Никонорович, цхьа чӀогӀа дехар ду сан хьоьга, – элира Чернове, лерина шен хьешан бӀаьргаш чу а хьаьжна.

– ХӀун ду и, Степаныч! Схьаалал.

Ша и муха эр ду ца хууш, лаьттара пурстоп.

– Схьадийца, Степаныч, ас хьайна муьлхха а дехар лур дуйла ма хаьа хьуна, – аьлла, тӀе а веана, и хьостуш, хӀусамден белша тӀе куьг туьйхира хьешо.

– Хьан лай хилла лийр ву со, Антон Никонорович, и Гушмазукъий, цуьнан воӀ Зеламхий цу каторгера дийна вуха ма верзийтахьа. Цу тӀехь гlo дехьа сан, – аьлла, чӀогӀа дийхира пурстоьпа полковнике.

– Ой, иштта новкъа бу уьш кхузахь? – цецвелира полковник.

– Новкъа хилла а ца Ӏа.

– ХӀета, и дехар делла ду-кх хьуна, Степаныч. Шек ма хилалахь, шарIан кхелах бевр бац хьуна уьш. Кхузарчу Оба-Хьаьжицамуха ву хьо?

– Цо-м вай бохург дийр дара.

– ТӀаккха вайи карахь ма ду и, – аьлла, йуха а пурстоьпан белш тIе куьг туьйхира Дубовс, и ара а тоттуш.

– Баркалла, Антон Никонорович, – аравелира пурстоп.

Полковнике и дехар дар Черновна тӀе а диллина, нагахь xloкхуо и кхочушдахь, кхунна цӀечу дешин цхьа бӀе туьма ахча дала тӀе а лаьцна, дӀаваханера ГIовдий, Ӏадоддий. «ХӀинца-м кхузара новкъавала шайкай хир йара суна», – бохуш, дагахь воккхавера Чернов.

Ша чохь висинчу Дубовна дагадеара хӀинца, Уланскин полкан къона эпсар волуш, шен дуьххьара Нохчийчу вар. ХӀетахь дуьйна а, хин волу округан начальник, шайн таронашка хьаьвссина кхузахь Терски областан атаманана гондахьа, кӀезий санна, хьесталуш хьийзачу цхьаболчу нохчашца гергарло тосуш волавелира. ХӀетахь дуьйна схьа а, Петарбухерчу паччахьа кху Малхбузехь лелочу гӀуллакхашца къаьсттина ша говза хила тарлуш хетаделира Дубовна.

И меттиг шен чӀагӀйан гӀерташ Дубове нохчийн меттан иттех дош а Ӏамийнера, хьаша-да тӀеоьцуш а, чохь доьзалхочуьнга къамел деш а, тӀехула нохчех тарвала гӀерташ кеп а лелайора.

Петарбухера схьайогӀучу политикан кепаш, йеа йуьхь йоцуш, шайн ирчонца гучайевлла хьийзара кхузахь. Иза а шайн ондачу буйнан ницкъ гайта гӀерташ дара. Делахь а цу ондачу буйнан политикаца кхузахь хӀинцале хийла дас шен корта кагбинера. Цундела, «кху акхарошца хӀиллий, тешнабехккий лело беза xlopш шайн герз шаьшка шайна а доьттуьйтуш хӀаллакбан беза», – бохура Дубовн ойлано. Изза хьехнера кхунна Терски областан атамана a xlapa Соьлжа-ГIалин округан начальник вина ша кхуза хьажош.

7

ШаӀбан бутт йукъал тӀехбаьлча буьйсанна кхеттане а беттса ца кхета. Цундела, шаӀбана беттан 18-чу буса хиллачу девнехь вийначу стагана шена хьан тоьхна хаа а, йа и тоьхнарг вевзаш ган а гарлац. Ишттачу меттигехь вийначу стеган цӀарах кхелехь дина тоьшалла бакъ а дина, цунна тӀетовжар нийса дац, аьлла Гуьржехарчу сардалан Лакхарчу кхелан палатехь дов а дохийна, хан йаккха дӀавахийтинчуьра, вуха а Соьлжа-ГIаларчу набахте верзийнера Гушмазукъий, цуьнан воӀ Зеламхий, вешин воӀ Ӏисий, шолгӀа вешин воӀ – Ӏела Илецкехь кхелхина дӀавоьллинера.

Иштта цхьа йамартло а лайна кӀелхьарабевлла хӀорш, ламанхойн дешан кхелехь, шарӀаца хатта дезаш дов ду шуна тӀехь, – аьлла, йуха а набахти чохь совцийнера.

Бакъдерг мел дукха дийцича а, веданахойн пурстоп Черноввий, харачойн йуьртда Ӏадоддий паччахьан гӀуллакхехь мел ву шайна паргӀато йер йоцийла хиъна Ӏиса, даге и ла а ца делла, кхузахь кхелхира. Ткъа, массарел тийна Ӏан Зеламха, уьш массо а лайна, халоно вахчош – чӀиранна кечвеллера. Дерриге а дохийнера паргIато цахиларо. Тахана санна, цуьнан хама а хууш, цкъа а ца йезнера и къоначу стагана.

Цхьана Ӏуьйранна чу а баьхкина набахтин хехоша шена йуххехь Ӏуьллучуьра Ӏисин дакъа шаьш и стенга хьо ца олуш, ара а даьккхина дӀадаьхьчахьана, чов хилла экха санна, къаьсттина дарвелла хьаьвзира Зеламха. Иштта xlapa камера чухула дӀасалелаш, кхул хьалха валийна, хӀокху чохь воллучу Саламбека, лере а таьӀна:«

– Воха ма вохалахь, Зеламха, вай дохарх хила гӀоле йац хьуна. Дика ойла а йина, паргӀато йаккха хьовсур ду вай, – шега аьлча, цу «паргӀато» бохучу дашах боккха там хилла, ладоьггӀинчохь сецира Зеламха.

– «Ванах, и паргӀато йаккха хьовсур ду вай, бохург», бухахь цхьа дегайовхо хила меттиг а йолуш мукъана элирий техьа цо?» – ойланаш йеш вехха лийлира иза, Саламбеке и хатта ца хӀуттуш. Бехк а бацара: арахь нисдан дезаш дукха хӀуманаш дисинера Зеламхин. Кхин хӀумма ца хилча а: – «Варий, хьуо дийна аравалахь, цунна ца луъушехь, вайгара нуьцкъала йаьккхина дӀайигна Зезаг нахехь ма йиталахь», – бохуш, дехарш деш кху чохь кхел хина Ӏиса тоьур вара…

Цхьана сарахь камера чуьра тутмакхаш цӀанонна арабаьхча:

– ДӀахьажал, Зеламха, и дӀогара пен вайн готтачу хӀусаман арахьара arlo бу хьуна. И пен вайга хадалахь, оззийна схьайаьккхина xlapa хьаштагIан неӀ цу кертаца хьала а хӀоттийна, дехьадевлчхьана пaprlaтe довлу-кх вай,– элира цуьнга, йуххе а веана, Саламбека.

