Йеха буьйсанаш
Агӏо кхоьллина 09.07.2026-чу шарахь
Болх арахецна 1952-чу шарахь
-
Йеха буьйсанаш
ХЬАЛХАРА ДАКЪА. ДАГИЙНА ЛАТТА
I корта ВЛАДИКАВКАЗЕХЬ
(Дешхьалхенан метта)
Кавказехь вайн урхалла данне а цхьана дагӀацара меттигерчу хьашташций, йукъаметтигашций... Шемалал тӀаьхьа и санна деятель кхин ца гӀаттийта йа гӀаьттича цуьнан кхиам ца хилийта цхьаъ оьшу: оцу ламанан къаьмнашна и тайпа деятельш хьашт ца хилийта адамаллин, нийсонан урхалла хӀоттор.
Н. А. Добролюбов.
1
Тахана Ӏуьйранна дуьйна къаьсттина синтем байна хьийзара инарла-лейтенант Лорис-Меликов. Хаза Ӏаьржа мекхаш долу цуьнан болатан басахь йуьхь хаддаза кхоьлина йара. Цкъа, воьдий, йоккхачу стоьла улле а хуий, цӀена кехат хьалха а узий, сихачу хотӀаца цхьаъ йаздан волалора иза, тӀаккха, гӀоттий, диллинчу коре а воьдий, сийначу мархашла а хьаьрчина геннахь гучу дозадоцуш дехачу сирачу лаьмнийн баххьашна тӀе а вогӀалой, хӀуттий лаьттара. Йуха, цӀеххьана ойланех самаваьлча санна, цӀенкъа баржийначу гӀажарийн кӀедачу куза тӀехула, тата доцуш, цхьана эшшара гӀулчаш йохуш, чухула дӀасаволалора.
ХӀокху «кавказски гӀуллакхан» ойла алсам мел йо, коьртехь цхьа чолхе уьйриг хӀуттура цуьнан. Дукхахчийн хабаре ладоьгӀча, кхузара тӀом чекхбаьлла, сагатдан а, ойла йан а бахьанаш дац олий, хетало. Амма кхузара хьал данне а тера дац генарчу Петербургера схьахьоьжучарна гуш долчух. Царна-м кхузахь машар а, тийналла а хила лаьара, амма иза а, важа а хила аьттехьа а дац. Кхузара хьал шен бӀаьргашна гуш волчу Лорис-Меликовна дика ма хаьа и дерриг а. Пачхьалкхана коьртехь болчу оцу вельможашна ца лаьара кху махкахь хӀиттина чолхе, кхераме хьелаш ган, уьш, нисдина, цхьана агӀор даха. Оцу нехан аьртачу хьекъало, бӀаьрзалло, мехкан йистошка уьш биэндоцуш хьийсаро тӀеттӀа карзахвохура инарла.
– Сонта кортош! – цергашна йуккъехь Ӏовдуш, ши дош кхоьссира цо.
Хала дара, иза хьанна оьгӀазъоьху хаа: йа кхузахь машар хила ца буьтучу къармазечу ламанхошна, йа шен коча xIapa бала уллучу лакхарчарна. Схьахетарехь, гӀорасиз висинчу ша-шена барт беттара цо. ХӀара тӀегӀерта буьрса кхерам, иза сацо боцу ницкъ. Цуьнан кхерар бух боцуш ма дац. Кхузахь цӀеххьана хӀоьттинчу тийналлех вогу иза…
Шо а ца кхаьчна иза Теркан областан коьрте хӀоттийчхьана. ХӀара Нохчийчоь къарйина сацийначул тӀаьхьа дӀадаьллачу деа шарахь хӀара кхозлагӀа хьаькам ву областан. ХӀун дина цул хьалха кхузахь хиллачара? ХӀумма а. Йа ницкъ а бацара хӀумма а дан. ХӀинца йерриг дегайовхо цунна, Лорис-Меликовна, тӀейиллина. Цуьнан хьекъалх, зиэделлачух тешна, ваийтина иза государа кхуза. Нохчийчохь машар, низам хӀотто. Шо кхочуш доллу цо оцу гӀуллакх тӀехь корта охку, амма новкъадаьлла хӀумма а дац. Цул хьалха хиллачу графан Евдокимовн а, эла Святополк-Мирскийн а санна, динарг хӀумма а доцуш, кхузара дӀаваха дезахь?
Цхьанаэшшара гӀулчаш йохуш, кабинет чухула волавелла лела Михаил Тариэлович. БархӀ гӀулч дӀай, йухий. Букъа тӀехьа диллинчу шина куьйго чӀогӀа пӀелгаш Ӏуьйду вовшийн. Ша кхуза схьахьажош тӀаьххьара а хиллачу цхьаьнакхетарехь императоран вашас, воккхачу эло, дина тӀедахкарш, косташ хӀинца а лерехь дека.
