Ненан дог
Марша вогӏийла, хьаша, чоьхьавала

Ненан дог

Агӏо кхоьллина 09.07.2026-чу шарахь

Болх арахецна 1985-чу шарахь

-

Ненан дог

I

Арахь лаьтташ ткъевне, ӏаьржа гуьйренан буьйса йара. Дӏайижинчу йуьртахь маьӏ-маьӏӏехь чиркхийн серлонаш къегара. Урамехула догӏуш гуш а, йа луьйн хезаш а адам дацара. И буьйсанан тийналла йохош наггахь лета хезара жӏаьлеш.

Йаьссий-хица йолчу йарташкахула цӀе йаххана хаза стаг Ӏачу жерочун Эсиматан цӀа чуьра схьа къегачу серлонан йехачу асано гойтура йерриге а йурт йижина цахнлар. Шаьшшиъ доцург дерриг дуьне дицделла, и йеха буьйса йацйелла цу чохь сакъоьруш Ӏара къуона ши адам.

ЦӀенчу, сирлачу цӀа чохь маьнги йистте а хиъна, стоьл тӀе пхьаьрсан гола товжийна, чиркхан серлонна дуьхьал куьг а лаьцна, шен шина белша тӀехула охьайаьхкина Ӏаьржа-йеха кӀажарш вукху куьйга эсала хьейеш хиъна Iapa берхӀитта шо хенара къуона жеро, Асет.

Title

My message to you!