ХӀуманна тӀехь гӀиллакх долуш, шена тӀебоьжначу кху балин, собарца, кӀорггера тидам беш xlapa хиларна, Зеламхех чlorla бӀаьрг буьзнера Саламбекан.

ДӀо керта маьIIехь чардакх тӀехь лаьттачу гӀаролах бӀаьрг а тоьхна, вухавирзина, цу пена тӀехьа а хьажна:

– И пен а хадийна дехьадевлча, гӀали чуьра араболу некъ карор буй вайна, Саламбек? – хаьттира Зеламхас.

– Цу керта тӀехьашхула и тата а хезаш доьдург Соьлжа ма ду, – элира, шена тӀехьа а хьаьжна, тийначу озаца Саламбека. – Цу хица вахана кху гӀалех вала-м ши бӀаьрг боцчунна а хуур ду.

– Вало, вало! Стенга хьоьжу хьо и бӀаьргаш хье тӀе а баьхна? – аьлла, тӀаьхьашка дӀатеттира хехочо Зеламха.

Зеламха оьгӀазе вухахьаьжира хехочуьнга.

– Схьаволо, цуьнца ма къийсалахь, – аьлла, Саламбека озийна камера чу валийра шен накъост.

Векъано лекхачу дегӀахь волчу Саламбекан горга, Ӏаьржа бӀаьргаш, дуьненна а оьгӀаздахча санна, шайн ницкъах тешна генна хьуьйсура. ХӀетте а, цуьнан хаъал морзгалмоьнаш аьгначу стаогалле йуьхьа тӀехь зуламна бехке доцчу адаман ийман а, собар а сецнера.

– Да-нана доцуш байлахь висинчу сан ткъе шиъ шо кхаьчча, девашас зуда а йалийна, эвла йисттехь дакъа а даьккхина, бевваьккхира со, – аьлла, дийцира Саламбека шен дахарх лаьцна. – Хало-м дара, делахь а, вахалур волуш таро йинера ас: цӀенош а динера, арахь урд леладора, кертахь йатт а, иттех уьстагӀ а бара. Амма, шен ницкъ а кхочуш, со вахийта дагахь вацара тхан йуьртда. ХӀун дара а хаац. Суна лиънарг цунна гамлора, ас динарг, и Далла хьалха дина ламаз делахь а, цунна хьалха зуламе хуьлура. Иштта, бийъа ког гӀортийна, со акхаваккха орцахвелира и.

– Ахь дийцарехь, ма тхайчух тера ву и шун йуьртда Саламбек, – элира Зеламхас.

– Дера хӀета, иштта-м ву, – бохуш, дуьйцура Саламбека шен гӀуллакх. – Кхин цо вуьтург а ца хилла, атамане арз йаздира ас цунна. Атамана сан арз пурстоьпе делла, цо тхан йуьртдех тоьхна. И сан арз гича карзахваьлла хьаьвзинчу цо кху чу кхоьсси-кх со …

– Цундела, олу хир ду-кх вайнаха: «БӀаьвнан деца къийсинарг девнехь ца тоьлла», – элира Зеламхас, доккха са а даьккхина.

Къамелана тӀийра а воцуш, тийна, шена гондахьа леларг кӀорггерчу ойланца тӀеоьцуш и хиларна Зеламха дукхавезавеллера Саламбекана.

– Гуша, – элира Зеламхас, цхьана буса камерехь массо а тутмакх дӀавижинчул тӀаьхьа, шена йуххехь Ӏуьллучу ден лере а гӀоьртина, – сайн аьтто балахь, кху чуьра вада воллу со.

– Хьо эгӀа-м ца вина? Муха? – цецвелира да, шен кьежйелла Ӏаьржа, йеха маж, гӀевлингарчу вертан тӀера схьагулйин, буйна а йуллуш.

– Лaxa кӀелдӀашхула xlapa пен а хадийна, – элира Зеламхас, бегаш бечуха, шен коьрта тӀехьа, пенах схьа а гӀоьртина боллучу тӀулгах пӀелг а тоьхна.

Меллаша хьалаайвелла, пене хьаьжинчу дас, кхин а чӀогӀа цецваьлла, дош ца олуш, корта ластийра.

– ХӀан-хӀа, Гуша, и чекхдаьлла, – элира кӀанта. – Соьга кху чохь кхин сатохалур дац. Нагахь и аре хьайга лалур йу аьлла хетахь, суна тӀаьхьахӀуттур ву хьо.

КӀеззиг ойла а йина:

– Обарг а ваьлла аре лелалур йац соьга, кӀант, сайн дегӀана дика реза вац со, – элира Гушмазукъас, доккха са а даьккхина. – Воккха хилла, могуш вац.

Вада кечвелларг, билгалваьккхина, мила ву ца хаахь a, xlapa тховсалерниг пхоьалгӀа буьйса йара, роггӀана цхьацца текхий паднар кӀел а воьдуш, и пен ахкар цара ца сацош. Схьагуш кхин де а цунах дош хир ду ала хӀума дацахь а, лерана ладоьгӀчунна цу пенан кӀело охкуш йерг онда оьпа йу, аьлла, хетар дара. Кху чохь болу аьчкан кад а, Ӏайг а бохийна, «белаш» йинера, роггӀана хуьйцуш лело…

Ша къоро велахь а, и хезаш хилла Гушмазукъа а хӀинца кхийтира кху чохь лелочух а, лелачийн коьртехь лаьттарг шен кӀант Зеламха хиларх а.

Чуьрчех кхин башха лачкъийна лелош а дацара иза. Мелхо а, массо тутмакх цу балха тӀехь гlo лаьцна схьавогӀура: цхьаболчара, паднара хьалха а ховший, гӀийла илли олура; вукхара, неIapa тӀехь йолчу волчокехула хехо камера чухьаьжча, неӀара хьалха а хӀуьттий, йовхарш тохара йа къамелаш дан ГIерташ, гӀовгӀанаш йора; массара а бохург санна, цӀанонна арабовлуш киснахь, четахь латта арадоккхура. Делахь а, Гушмазукъа гӀуллакха тӀехь шен са дууш, амална вуно сиха хиларна, цо чомахь болх бан цавитарна кхийринчу Зеламхас, болх гена баллалц, ца хаийтинера и шен дега. Ткъа, хӀинца, и хиъначул тӀаьхьа, Гушмазукъа сов чӀогӀа собаре хиларх ца тешаш воккхавечу кӀанта:

– Нагахь аравалар хилахь, уггаре а хьалха хӀун де ас, Гуша? – хаьттира дега.