– Оха жоьжахатин цӀерга вохуьйту хьо, Михаил Тариэлович, – бохура Михаил Николаевича шалхо йоцуш, даггара. Амма оцу кӀедачу озаца хӀокхунна хезара цуьнан императоран сийлаллин болатан амал. – ХӀаъа ткъа, жоьжахати. Кхин цӀе йац Нохчийчоьнан. Цигарчу къомо кхечарел йеха а, буьрса а дуьхьало йина вайна. Кхин а йеххачу хенахь вайн догъэтӀо ницкъ а ларбелла цунна. И къам къардан гӀерташ, вай маситта шарахь цига йинчу экспедицеша, харжаша, хӀаллакбинчу салташа а, баккъал аьлча, кӀезиг Ӏаткъам бина иза вайн Ӏедална кӀел сацорна. Вай цига, уггар говза, майра полководцаш коьрте а хӀиттабой, эскарш дохуьйтура, ткъа нохчаша, Соьлжан тогӀерчуй, ломан когашкарчуй йуькъачу хьаннашка, чӀажашка къайла а бовлий, йуханехьа тӀелеташ, кӀуркӀамане хьийзадора. Цундела кхин тактика а, стратеги а хаьржира вай. Вешан оьрсийн исторически система – церан махка тӀе гӀалгӀазкхий ховшор.
– Хьан локхаллин пурбанца тӀетуху ас, – гӀиллакхе иза йукъахваьккхира Коьртачу штабан начальника Карцовс. – Маситта шарахь тӀом беш, цаьргара схьабаьккхина мохк йа тӀеман, йа политически Ӏалашонашна цхьана а маьӀне бац. ХӀинцалерчу хьелашкахь уьш битахь, кестта боьрзур бац вайн Ӏедална кӀел.
– Бакълоь хьо, Александр Петрович. Диъ шо хьалха кхайкхийна вай, xIapa край, къарйелла, сецна аьлла. Ваьш Ӏехаделла хиларна къера хила лаац вайна хӀинца а. ХӀетахь дуьйна шозза гӀевттина нохчий. Амма ломахь хилла тӀаьххьара гӀаттам аренга ца болуш бисира, Теркан областехь лаьтташ шовзткъе йалх батальон гӀашлой, кхоъ Донан, цхьаъ драгунийн полкаш хиларна. Биллина дӀа Нохчийчоьнера кхерам латтарна, цигарчу эскарех кхоалгӀа дакъа а дӀадаккха ца даьхьа вай. Доцца аьлча, вай тоьлла а, нохчий иэшна а ца сецна гӀуллакх. Шайгахь герз а, стратегина аьтто болу мохк а ларбелла нохчий керлачу гӀаттамна аьтто болу сахьт тӀекхачаре ладоьгӀуш Ӏа. Йуха а боху ас хьоьга, хьомсара Михаил Тариэлович, цуьнан воккхалло уггар хала а, жоьпаллин а декхар тӀедуьллу хьуна. Хьан хьекъалх, доьналлех дозуш хир ду Кавказехь синтеман гӀуллакх. ХӀинца цкъа малхбузен пачхьалкхашца машар бу вайн. Амма цхьана Далла хаьа иза маццалц хир. Нагахь арахьа вайн тӀом болалахь, Нохчийчуьра тӀеман ах ницкъ дӀабига дезар ду, тӀаккха нохчий гӀовттург хиларан шеко йац. Дукха хан йу оцу сохьте цара ладоьгӀу. Цундела, Михаил Тариэлович, йоццачу хенахь цигахь низам хӀоттор доьху хьоьга. Цигахь вай дан дезачу гӀуллакхийн хьокъехь инструкцеш лур йу хьоьга Александр Петровича. Дукха хан йоццуш цуьнан воккхалло чӀагӀйина уьш. Хьо областе дӀакхаьчча, инструкцеш дагахь Ӏамайе, амма цигарчу хьелашка хьаьжжина хийцамаш бан бакъо а ло хьуна. Дала аьтто болда хьан!
«Дала аьтто бен меттиг йац xIapa, – ойла йо Михаил Тариэловича. – Олуш ма-хиллара, болх Далла тӀе билла, амма цунах теший а ма Ӏе. Кхузахь ницкъ а, хӀилла а оьшу. Шед а, пряник а…»
2
ХӀаъа, паччахьан правительство толамхо хилла дӀа ца хӀоттайелла Нохчийчохь. Иза массарначул а тӀехдика хаьара Михаил Тариэловична. Нохчаша тӀом сацийра, амма къарбелла ца севццера. ХӀетахь Кавказан сардал хиллачу фельдмаршало эло Барятинскийс правительствон цӀарах нохчашна хьалха тӀелацамаш бира цаьргахь герз дита а, уьш салт ца баха а, цаьргара дӀабаьккхина мохк йухаберзо а, церан гӀиллакхаш, дин а лардан а, иштта дӀа кхин а. Ткъа нохчаша тӀелецира Ӏедална дуьхьало ца йан.
Шемал йийсаре лаьцча, Кавказ къарйар чекхдаьлларг леринчу правительствос Нохчийчохь тӀеман-колониале режим хӀотто йолийра. Сихха бицбира эло Барятинскийс оцу къомана хьалха бина машаран тӀелацамаш а. ТӀеман хенахь нохчашкара дӀабаьккхина мохк йуха-м муххале а ца берзийра, мелхо а, церан долахь дисина латтанаш дӀа а дохуш, уьш таӀӀийна дерзинчу лаьмнашка, уьшалечу хьаннашка боьхкира. Цаьргара дӀадаьхна керла латтанаш совгӀатана дийкъира xIapa мохк къарбеш правительствона гӀо динчу гондӀарчу элашний, нохчийн эпсаршний, динадайшний, совдегаршний. Маситта шарахь лаьттинчу тӀамо чӀанадаьккхина, ткъа хӀинца латта доцуш дисина халкъ сагӀадоьхурган хьоле дуьйжира. Цуьнан ницкъ бацара йа дезткъа шо хьалха хиллачу бахамаллин, йукъараллин а кепашна тӀе йухадерза а, йа и шен дахар хӀокху керлачу хьелашца нисдан а. ТӀеман оцу буьрсачу дезткъа шаро аьттера къоман кхетамций, кхиарций йогӀу бахамаллин, йукъараллин а кепаш, ткъа массо агӀор а кхиъначу Россина тӀаьхьадисна а дара иза.