– Уггар хьалха цу жӀаьлешкара Зезаг схьайаккхалахь, – дийхира дас. – И эхь вайна тӀехь а дуьсуш цӀа вогӀучул, кху чохь валар гӀоли йу суна… – Ирча ойланаш даг тӀе хӀиттина, цхьана минотехь вист ца хуьлуш а Ӏийна. – Хьайн ницкъ кхачахь, Чернов а велахь, гӀийлачу нахана и сонта курбетташ хьербевлла хьийза Ӏадодан некъий а ма бицбелахь, – элира дас, кху чохь и цхьанна хазарна кхоьруш санна, аз а лагӀдеш.

Дикка хан йелира, и шиъ кхин вист ца хуьлуш. КIанта шена жоп ца делча, лере а гӀоьртина:

– Хезий хьуна? – хаьттира дас.

– Хеза суна, Гуша, хеза, – элира Зеламхас, томкин кӀуьрой, мозаший Ӏаржбинчул совнаха, чохь гӀийла богучу чиркхо ишта а кхоьлина гойтучу набахтин тхевне хьалахьаьжначуьра кхин дӀаса ца воьрзуш.

ЧӀогӀа гӀелвелла, йа ша кӀанте динчу весетах тоам хилла, камера чувогIучу неIара тIехула даьккхинчу Ӏуьргара гӀийла схьакъедачу цу чиркха тӀера дӀавирзинчу Гушмазукъина набаран тар тесна цхьа пхи минот йалале, чувеанчу салтичо, шен хӀуманашца ара а ваьккхина, дIавигира Зеламхин да.

Паднарана хьалха, цӀенкъахь Ӏуьллучо, тӀетесна верта хьала а айдеш, шен когах куьг Ӏоьттича, меттавеана Зеламха, чухьаьжинчунна ша меттахь ву моттийта, вертанах йина бог цигахь а йуьтуш, паднар кӀел вахара.

Тийначу кху камера чохь, цхьа цӀеххьана чӀогӀа ног йетта доладеллачу шен деган тата бен, Зеламхина хӀинца хезаш хӀумма а дацара. Учахь камершна хьалхашхула, дӀасалелачу гӀаролан когийн татанаш а дӀатийнера хӀинца.

Керла схьакхетта бутт стиглара къайла а болуш, арахь а тийна, Ӏаьржа бода хӀоьттинера. тап-аьлла, инзаре чӀогӀа шен къайле хьулйеш, Ӏалам а набарна дижнера, мерзачу набаран таро тӀаьххьара бӀаьргаш хьаббеш массо адам а, уьш санна, набахтера чаьлтачаш а, цара къиза хьийзо, декъаза тутмакхаш а цу набаро Ӏехийнера Зеламхас набахтин пенах доккхучу Ӏуьргара буха бисина боккха тӀулг дӀа а теттина, цуьнан йуьхь тӀе паргӀатчу арара цӀена хӀаваъ кхеташ…

Набахтин кемсарлехь, ша ха дечохь, дӀа а тевжина, наб озийнчу эпсарна арахь деш цхьа татанаш шена хезаш санна хетаделира. Кора дуьхьлара мокха гата дӀа а теттина, уьйтӀа хьаьжначу цунна хӀумма а ца гира, цу йоккхачу уьйтӀахь, мехкдаьтта даго цхьа фонарь бен, кхин серло луш хӀума цахиларна.

Ишттачу меттехь тидам ца баро гӀалатвойла хуу эпсар, ара а ваьлла, учахь сецира, Ӏаьржачу боданах шен бӀаьргаш болийта. Мел лерина хьежарх кхин хӀумма ца гора. Гуьйренан хьалхарчу беттан шийлачу махо гӀали тӀехула такхийна хьош Ӏаьржа, тӀуьна мархаш йара, уьш а кхин схьагуш йацара, делахь а, оццул къайлаха йоьлхучу цара, вовшах хьекхалуш, шах-ших деш санна хеталора.

Учара охьа а воьссина, уьйтӀахула волавелла, набахтина гуобаьккхина эпсар, кхин зуламехь хӀума ца гина, чу а веана, цу шен тохарлерачу декъачу гӀантахь дӀатевжира.

Сахилча нelape веана, волчокан негӀар хьала а айдина, чухьаьжначу гӀароло камера чуьра тутмакхаш багарбича, ткъаннах виъ ца тоьара чохь. Буха а, буха а багарбира. Вацара виъ тутмакх.

Цу йехачу буса кху Ӏаьржачу тхевна кӀел лаьттина и буьрса тем, топ санна, эккхаш, цӀеххьана гӀовгӀа йелира набахтин учахула дӀасауьдучу нехан, дохучу догӀанийн, йеттачу неӀарийн.

8

Массаьргара а бол боккхуш шен кӀоштӀахула чекх а ваьлла, цӀа вирзинчу полковникана дӀахаза кӀелхевшина вуно ирча кхаьънаш дара Соьлжа-ГIаларчу кемсарлехь Ӏохкуш.

И хууш санна, цу шен кемсарле ваха ца сихвеллера Дубов. Набарх воллушехь латийна, йеха цигаьрка багахь а йолуш, бехачу некъо гӀелвина, хӀинца а меттаванза, шен лекхачу аьчка-маьнги тӀехь, кӀайчу кисийн меттахь, хьешча санна, дегӀ а доьхна, ойла йеш Ӏуьллура иза.

Чохь шортта делахь а, ша-шеца а висна ойла йича, хьанал къа а хьоьгуш гулдина хьал кӀезиг дара полковникан хӀусамехь. Кхунна тӀехьа пенах болу гӀажарийн боккха куз Йоккха-АтагӀарчу йуьртдас кхоана беанера, цIенкъара и санна боккха куз а ГIалитӀарчу цхьана совдегаро беллера, иштта чудеанера дӀо сонехь лаьтта варкъ даьккхинчу гура чуьра доккха куьзга а, дехьа чуьра концертни ройаль а. Ишттачу рицкъанах цуьрриг хьожа а ца йогӀура округан начальникана, и дахар цуьнан хьекьалца вуно дика тарлора.

Цуьнан хин басахь севцца бӀаьргаш даза дисинчу пачхьалкхан гӀуллакхан гӀайгӀа хилла а йа xlapa цӀера ваьллачул тӀаьхьа гӀали чохь хилларг хӀун ду хаа гӀерташ а дацара. Дубовна кӀезга бала бара Зеламхин а, иштта и шена дика хьошалла динчу пурстоьпан Черновн а, и волчохь ша томана хаза хабар дийцинехь а. Полковникан даго кхин лоьхура: шен цӀен тӀехь машар а, хьал а, дегӀана ховха меттиг а.

Вочу дестечун шуьна тӀехь йаьжча санна, дегӀана йекъана, лезанан гӀуркх санна, йеха полковникан хӀусамнана, ницкь ма-кхоччу къонйала гӀерташ, шен йаккхий хьаьрса месаш дӀатайеш, схьатайеш, куьзгана хьалха а хьийзина, тахана йалхо ца хьажош, базара ша йахара, шортта дохьуш веанчу майрачунна качйелла, шен даго ма-бохху, шуьна тӀехь там бан лиъна.

Тохара йезаш йалийнехь а, хӀинца и бӀаьрга духьалара дӀайаларх са ца гатдора майрачо. Делахь а, хӀинца цуьнца дерг дӀахадо ца тарлора: зама а йахнера, даккхий бераш а кхиънера. ХӀетте а шен дегӀо балхочу хьайбанан латкъамна хьалха сатоха ца лаара, хаъал маж а къежлуш, хан тоьхначу къонахчунна.

Зуда ара ма-йелли, шен буйнара оьзна йаьллачу цигаьрканан йуьхьиг чимтосурга а тесна, xlapa телефонан луьллане дӀакхевдича, цуьнан горгали схьабийкира.

– ЛадугӀуш ву… Мила-а?… Вон хеза суна, луьлли чу «хӀуп» – алахьа. А-а, Анна, хьо йу xlapa? – полковникан йоккха йуьхь йерриг йелаелла йаьржира. – Сол дукха йехар йукх хьо… Хьоьга дӀатоха со кечвеллачу минотехь ахь xlapa схьатоьхна дела… ХӀан-хӀа, иштта ма ала, Анна. Ас хьо цкъа а ца йицйина… Анна, собарделахь, цхьаъ-м ву тхан чугӀерташ. Со тахана балхахь хир ву хьуна, дӀакхеталахь. Сан чӀогӀа къамел ду хьоьца, – луьлла охьа а йиллина: – Мила ву цигахь татанаш дийриг? – хаттар деш, дехьа чу мохь туьйхира Дубовс.

Цхьаммо а жоп ца делира.

– Ой, мила ву цу чувеанарг? – йуха а мохь туьйхира полковника, шен меттара хьалагIеттина, маьнги хьалха Ӏохкучу кӀедачу кӀархаш чу ши ког а буллуш.

– Хьо хьаьнга кхойкху, Антон Никонорович? Со йу кху чохь йерг-м, – элира дехьа чуьра схьа цуьнан къоро йолчу йалхочо.

– Т-фу, йистхила ца мега хьо, Ӏовдал, – аьлла, цунна тӀе а. чевхина, и чуйеанарг шен зуда цахиларх воккхавеш вахана доккхачу корах арахьаьжначу полковникана хьалхарчу майданахь дуккха а салтий гира.

Цхьаберш: – «гӀулч шуьйра йаккха!» – бохуш, тӀе а чехаш, болар дан Ӏамабора царех, вуьш Ӏамабора цхьамзанаш Ӏитта. ДӀо дӀанехьа майданан маьIIехь, ши салти вовшашна дуьхь-духьал а хӀоттийна, йеха гӀашлойн тоьпаш цаьрга цкъа белш тӀе йохкуъйтуш, йуха когашка хӀиттайойтуш хьийзара цхьа къона эпсар. Шегара дӀа а эцна. маситтазза и топ муха лело йеза эпсаро шена гайтарх, кхеттане а ца кхетара цу шиннах цхьа салти. «Хьай, наьӀалт хила хьуна! Ма осала кхиъна тӀаьхье йу. Цу марш тӀе тӀара а тоьхна, и уккал цуьнга хьала ца ойбуьйтуш, гой хьуна цо цуьнца хьоьгу къа» – аьлла, шен дагахь цу эпсарна йаппарш а йина, сов чӀогӀа оьгӀазвахана, хьерйаьккхина схьайеттачу телефонан луьлла кхин хьала ца ойбуш, йуьхь-куьг дила, дехьа чу вахара полковник.

Массо а кепара дегӀана цӀано йина ваьлча, комаьрша хӀоттийнчу шуьна тӀехь, Ӏаьржачу кофеца конйак молуш, хӀума а йиъна, вахара полковник пачхьалкхан балха.

Балха веанчу полковникана цу Урхаллехь болу шен белхалой, хӀинцца тезетара чубирзича санна, кхоьлина хетабелира. Делахь а, цу суьртан дуьхе кхиа ца гӀоьрташ, собарца шега хаьттинчу маршаллина иштта шийла жоп а луш, неӀ йиллина лаьттачу шен йоккхачу кабинета чу велира Дубов.

Къамел дӀа муха долор ду ца хууш, тӀаьхьа чувеанчохь воьхна лаьтта шен гIоьнча эпсар кхин вистхирг а ца хилла:

– Tlaккxa, схьадийцал, хӀун ду кхузахь керла? – хаьттира цуьнга полковника, стоьла тӀехь Ӏуьллу йоккха Ӏаьржа папка хьалха а озош.

– Господин полковник, селхана Чурт-ТогӀерчу гӀалгӀазкхаша, станицан гуламехь дов а даьлла, шайн йуьртда вийна. Ткъа, набахтехь…

– Муха? Муха элира ахь?.. ГӀалгӀазкхаша шайн йуьртда вийна-а? – хеттарш деш, хьала а иккхина, шен гӀоьнчин къамел хадийра Дубове. – И хӀун ду. царна хӀун ца тоьъна?

И йуьртда вуьйш хиллачу девнна бехке верг ша волуш санна, воьхна, муха олу а ца хууш:

– Иштта меттиг хилла, господин полковник, – элира эпсара. – ХӀинца а ма-дарра и мича бахьанина хилла хаац. Тахана сатоссуш бахана цига и талла нах.

– Муьлш бу баханарш? – шен буйнарчу къоламан йуьхьиг кагйира цо, кехата тӀе а таӀийна.