Цул сов, правительствона дага а ца догӀура хӀокху халкъан кхолламан ойла йан. Шен оьрсийн халкъ къизачу Ӏазапехь латточу цо хӀун диканиг дохьур дара хӀокхунна? Латта дӀадаьккхина ца Ӏаш, шен коча тӀеман-колониале уггар къиза кепаш Ӏитта йолийча, собар кхачийна халкъ, тӀаьххьара ницкъаш тӀе а гулбина, гӀеттира. 1860-чу шеран май баттахь Нохчмахкахь болабелла гӀаттам сихха массанхьа а нохчийн лаьмнашка баьржира. ГӀаттаман коьртехь бара Шемалан наибаш хилла БойсагӀар, Атаби, Ӏумма а. Ткъоьсна баттахь дукхе-дукха дера дуьхьало йира гӀаттамхоша паччахьан таӀзарийн эскаршна. Царна тӀехь масех толам а баьккхира. Амма, Нохчийчу керла-керла эскарш далош, и гӀаттам хьаьшира йуьйцу ца хезначу къизаллица. 1861-чу шеран февралехь Бена уллохь, ламанан хьехахь, схьалецира, чов хилла, масех накъостаций, доьзалций къайлаваьлла БойсагӀар. ГӀаттам тӀаьххьара а хьаьшна баьлча, шаьш бахьанехь адамашна таӀзар ца дайта, шайн лаамехь инарла-адъютантана Святополк-Мирскийна тӀевеара Атаби а, Ӏумма а. БойсагӀар ирхъоьллира Хаси-Йуьртахь, цуьнан доьзал а, герггара гӀоьнчий а Сибрех бахийтира. ГӀаттаман вукху шина куьйгалхочух мелла а къинхетам а бина, и шиъ ссылке вахийтира: Атаби – Псковн губернерчу Порхове, Ӏумма – Смоленске.
ЦхьакӀеззиг ханна буьрса тийналла хӀоьттира Нохчийчохь. Амма гена дӀа ца йахара иза.
Имаматан тӀаьххьарчу шерашкахь Шемала махкахваьккхинчу шайхо Кунта-Хьаьжас, имамат йоьжначул тӀаьхьа Нохчийчу а вирзина, кхузахь динан керла вирд а кхоьллина, иза даржорехь а, чӀагӀдарехь а жигара болх болийра.
Сацам боцуш иттанаш шерашкахь бахбеллачу тӀамо а, къизачу паччахьан инарлаша, адамаш дойъуш, йарташ йагош, талош, хӀаллакьхуьлучу хьоле хӀиттийнера ламанхой. Халкъ гӀелделлера, кӀадделлера. Цунна кӀордийнера и чаккхе гуш йоцу тӀом. Ткъа Шемала а, цуьнан имаматан лакхенаша а халкъ хаддаза гӀазоте кхойкхура. ГӀазотехь беллачарна йалсамани хир йу, бохура. Амма адамашна кху дуьненахь машар, маршо, синтем а оьшура.
Къинхетамечу Кунта-Хьаьжас адам машаре кхойкхура. Иза сацамболлуш дуьхьал вара муьлххачу а тӀамна, муьлххачу а тайпана Ӏазапна, чӀир йекхарна, доцца аьлча, адаман цӀий Ӏанорна. Адамашка, шайн дегнаш цӀанде, оьздангалла ларйе, гӀиллакхе, къинхетаме хила, бохура цо. Вахош долчу маларша, томкано адамийн могашалла талхайо, адам оьздангаллех дохадо, уьш йукъара дӀадахаре кхойкхура.
ТӀамо, адамийн цӀий Ӏеноро хӀоттор бац лаьтта тӀехь машар, адамашна йукъахь барт, нийсо а, дуьйцура цо нахе. Машар а, нийсо а, барт а Ша Дела цхьаъ воцчуьнга хӀотталур йац дуьненахь, цундела, йерриг ойла Далла тӀе а йерзайай, собаре хилла, паччахьна, цуьнан Ӏедална, хьаькамашна муьтӀахь а хилла, совцаре кхойкхура иза.