– Суьдан пурстоп а, цуьнан талламхо а. Дуьххьара схьабинчу хаамо и дов латта къевсина хилла бохуш дуьйцу…

– Латта, латта! И дерриге а латта церан дац? НаьӀалт хуьлда царна, – аьлла. йуха а цуьнан къамел кагдеш: – БуритӀа, атамане хаийтиний xlapa? – хаттар дира полковника.

– ХӀан-хӀа, Хьан сийлалла, – аьлла, бӀаьштиге куьг лецира эпсара.

– Ши-кхо бутт бац хьуна цу пурстоьпе ас цига ладогӀа баьхна, – аьлла, дийцира, кӀеззиг меттавеанчу полковника. – Peгla кӀелхьара и диках долу латта йуьртдас шен гергарчарна а делла, нах реза бацара цунна. ГIуо, хьажа и хӀун ду, ас бахарх ца воьдуш, хӀинца кулла тӀе моьлкъа боллучу хенахь ваха-кх xlapa цига.

– Хьанна моьттара и цигахь хир дуӀ – элира эпсара.

– Мотта деза, господин капитан, мотта деза, – элира полковника, цу Ӏаьржачу палки тӀера кхин хьала ца хьожуш, аз а айдина.

Эпсар, сара санна озавелла, кхин вист ца хуьлуш, сецира полковникна хьалха.

Папки йукъара схьаэцначу цхьана кехата тӀе хьаьжжинчохь, бӀаьргаш хье тӀе йевлча санна, хьала а айвелла:

– Ой , xlapa хӀун ду? – аьлла, и кехатан цуьрг, цу эпсаран мера кӀел а йехьна, ластийра Дубовс.

– Господин полковник, xlapa а селхана, сатоссуш, хилла-кх, – элира эпсара, цкъа а шена ца гича санна, цу кехате а хьоьжуш. – Хьо муьлхачу эвлахь ву ца хууш, цӀа ма-кхеччи йа ахь цхьанахьара телефон ма-туьйххи хьоьга дӀахаийта аьлла, хьан хӀусамнене хаам ма бинера оха.

– ХӀусамнене? Мила ву кхузахь округан начальник: со йа xlyсамнана? – йуха а цуьнан дош кагдира Дубовс. КIеззиг вист ца хуьлуш а Ӏийна: – Муха бахана уьш цу чуьра дӀа, набахте йохийна йа цуьнан массо а хехо вийна?

– Цхьа а ца вийна, господин полковник, – элира меттавеанчу эпсара. – Паднара кIелхула набахтин пенах Ӏуьрг а даьккхина. вай лецначу обаргех СогIoпшapa Саламбеккий, ШаӀми-Йуьртара Бисолтий, Шелара Дикий, Илецкийн каторгера вухавалийна волу Гушмазукъин Зеламхий сатасале, чуьра ара а бевлла дӀабахана. Ткъа ха деш болчарна Ӏуьйранна тутмакхаш багарбеш бен хӀумма а ца хиъна.

– Харачуьрчу Гушмазукъин Зеламха вахана бах ахь? – ца тешаш йуха а хаьттира полковника.

– Бах те.

Цу ирчачу кхаьънаша дог а гӀелдина, крйесли тӀе охьаваханчуьра халла хьалаайвелла, кора хьалха а вахана:

– И дерриге а динарг Зеламха ву, – элира Дубовс, ша-шега луьйчуха. – ХӀокху дезткъе итт шарахь цхьа тутмакх ца ведда цу чуьра и Гушмазукъин кӀант кху набахте кхаччалц. ХӀинца хаьа суна, пурстоп Чернов бакълийнийла. – Некха тӀе диллинчу куьйгаца дог а лаьцна, вухавирзинчу цо: – Ведана хаийтиний а хlара?– хаьттира.

– Цу сохьта хаийтина, – аьлла, духа а шен лерга йуххе куьг дехьира эпсара.

– Шела?

– Цига а хаийтина.

Цхьана минотехь вист ца хуьлуш и Ӏийна:

– Вуно сиха кхайкхий, набахтин начальник схьавалаве суна. Хетарехь, и бевддарш, билггал, Ведана хьала гӀорта тарло. Цига а, Шела а зӀе тохий, царех хааделла цигахь хӀума ду-дац а хьажа суна, – элира Дубовс, йуха кехаташ кего а волалуш.

– Господин полковник, бакъо лохьа вистхила.

– Схьаалал.

– Уьш Соьлжа-йуьртахь севцца аьлла хабар а деана ,цига баха кечлуш ма бу вайнаш.

– А-хӀа, – шена цхьа хӀума карийча санна, цецвелира Дубов. – Мила ву цига ваха кечлуш верг?

– Граждански гӀуллакхаш лело хьан гӀоьнча а набахтин начальник а.

– Делахь хӀета, ас сайх ца кхеташ ма гlyo боху ала цаьрга, – аьлла, омра дина эпсар ара а ваьккхина, ша кабинетехь висира полковник.

* * *

Оццул дукха салтий шайн эвла бахкарна цецбевллера соьл-жахой. Тайп-тайпана дуьйцура эвларчу наха уьш иштта дукха бахкаран бахьана. Цхьаболчаша:

– Базаран дийнахь йуьртда волчохь сакъйера баьхкина хьаькамаш ларба балийна уьш, – бохура. Вукхара:

– ХӀан-хӀа, билггал вайн эвла цхьа xIoнc эцна баханчу обаргийн лар йеана, – бохура. – ДӀахьовсал, гой шуна, базарна гуо тесна ца Ӏаш, эвла мел богӀу некъ лаьцна цара, – чӀагӀдора цара шаьш дуьйцург.

– Кхузара-м гlyp бац хьуна уьш дӀа. ДӀо йнстера дуьйна дуьйлалой, массеран цӀийнах а, божалх а, буьнах а хьовсуш, гатбелаш царна кху йуьртан гуо, – омра деш, хьийзара полковник Дубов.

Мел лерина хьовсарх кара хӀума ца догӀура. Йоккхачу базарахь хӀоьттинчу гӀовгӀано таро йохийнера полковникан. Кхузахь воцуш цхьа а вацара: гихь а, ворданашкахь а баккхалшца баьхкина гӀажарий, эрмалой, и тай-махий, неӀара хьожа йогӀу муьжгийн мачашший йахьаш баьхкина жуьгтий, царна йуккъешхула и шайн варраш а лаьхкина хьийза суьйлий, таьлсаш кочахь caгlaдоьхургашший. Кхузахь воцуш мила вара? Массарел халаниг, дика тидам болчуьнга а, уьш цхьа а нохчочух цакъаставалар дара.