– Халкъ тӀаме кхойкхучу, шаьш имамаш, шайхаш бу бохучу нахе ла а доьгӀуш, адамийн цӀий ма Ӏенаделаш, – бохура Кунта-Хьаьжас. – Дерриг адамаш цхьана Дала кхоьллина, цхьа йиша-ваша ду. Оьрсийн паччахьна дуьхьал герз ма айъалаш, иза Делан лаамца лелаш ву шуна. Нагахь шайга жӀар лелайе бахахь, дӀалелайе. Эчиг ма ду иза. Килсе гӀо олу-кх шуьга, дӀачугӀойша. ЦӀа ма ду иза. Ӏедало шайга де боххург де, амма Дела даг чохь латтаве. Ша а, Шен пайхамар а аш даг чохь ларвичхьана, Цо и дерриг а гечдийр ду шуна. Нагахь керстанаш шайн зударий сийсазбан гӀортахь, тӀаккха айъа герз а, тӀаккха Ӏанаде церан цӀий а. ХӀетталц садетта, собаре хила. ТӀаккха Дела шуьгахьа хир ву, тӀаккха Дала гечдийр ду аш Ӏанийна цӀий.
Кунта-Хьаьжин хьехамаш буххенца дуьхьал бара Шемалан «гӀазотан тӀеман» идеологина. Шемалан зӀенехь болчу динадайша кхечу динахь долчу адамашна дуьхьал тӀаме кхойкхура, ткъа Кунта-Хьаьжас массо динехь, массо къомах долчу адамашна, хьолахошна, къехошна йукъахь машар, Ӏедална муьтӀахьалла кхойкхура. Шемалан гуонехь болчу динадайша дуьне, хьал лоьхура, ткъа мискачу, къечу доьзалера схьаваьллачу Кунта-Хьаьжас дуьненан хьал-бахам ца лоьхура. Иттаннаш шерашкахь бахбеллачу тӀамо, талийна, чӀанабаьхна, гӀелбина, кӀадбина, хӀаллакьхуьлучу хьоле баьхна, хьалхалерчу йукъараллин дахаран кепашка йухаберзарх гуттаренна а догдиллина нах доггах тӀаьхьахӀуьттура оцу керлачу шайхана. Ткъа адамийн кхетамехь цо бечу кӀорггерчу карчамо доккха тохар дора Шемалан идеологин бухна. Цундела Шемала йуьхьанца дуккха а хьийзийра Кунта-Хьаьжа, тӀаккха, эххар а цо махках ваьккхина, иза 1859-чу шарахь Макка вахара.
Шемал йийсаре ваханчул тӀаьхьа кхо шо даьлча, 1862-чу шарахь, даймахка йухавирзинчу Кунта-Хьаьжас лело гӀуллакхаш шена ца гучуха, тергам боцуш Ӏийра областан администраци. Мелхо а, уьш къобалдора.
Нохчашка тӀом ца баре, машаре, паччахьний, Ӏедалний муьтӀахьалле кхойкхучу цо, шена лаахь а, ца лаахь а, оцу хьехамашца Ӏедална гӀо дора. Цхьа-ши шо хьовзале, Кунта-Хьаьжин мурде цхьабарт болуш йоккха динан тоба кхоллайелира. Амма Кунта-Хьаьжин бартахойн хьежарш а дацара цхьаьнадогӀуш. Масала, устазо холбатан гӀийла дахар дӀакхоьхьуш хиллехь, ткъа цуьнан герггарчу векалшний, гӀоьнчашний иэшшане а ца оьшура гӀийла, къен дахар. Кунта-Хьаьжин хьехамех пайда а оьцуш, цара цхьаболчара бацабора кхетамна тӀаьхьабисина вирдан вежарий, Дала азаллехь йаздинчунна, кхолламна къера хилий, совца, бохучу хьехамашца боьй дӀабоккхура маршонехьа къийсаман кхетам.
Амма Кунта-Хьаьжин вирдан берриг мурдаш бацара, шайн устазан хьехамех а тешна, къийсамах йухабевлла, кхолламна къера а хилла, Ӏазапна кӀел совца лууш. Башха Далла гӀуллакх дан хьаьгна а ца баханера уьш оцу вирда йукъа. Кунта-Хьаьжина тӀаьхьа бара хьалха Шемалан заманахь гӀарабевлла хилла майра а, говза а тӀеман баьччанаш, магӀара тӀемалой, халкъан а, маршонан а гӀуллакхна тешаме кӀентий а. ДӀадаханчу ткъех шарахь Шемалан деспотизмана а, паччахьан колониале акхачу политикина а дуьхьал къийсинчу цара, хӀинца, шайн устазна а, цунна муьтӀахьчу векалшна а ца хоуьйтуш, оцу вирдах цхьабарт болу тӀеман организаци а кхоьллина, керлачу гӀаттамна кечам бан болийра. ХӀара Нохчийчоь бархӀ районе – виллайете – йекъна, царна а, йарташна а коьрте хьекъалей, майрий шайн бартахой хӀиттийна, паччахьан Ӏедалца цхьаьна Нохчийчохь шайн Ӏедал а латтадора цара. Йарташкахь тӀетаьӀӀина кечдеш герз а, молха а дара. Спортан ловзарш ду бохуш, тӀеман гӀуллакхна Ӏамабора шийтта шарера хьала кхиазхой. И кечамаш гучубехира Ӏедална муьтӀахьчу хьолахоша. Лорис-Меликовга Тифлисера схьа масазза хаийтинера, Кунта-Хьаьжа Кавказера дӀаваьккхича шайна бакъахьа хетар. Амма Лорис-Меликов реза ца хуьлура. Цунна хетарехь, Кунта-Хьаьжа лацаро пайда бийр бац, амма зуламаллин тӀаьхьенаш хир йу хьаштдолчул а тӀех. Цкъа-делахь, Кунта-Хьаьжа а, цуьнан хьехамаш а, зуламе ца хиларал сов, Ӏедална пайдехьа бу; шолгӀа-делахь, зуламе воцу и махках ваьккхича, цуьнан метта кхин, жигарниг, хӀоттахь, иза Ӏедална кхераме а, зуламе а хир ву.