Жимма а шеко йерг базара йукъара дӀаса ца валийта хӀиттийна салтий, сихдинна дустучу къорзачу кӀадешкий, дӀасакхоьхьучу дерстинчу жижгашкий хьаьвссинчохь акъ а бевлла лаьттара.

Дикачу динахь шен ГIуллакхана базара ваьлла стаг а сацийна воллура цхьа эпсар шен салташца. Цигахьа тидам бина полковник Дубов лаьтташ базарна гена йоцчу кертара йехачу гӀожамашца, жӀаьлийн кӀур тӀаьхьа а баьккхина, тӀетаӀӀийна тиллина Ӏаьржа кхакхан тиша месала куй а болуш. аравелира цхьа caгlaдоьхург. Цунна дӀанехьарчу кертара иштта жӀалешца ирча дов эцна вахара важа…

Хьаьккхина тӀевеана полковнике шена сагӀина хӀума а йехна, хьаьвсина лаьттачохь салтий а битина, кертара-керта воьдуш, эвлан йисте велира хьалхарниг. Вукхо а, иштта нехан керташ-кахула хьаьвзина тӀе а веана, лерина куьг а кховдийна сагӀадийхира полковнике.

– ДӀаваккха и кхузара, – аьлла, туьха тесна пхьид санна, кхоссалуш куьг ластийра полковника. – Xlapa хӀун ду, йуьртда? Кхузахь-м шун ах йурт caгla доьхуш лела.

– Господин полковник, бехк ма билла, гӀалина дукха гергахь деха тхо, цигара схьаоьху уьш хьаьнга совцалур бу, – элира йуьртдас, шолгӀа сагӀадоьхург дӀа а човхош.

– Миччахьара эхахь а, уьш суна тӀебахкийта ца богӀийла хаадеза хьуна, – оьгӀаз а вахана, дӀавирзинчу полковникана тӀевеана вистхилира цхьа эпсар.

– Муха-а? – мохь белира Дубовн. – СагӀадоьхаргийн бедарш а йуьйхина, эвлах бевлла-а?

– Иштта боху кхуо, – шена йуххехь лаьттачу цхьана лохачу нохчочуьнгахьа вирзира эпсар.

– Сихонца тӀаьхьадовла царна. Же, же! ХӀун деш лаьтта шу?!

– Салтий, схьадуьло сунатӀаьхьа, – аьлла, говра а хиъна, эпсара дӀахаьхкира. Царна тӀаьххье файтон хаьхкина, шен гӀалгӀазкхий эцна, Дубов а велира эвлах.

СагӀадоьхурган бедарш а йуьйхина эвлах ваьлла Зеламхий, Саламбеккий некъана аьрру aгlop лаьттачу соьлжахойн хьуьна йуккъехь тоххара кьайлаваьллера, хӀинца цу peгla кӀел хьоькху шийла мох бен хезаш а, гуш а хӀума дацара.

ДаьггӀачунна тӀе а чӀогӀа дог даьттӀа, вухавирзина Дубов:

– Вир, ас хоуьйтур ду хьуна и сагӀадоьхургаш мичхьара схьаоьху-м, – аьлла, тоьхна, соьлжахойн йуьртда дӀа а ваьккхина, Соьлжа-ГIали чу веара.

9

Набахтера ведда Зеламха арахь ву аьлла хезча, массарел чӀогla МахкатӀерачу йуьртден кӀант Iycпa воьхнера.

Кхин чомахь йистхилла дӀа ца хьожуш, Зезага ша кIелвитча, тӀе зуда а йалийна цуьнан дог хьаша сацам бина, Веданарчу совдегаран йоIаца ирахьӀан веъанчохь и шена хезча, йоI а, дуьне а дицдина, хьерваьлча санна, ведда веара Iycпa пурстоп Чернов волчу.

– A-а, хьо ву xlapa, Iycпa. Схьа чу вала. Марша вогӀийла. Хьо ма воьхна ву. Схьадийцал, хӀун хилла?– хаттар а деш, шена хӀумма а ца хуучуха, сакъераделла, тӀехула мерза чуийцира пурстоьпа йуьртден воӀ.

– Диканца вехийла, Иван Степаныч. Со-м хьоьца доккха гӀуллакх долуш вогӀу хьуна, – элира Iycпac, эккхнйна валийча санна, воьхначуьра метта ца вогӀуш, пурстоьпан кабинетан неӀарал чоьхьа а ваьлла.

– ТӀаккха, хӀун хилла хӀинца? Схьавола, охьахаа, – аьлла, вахна ша охьа а хиъна, стоьла хьалхара гӀант гайтира Чернове хьеше.

– Хьуна хӀумма а ца хаьа, Иван Степаныч? – кхин а чӀогӀа цецваьлла, хаттар деш, схьабаьккхина шен Ӏаьржачу холхазан куй гоьла тӀе а буьллуш, гӀанта охьалахвелира Iycпa.

– Дера, ца хаьа. Схьадийцал, хӀун ду и? – шек а вацара Чернов.

– Кхин стаг-м вац кху чохь? – аьлла, цхьа хӀума лохуш санна, дӀасахьаьжира йуьртден кӀант.

– Ой, вац, дера-кх. Схьадийцахьа.

Ша цхьа йоккха къайле йуьйцучуха, пурстоьпан лере а гӀоьртина:

– Зеламха арахь вуйла хаьий хьуна? – хаьттира Iycпac.

–Э-сс, и дара ахь хала дуьйцуш дерг. ТӀаккха, хилча хӀун ду и арахь? – шена и башха а ца хета моттуьйтуш, вистхилира пурстоп. Делахь а, хӀинца Ӏуспина санна цунна а, и набахтера веддарг Зеламха воцуш муьлхха а кхин велара аьлла-м хетара.

– Цхьа кегарий ца лелош-м Ӏийр вац хьуна иза, – элира шен балхах кхеравеллачу Iycпac.

Ӏуспин дагахь дерг хӀун ду техьа бохуш, кхин вист ца хуьлуш, цхьана эхаминотехь цуьнга хьоьжуш а Ӏийна:

– Схьахетарехь, билггал, хьуна цхьа тешнабехк бан гIоьртар ву иза, – элира Чернове, шена цунах гӀайгӀа хиллачуха. – Ткъа, цо схьабале, ахь… – Хаттаре велакъежна, Ӏуспегахьа корта а ластош, сецира пурстоп.

Цо дуьйцург схьахазар бен кхин Черновн дог-ойла хаъал хьекъал доцчу Iycпac:

– И дӀа муха бийр бара те? – хаьттира. ХӀинца а меттаваза шен гоьлатӀехь Ӏуьллу куй хьекхош Iapa и.