Лорис-Меликов ша а ца тешара хӀокху тӀаьххьарчу шарахь Нохчийчохь хӀоьттинчу тийналлех. Айкхаша цунна тӀекхачабора Ӏедал шекдолчу наха дӀа мел боккху ког. Даймахка йухавогӀуш Кунта-Хьаьжин Стамбулехь нохчийн, хӀирийн, чергазойн эмигрантийн тхьамданашца цхьаьнакхетар а, вовшашца къайлаха барт а хилла бохуш а, хазийнера цунна. ТӀаьхьа иза бале валахь, лакхахь шена диканиг эр доцийла хуучу Лорис-Меликовс лацийтира Кунта-Хьаьжа. ТӀаккха карзахбевллачу цуьнан мурдаша, Шелан редуте а гулбелла, шайн устаз схьавийхира.
И машаре манифестаци гӀаттаме йерзарна кхеравеллачу Лорис-Меликовс сихонца Шела хьажийра инарла-майор эла Туманов коьртехь йалх батальон гӀашлой а, йиъ йоккха топ а, гӀалгӀазкхийн йиъ сотни а. Чаччамех йуьзна тӀейиттинчу йаккхийчу тоьпаша тоба дӀасайаьржийча, арен тӀехь дисира цхьа бӀе кхузткъе бархӀ стеган а, йалх зудчун а декъий.
Оцу тӀехь чекх ца далийтира Лорис-Меликовс ша долийнарг. Цхьа кӀира даьлча, 26-чу январехь, цо Грозне гулбира Нохчийчуьра берриг наибаш, Ӏеламчаш. Цхьа а тайпа хьийзораш ца йеш, царна хьалха ультиматум хӀоттийра цо: Шелахь йинчу хьовр-зӀовран коьрта бехкениш а, хьалха махкахбаха билгалбинарш а шега схьабалар. Кунта-Хьаьжин вирдан зуькар дихкира. Йуьртарчу цхьана стагах баьллачу бехкана йерриг а йуьрто жоп дала дезар хаийтира. И дерриг а кхочушдан цхьа кӀира хан йелира. Шен ультиматум кхочуш ца йахь, йерриг а йарташ хӀаллакйан кхерам а тесира. Цигара цӀа бирзинчу наибийн а, динадайн а гӀоьнца Кунта-Хьаьжин велийх вейтта, гергарчех пхийтта стаг а лецира. Йартех жоп дала дезачу тхьамданийн спискаш Лорис-Меликовна хьалха Ӏохкура. Ша дийцинарг эрна доцийла хоуьйтуш, областера эскаран дерриг дакъош тӀеман низаме а далийра.
Лорис-Меликовн омрица, гӀарабевллачу молланашкий, къеданашкий Ӏедална мегачу чулацамца массарна цхьатерра хьехамаш а йазбайтина, улло шатайпа приказаш а тийсина, уьш массо йарташкий, маьждагашкий дӀасабахьийтира. Нагахь гӀаттам иэккхахь а аьлла, Нохчийчохь болчу ницкъаш тӀе Кубанера эскарийн керла дакъош далийра.
ЦӀе лата кечйелла лаьттара Нохчийчоь. Нохчашна шера хаьара Россин арахьарчу пачхьалкхашца йукъаметтигаш а, полякийн гӀуллакхаш а. Областехь гӀуллакхдечу ссылке бахийтинчу полякашца цхьаьнакхетачу нохчийн эпсарший, талмажаший халкъа йукъа даржадора полякаша шайн къоман маршонехьа латточу къийсамах хабарш.
Масех бутт хьалха гуттар къармазечу нохчех вовшахтоьхна цхьа полк Польше йахийта дагадеара Лорис-Меликовна. Иза кхочушдаделча, ши пайда хуьлура: цкъа-делахь, уггар къармазе адамаш Нохчийчуьра дӀадахарца, кечбечу гӀаттаман корта боккхура цо; шолгӀа-делахь, полякийн гӀаттам хьаша и полк маьхза, ира герз дара. Тифлисехь къобалйира Михаил Тариэловичан идея. Амма иза дахарехь кхочуш ца хилира. Цхьанне а ца лиира, шениг санна, Ӏазапехь даллочу халкъо шен маршонехьа латто къийсам хьошуш, паччахьан чаьлтач хила…
3
– Дависа, уьш берриш Турце дӀакхалхо! – сатийсам гӀеттира Михаил Тариэловичан даг чохь. – Графан Евдокимовн хилла ирс а ца хили сан. ХӀокху зӀуганийн биэнара ведда, Кубанан областе ваха аьтто нисбели цуьнан. Цигара и абадзехаш, шапсугаш, бжедухаш, убыхаш, кхин, кхин а акхарой Турце а хьовсийна, шен кочара дӀадехи. Дийцина хӀун до цуьнан, мекара цхьогал ду иза.
XIapa ламанхой Турце кхалхор мацах Ермоловна дагадеана, цуьнан заманахь долийнера.
И некъ боьллуш ши Ӏалашо йара Кавказан куьйгаллин: хӀокху махкара мелла а адам дӀадаккхарца ламанхойн ницкъ малбар, мукъадевллачу латтанаш тӀе гӀалгӀазкхийн йарташ йахкар a. XIapa тӀаьххьара шераш тӀекхаччалц цхьа доьзал а даррехь нуьцкъаха Турце ца хьажийра Ӏедало. И дерриг а мекарлонашций, тешнабехкаций дора. Йа, эладитанаш даржорца, туркойн махках ламанхошна йалсамани тарйора, цига кхалхар хаздеш, йа, къизаллица ницкъ бой, сихха цига дӀабовдучу хьола тӀе бохура.
Ткъа кхалхоран гӀуллакх системе цхьа-ши шо хьалхий бен ца дирзира. Михаил Тариэловична дагайеара Тифлисехь цу гӀуллакхан хьокъехь тӀаьххьара хилла кхеташо. Цигахь дакъалоцуш вара воккха эла Михаил Николаевич, эла Барятинский, эла Орбелиани, граф Евдокимов а. Дийцаре дина, тӀаьххьара сацам тӀеэца безаш дерг цхьа гӀуллакх дара: малхбузера ламанхой, ломара охьа а биссийна, йокъанечуй, уьшалечуй аренашка йа Турце кхалхор.
– Ламанхой цигара дӀабахарца дозаделла ду Ӏаьржачу хӀордан малхбален бердашца вай тӀаьххьара а, гуттаренна а чӀагӀдаларан гӀуллакх. Вай хьалхахӀоттийначу шина некъах цара Турце боьдург къастор бу аьлла, хета суна, – шен лаам схьахьебира Михаил Николаевича.
– Стенна оьшу царна хьалха хержа некъаш хӀиттор? – цецвелира фельдмаршал Барятинский. – Уьш йокъаней, уьшалей делахь а, аренгара латта оьшур ду вайна. Колонисташна мегар ду уьш. Цхьа бӀе шо хьалха дӀахьовсуш хила деза, императоран хьан локхалла. Беккъа цхьа некъ бита царна – Турце боьдург.
– Цуьнан сийлаллин лаам къобалбо ас, – тӀетайра граф Евдокимов. – Ламанхой Турце кхалхор историн маьӀне гӀуллакх ду вайн пачхьалкхна. Цкъа-делахь, вайна зиэнаш доцуш, тӀом сиха а, гуттаренна а чекхбаккхар нисло, шолгӀа-делахь, мукъадевллачу ломан когашкарчу латтанаш тӀехь паргӀат колонизаци йойла хуьлу.
– Туркойн правительство реза хир йуй-те уьш империна чуэца? – шеквелира Михаил Николаевич.
– Суна хетарехь, цара хаза а хеташ тӀеоьцур бу шайн басурманаш.
Оцу трагедех дерг, дукха дийцаре ца деш, сиха а, атта а къастийра. И ламанхой ловзарга хьовсош санна. Цигахь сацамбира, уьш Оттоманан империна чуэцаран хьокъехь дийцарш дан а, барт бан a xIapa, Лорис-Меликов, Стамбуле хьажо.
1860-чу шарахь Стамбуле ваханчу Лорис-Меликовн цигахь волчу оьрсийн векалан А. Б. Лобанов-Ростовскийн гӀоьнца аьтто хилира ламанхойн кхо эзар доьзал, кхо бӀе эзар Крымера гӀезалой, ногӀий а тӀеэца резахуьлуш, туркойн правительствера дош даккха.
Иза цкъачунна боккха кхиам бара. Оцу шарахь Крымера ши бӀе эзар гӀезало дӀакхелхира цига. Царна тӀаьхьа ногӀий а гӀоьртира. Амма ламанхошца дерг чолхе делира. Меттигерчу администрацис шайна йукъа даржочу эладитанех, хазачу хабарех a Ӏехабелла, махках бовла ца лаьара царна. Уьш нуьцкъаха дӀабаха безара цигара. TIe, шайн махка баьхкина ламанхой Россин дозанца охьаховшо ойла а йара туркойн. Англичанаш бара церан лерехь йиллина дӀа и зурма лоькхуш. Амма кавказски Ӏедал сацамболлуш дуьхьалделира кхелхина ламанхой дозанна уллохь совцорна. Массарел а карзахвуьйлура граф Евдокимов.
– Уьш вайн дозанца охьаховшош хилча, эрна ма ду ламанхой кхалхор, – карзахвелира иза. – Къилбаседа Кавказера дӀа а баьхна Закавказье когашка ховшабо-кх вай уьш. Цхьанхьара дӀа а баьхна, и вешан мостагӀий кхечахьа ховшабо. Цхьанхьара цӀе йойъу, кхечахьа йуьллу. ХӀан-хӀа, ма-хуьллу генабаха беза!
1862-чу шеран 10-чу майхь цуьнан императоран локхалло Михаил Николаевича тӀаьххьара а чӀагӀбира ламанхой кхалхоран гӀуллакхах болу Кавказски комитетан сацам.
ТӀакхха дӀайолайелира ламанхойн исторехь уггар йаккхийчаралахь а йоккха трагеди.
Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дуьхьало тӀаьххьара а кагйича, шайн къийсам эрна хиларх кхеттачу Кубанал дехьарчу ламанхоша а тӀом сацийра. Амма паччахьан правительствона кӀезиг хетара церан муьтӀахьалла. Ламанхошна хьалха ши некъ хӀоттийра: йа, Кубане а кхелхина, колониальни Ӏедална кӀел совцар, йа – лаххьабелла Турце дӀакхалхар. Шайн токхе мохк а битина, Кубанан йокъанечу йа уьшалечу латтанаш тӀе кхалхар а, Ӏожалла а цхьаъ хетара ламанхошна. И ультиматум тӀеэца ца лиъна халкъаш, кӀез-кӀезиг лоьхкуш, цкъа арен тӀера ломан когашка дигира, цигара дӀа лаьмнашка таӀийра, лаьмнашкара дӀа – хӀордан бердашка кхийсира. Маситта шарахь бахбеллачу тӀеман эрчонаш лайна, мацалло, цамгарша гӀелбина ах миллион Малхбузера ламанхой, некха тӀе цамзанаш хӀиттийна, хӀордийн бердийн йистошка таӀийра. Ирсе-м догдохуьйла а йацара хӀордан дехьарчу бердашкахь, амма, шайн синош кӀелхьардаха, цига, хийрачу Турце, бовда дийзира церан…
Ламанхой дӀауьдура шайн даймахкара. ЦӀенош, даьхний, чудерзийний-дерзозий йалташ дуьтуш. ЦхьакӀеззиг бахархойн аьтто нислора шайн миска сал-пал йохка. Иза а – маьхза, ала мегар долуш. Масех бӀе эзар стаг шайн бахамаш, даьхний, сал-пал цхьана хенахь йохка боьлча, церан мах лахбелира буьйцу а ца хезначу бараме. Къаьсттина дорах дара даьхний а, герз а. Туркойн правительствос бакъо ца йеллера ламанхошна дохнаца а, герзаца а шайн импери чу бахка.
Кхелхачу ламанхошка хӀоьттина ирча хьал гинчийн дийцаршка ша а дукха ладегӀнера Лорис-Меликовс. ХӀордал дехьабовла кеманаш ца нислуш, масех батте, шаре а бовлура уьш. Ӏаьнна кӀел бахча, цаьрга хӀоьттинчу хьолан сурт дилла а, дийца а хала дара. Дерзина, ала мегар долуш, бераш, зударий, карахь доцу йалтийн рицкъа, йукъадаьржина морзгалийн, Ӏаьржа а, чоьнан а ун, хоршанаш. ХӀордан йистаца дӀасакхийсина Ӏохкура, жӀаьлеша диъна, дохийна, гӀорийна, адамийн декъий. Оцу декъашна йуккъехь гора, чохь синош хилар бен, царах уьш къасто кхин билгало йоцуш, эгна Ӏохкуш, хевшина а, халла ирахь лелаш а адамаш. Царах дуккха а, дегӀера са дала а кхиале, жӀаьлийн хӀонс хуьлура.
Ламанхой хӀордан дехьа бердашка кхалхочу туркойн шкиперша, шайн сутаралла, барамал сов а кеманашна тӀе буттура уьш. Мах коьртан цӀарах ма боккхура. Ткъа кеманна мохь базбелча, жимма а уьне цамгар кхеттарш, когаш, кортош а лоьцуш, хӀорда чу кхуьйсура. ТулгӀеша аратийсинчу декъаша дуьйдинера хӀордан шина а агӀорхьара дерриг бердаш.
Кхелхачарна гӀоьнна кхо бӀе эзар сом ахча къастийнера паччахьан правительствос. Цунах цхьадерг уьш дехьабаха йолах лаьцначу кеманийн дайшна деллера, ткъа цхьакӀеззиг кхелхачеран кара кхочура. Цхьа дакъа оьрсийн чиновникаша шайн дола хьовзадора.
Цхьадолчу кеманашна буха Ӏуьргаш а дохий, ламанхой тӀебутту, ткъа уьш хӀордан йуккъе девлча, хи буха доьлху, кхелхачарна лерина ахча кхузарчу оьрсийн Ӏедалан чиновникийн кисанахь дуьсу бохуш, эладитанаш а дара.
ХӀокху Ӏаьржачу хӀордан малхбале бердашкара уьш дӀа а бовлале, йолийнера ламанхойх йохка-эцар. Кеманан долахошна дала ахча доцчара цуьнан метта зударий а, бераш а лора. Ахчанца кхуза оьхучу англичанаший, туркоший уггар хазачу мехкарех йузура кеманийн трюмаш. Шаьш кеманашна тӀебохуш, маьхьаршца оьрсийн эпсаршка кхойкхура уьш, шаьш ма дигийта, даймахкахь дита бохуш.