Шен хьекъалехь, кхин а чӀогӀа Ӏуйспин хье схьаэца ойла хилла:

– Селхаиа ма Ӏийна Зеламха Харачуьрачу кегийчу нахаца, ГIовдиний, цуьнан кӀантаний БӀахон некъашна дина эхь дуьтур дац ша, бохуш, хесталуш, – аьлла, тӀетуьйхира пурстоьпа.

– Ткъа хьайна цо вониг дарна ца кхоьру хьо? – хаьттира Iycпac, лерина Черновн бӀаьра а хьаьжна.

– Суна хӀун дийр дара цо? Ас цунна дина де а хӀума дац. Цунна динарг Ӏедало дина-кх, шу бахьана долуш, – аьлла, куьг ластийра Черновс.

– Дийцахьа. ХӀун де ас? – къиг санна, пурстоьпе хьаьжжинчохь сецира Iycпa.

И цуьнга дӀа муха эр ду ца хууш, цхьана минотехь чухула волавелла а лелла:

– Даима бохург санна, эцца Харачохь, шен доьзалца ма хир ву и Зеламха.

– ТӀаккха?

– Буьйсанна чувогӀуш йа ара волуш тергал а вина, топ тоьхна тӀекӀелъоьккхуьйтур вара-кх.

– Топ а йац сан-м, – элира Iycпac, ша муха олу а ца хууш.

– Иза-м ас лур йу хьуна, – дош делира пурстоьпа. – Ас хьайга йелла ахь цхьаьнгге ца аьлчахьана.

ХӀинца ша хӀун ала деза ца хууш, воьхна Iycпa Ӏаш, неӀ а йиллина:

– Господин пурстоп, ахь кхойкху аьлла веана Ӏаш ву со. ХӀун де ас? – элира цхьана стага, шен боккха месала Ӏаьржачу кха-кхан куй неӀарал чоьхьа а баьккхина.

– Цхьажимма собарде ахь, – неI йуха а тӀечагӀийна: – ТӀаккха, хӀун до вайша? – хаьттира, йуха а вирзина, пурcтоьпа Ӏуспига.

ХьалагӀаьттина неӀаре а вахана, цу шен хазачу холхазан куйна тӀе куьг а хьокхуш: «Ванах, и цхьана а пхьоьхана йукъа а ца йуьтуш, эвла йуккъехула нехан мерцхалгаш лехьош лела бӀаьрг баьлла пис йацара хӀинцца суна йайнарг?.. Кхуьнга хӀунда кхайкхина техьа пурстоьпа?» – бохуш, ойланаш йеш лаьттачу Ӏуспина и ца хезча, йуха а:

– Со-м хьоьга луьйш вай. ХӀун де вайша хӀинца? – аьлла, йуьртден кӀан гана муьшка Ӏоьттира Черновс.

ХӀинцца самаваьлча санна, хьала а айвелла:

– Дех дага а ваьлла, вухакхетар ву со, – элира Iycпac, кхин Черновгахьа дӀа ца воьрзуш, чуьра ара а волуш.

Ӏуспин некъ а хадош, чувеана и месала куй берг, ша кху чохь кхиъча санна, эвхьаза вахна пурстоьпан стоьла хьалха лаьттачу гIанта охьахиира.

Цу месалчу куйна кӀелхьара лерина схьахьоьжучу цхьана бӀаьрга чу а хьаьжна:

– Ткъа хьайн цӀе йицйеллий хьуна?

– ХӀан-хӀа.

– Йа ккхал.

– Къу – элира бӀаьргбоцчо, Ӏовдало вела а къежаш.

– Хьа-хьа, хьа-хьа… – аьлла, гӀантана букъ тӀе дӀа а сетташ, велавелира пурстоп. – Хьо реза вацахь а, цӀе ледара-м, дера, йац.

– Реза ву со-м, господин пурстоп, – элира бӀаьргбоцчо, и къамел де а шех ца хьакхалучуха, кхин йуьхь тӀехь ца хийцалуш.

– Ткъа. и кегий курхалш маца дуьтур ду ахь, Къу? Селхана а арз дина соьга, дӀо лахайистерачу совдегаран зудчо, ахь шен котамаш лачкъийна, бохуш.

– Йаа сискал сайна сов йаьлчахьана – аьлла бегаш бечуха, жоп делира бӀаьргбаьллачо, кхин шеквоцуш. – Совдегаро хIунда лелайо котамаш, жижиг эца шен шортта ахча хилча?

– Хьа-хьа хьа-хьа… Дера хаац суна-м. Ахь хаттахьа и цуьнан зудчуьнга. Амма, и совнаха хӀуманаш ахь ца дитахь, ас хьайна йитина меттиг а хаьа-кх хьуна? – аз а хийцина, кхерам тесира цунна Черновс.

– Дера , хаьа.

– ЦӀе йаккхал?

– Набахте.

– Хьа-хьа, хьа-хьа… – гӀадвахана, вуха а велавеллачу пурстоьпа: – Къу шен меттиг хууш ву, сонта вац, – элира, цуьнан чутаьӀанчу, готтачу белша тӀе, и хьостуш, куьг а тоьхна. – Xlapa, Къу, Гушмазукъин Зеламха гиний хьуна?

– Дера, ца гина. Ас хӀун до цунах?

– Ой, хьан доттагӀ вац иза?

– Дера, вац, – аьлла шен баьлла бӀаьрг гарна кхоьруш санна, кхин хьала ца айлуш, месала куй ластийра цо.

Цхьа кӀеззиг ойла а йина:

– И хьайн доттагӀ вацахь а, Зеламха ган веза хьуна, – элира Черновс. – Xlapa, ахь хӀун дей.

– ХӀун де ас? – пурстоьпе хьаьжжинчохь висира бӀаьргбаьлларг.

– И миччахьа велахь а каравай, тховса Зеламха волчу а гӀой, со, пурстоп Чернов, цуьнца доттагӀалла бен дов дезаш воцийла а, эшначохь цунна гlo дан кийча вуйла а дӀахаийтал цуьнга. Цул совнаха, ас цунна цхьа а вон хӀума ца динийла а. Цунна а цуьнан вежаршна а, дена а динарг Ӏедало дина, Харачойн йуьртда Ӏадоддий, цуьнан воIIий бахьана долуш. Иза дӀаала цуьнга. Ткъа, шен доьзална эхь динарг цо лехахь, иза МахкатӀера йуьртда ГIовдий, цуьнан воӀ Ӏуспий вуйла а хаийта цунна. Кхетий хьо?

– Дика кхета.

– Цул совнаха, ахь массанхьашхула нахана йукъахь гӀарадаккха деза: Зеламхане а, цуьнан дега а Ӏедало бохуш хӀумма дацара, уьш ГӀовдассий, цуьнан воӀа Ӏуспассий, Харачуьрчу Ӏадодий, цуьнан воӀий битахьара. Уьш бу Ӏедале хӀинца а и лацийта гlep-таш арабевлла хьийзарш, боху хабар. Кхетий хьо?

– Дика кхета.

– Ткъа, xlapa гIуллакх хьайна хьехна бохург ахь цхьана дегӀе алахь, хьаига хӀуттудерг хаьа-кх хьуна?

– Дика хаьа.

– ЦӀе йаккхал?

– Каторгехь вахкавалар.

– Хьай, Къу йаӀ. Къу кхеташ-м, хьо ваха, ву. Йахийта хӀинца хьайн алаша – аьлла, бӀаьргбаьлларг ара а ваьккхина: Веданахь ша болх бен хийла хан йу, кхузахь цхьаболчу нахаца тасайелла эвхьазлонаш йу шен, цундела, кху кӀоштӀахь кхин болх бойла шен йа царна, кхузара паргӀат а ваккхий, генна кхечухьа балха вахийта ша аьлла, Соьлж-ГIалий, БуритӀай дехар йазда охьахиира Чернов.

10

Набахтера веддачех шиъ: Дикий, Мусий цу буйссехь, кхин Соьлжехь ца соцуш, Дикин йиш-ваша долчу, Шела веанера. Ткъа Соьлжехь висина Зеламхий, Саламбеккий, вайна ма-хаъара, салташа цу эвлан гуо лаьцначу дийнахь, сагӀадоьхургийн бедарш а йуьйхина, ведда кӀелхьараваьлла. Саламбек CoгIопша боьдучу новкъа а ваьккхина, Зеламха тахана Дика волчу Шела кхаьчнера.

– Вай, вовшашца дозуш, бертахь ца хилахь, цхьацца воккхуш вовшахдаьхна, йуха а хӀаллакдийр ду, – элира, шайн къамелаш йийсте довлуш, Мусса, шена боьттина цIечу чагӀаран кад ах мелла охьа а хӀоттош.

– Цул совнаха, хӀинца вовшахкъастале, цхьанхьа дахана вай кхаамма xIoнc ца йаккхахь, шун гӀуллакх муха ду-м хаац суна тхан чохь-м хьаладаа хӀума дац, – аьлла, Дика шега хьаьжча:

– Суна бехк ма биллалаш, доттагӀий, цкъа Ведана а вахана, цигахь дас сайна тӀедожийна декхар кхочуш ца дахь сан дӀасаволийла дац шуна, – аьлла, Ӏодика йеш. шелахойн чуьра ара а ваьлла новкъа вогӀу Зеламха, тохара ши шо хьалха шаьш Соьлжа-ГIаларчу набахте дуьгуш совцийна, са а доӀуьйтуш, шайга хи малийтинчу шовдана йистте кхаьчча, малх суьйренна дӀабуза гулбеллера.

КӀеззиг кхузахь хӀоьттина лаьташ, лерина дӀасахьожуш, гондахьа долчуьнга ла а доьгӀна, вахана цу шийлачу шовдана хьалха Ӏуъллучу боккхачу тӀулга тӀе охьалахвелира Зеламха, деган кӀорггера доккха са а даьккхина.

Цу кӀорггерачу ойланашца сецначу цуьнан хьежаро Ӏорайоккхура къонахчун кийрара онда гӀайгӀа; тем байначу цу ойланаша кест-кеста хуьйцура цуьнан Йуьхьа тӀера бос а. Йуха а доккха са доккхуш охьа а таьӀна, куьйга керайуккьехь схьаоьцуш цу шовдан чуьра хи а мелла: «Цхьанне а ца гуш кху новкъахула чекх муха вер вара техьа?» – ойланаш йеш Iapa Зеламха, шена тӀехьа цӀеххьана цхьа гӀийла татанаш хезаш. Вухахьаьжначу цунна шена гуш дерг гӀан тарделлера: тӀехьа, иштта цецваьлла, хьаьжжин-чохь лаьттара цуьнан ваша.

– Ой, Солтамурд, хьо вац и, – вагийча санна ша Ӏачуьра хьалаиккхира Зеламха.

– Дера, ву, – веана тӀе а кхетта, вайначуьра карийна шен ваша хьарччийна маравоьллира Солтамурда.

Хьалха кхин шаьшшимма хӀун дийца деза ца хууш, цхьана минотехь воьхна вовшашка хьаьжжинчохь тийна сецира и шиъ. Стиглара охьавоьжча санна, кхузахь ваша а карийна, хазахеттачу Зеламхин дог, садукъдеш, сиха детталора.

– Xlapa хӀун ду, хьо муха кхечи кхуза? – аьлла, хьалха вистхилира иза.

– Со кху новкъахула хьийза-м xlapa шолгӀа де ду, – элира Солтамурда, белшатӀера ша охьайаьккхина шен зӀок-топ йуха хьала а оьцуш.

– ХӀунда? Кхин хӀун хилла вайна? – цецвелира Зеламха.

– Ой, набахтера ведда хьо араваьлла бохуш, хабар а хезна, Веданахь мел волу хьаькам, герз а даьккхина, хьаьдда хьийзаш ма ву.

– Кхин хӀума-м дац?

– ХӀан-хӀа.

– Иза-м хала гӀуллакх дацара, – элира, са метта деанчу Зеламхас. – Со-м, цхьа доьхнарг а дина, хьо араваьлла моьтгуш, кхеравеллера.

Бе а бехк боцу дов шена тӀе а лаьцна, набахте вахана воккхахволу ваша цӀа вале шегара нускал а даьккхина Ӏачу ГIовдин кӀенташа шена йина чов а, ша цаьрца ца нисйина чӀир а дагахьйоллу Солтамурд вист а ца хилира.

– ТӀаккха, схьадийцал, хӀун деш бу вайн цӀеранаш? – хаьттира Зеламхас.

ДӀаӀаш бу уьш-м, – аьлла, гӀийла жоп делира цунна вашас.

– Могуш-паргӀат буй?

– Moгуш а бу.

– Дада муха ву ? – шен деда БӀахо хаьттира Зеламхас. Ткъа, и цо хаттарна кхоьруш, воьхна вогӀучу Солтамурда:


1] Иштта йоккхура Гушмазукъин цӏе цуьнан бераша.

Title

My message to you!