– Понт Эвксинский хӀордан тулгӀешна тӀехь инзаре дукха ламанхой хӀаллакьхили, – дуьйцура цхьана эпсаро Михаил Тариэловична. – Инзаре эрчо йара иза, амма кхин а ирча дара дехьа бердашка дӀакхаьчначийн хьал а. И Кавказан майра аьрзунаш эзарнаш хӀаллакьхуьлу, боху, туркойн шахьарийн урамашкахь…
Ламанхойн бохамах шайн ницкъ ма-кхоччу пайдаэца гӀертара массо а. Паччахьан правительство – xIapa маршо йеза къаьмнаш хӀокху махкара дӀа а даьхна, шен тӀеман стратегин Ӏалашонца кхузахь колонизаци йан. Оттоманан Порта – и майра ламанхой дӀа а бигна, империна чоьхьара къоман маршонехьа болам церан куьйгашца хьеша а, кхузахь шен мостагӀчунна – Россина – дуьхьал царах пайдаэца а. Туркойн и къиза планаш даггара къобалйора Европин пачхьалкхаша а. БӀе шо ма дара цара массара а, йукъа питанаш туьйсуш, Ӏехош, хӀокху лаьмнашкахь барт, машар хила ца буьту.
Ламанхой кхалхош шина а правительствона гӀо дора меттигерчу феодалаший, динадайший. Россехь хиллачу реформо кхерийна уьш, шайн долара ахархой а эцна, Турце сихбелира. Цигарчу деспотин Ӏедалехь шайн политикин а, динан а идеологин идеал гучу царна хаьара цигахь шайн феодалийн бакъонаш, йукъараллин хьелаш шайгахь дуьсур дуйла.
Баккъал a, xIapa ламанхой некъашкахь а, дӀакхаьчча, Турцехь а, мозий санна, хӀаллакьхуьлуш, и феодалаш а, динадай а тӀехдика дӀатарбелира цигахь. ТӀаьхьа царах дукхахболчара Турцехь пачхьалкхан а, тӀеман а лаккхара гӀуллакхаш дӀалийцира, шайн даймахкахьчул эзарза дика баха а хевшира.
4
ХӀаъ, Михаил Тариэловична дика хаьа Турце кхелхинчу ламанхошкара хьал. Къа а, дера, хета царах. Амма империн гӀуллакхаш коьрта ду дерригенал а. Империн дуьхьа, бӀаьрнегӀар ца тухуш, тӀаьххьара нохчо-м хьовха, кхузара дерриг къаьмнаш а лаххьийна цига дӀакхалхо а реза ву иза.
Кубанал дехьара ламанхой кхалхоран гӀуллакхна тӀехь дуккха а къахьегна цо, амма цуьнан къинхьегаман стом кхечара буу. Иза дара цунна халахетарг. Мила ву ткъа и ирсениг? Евдокимов! И аьрта солдафон. …Оцу Аьрру фланго, цигарчу акхароша, легашкахь йисинчу даьӀахко санна, дукха хенахь дуьйна диллина дӀа сагатдо правительствон. Цкъа а ца хилла цигахь машар, хӀинца а бац. Хир а бац и, Нохчийчоь тӀаьххьара гуттаренна а гора ца хӀоттайахь. Ах бӀе шо хьалха, шайхана санна, и гуш, хууш хиллера А. П. Ермоловна.
«И нохчий Ӏаламат нуьцкъала а, кхераме а халкъ ду, – йаздора цо оьгӀазе. – Цул сов, луларчу халкъаша a гӀо до кхунна. Йа нохчашка безам болуш, йа вайца мостагӀалла долуш а дац иза. Лаьмнашкахь и доккха, майра, нуьцкъала а халкъ, эшна, вайн кога кӀел дагӀахь, цуьнца цхьаьна шаьш а оьрсийн Ӏедална кӀелдахарна кхоьруш. ГӀебарта хӀун йу? ХӀумма а йоцург! Шайн кӀордамечу ловзаршца вай девне-м кхойкху гӀебартоша. Амма цхьана ханна уьш лан деза сан. Уггар кхерамечу йовсаршца – нохчашца – дерг чекхдаллалц. Нохчий дӀаьвше лаьхьарчий ду. Ткъа важа дисина ламанан къаьмнаш – чуьркаш. Лаьхьарчаша цӀий муьйлуш хилча, чуьркийн араш хаалац. Кху крайхь кхерамазалла, машар, тийналла а хир йац, Теркан лахенан аьтту агӀор долу нохчийн латтанаш вай дӀа ца лецахь. И нохчий бу xIapa Кавказ карзахйохурш. Уьш къарбой, Кавказ къарлур йу. НеӀалт хилла къам! ХӀара тӀаьххьара зама тӀекхаччалц оццул дукха а ма бацара уьш. Шайн махкахь цхьацца зуламаш дина, бевдда баьхкина кхечу къаьмнех болу шаьш санна талорхой гӀадбоьлхий тӀелоцу цара. Уьш тӀелецна Ӏаш белара. Вайн салтий а ма уьду Нохчийчу. Кхечу ламанхошна тӀе ца бовду, ткъа – Нохчийчу. И нохчий, цхьа а Ӏедал къобал ца деш, шайн лаамехь маьрша болу дела. Уьш санна, шаьш а талорхой болу дела. Цундела, гӀадбоьлхий, вовшашна мар-мара лелха! Массо тайпанчу талорхойн, вайн уьдучу салтийн а бен ма бу и Нохчийчоь. Ас даим а ультиматум хӀоттайо оцу йовсаршна хьалха: бевдда шайна йукъабаьхкина салтий соьга схьало, йа ас адамашна дуьйцу ца хезна таӀзар дийр ду шуна тӀехь. Цкъа а цхьа салти а схьа-м ца велла! Цундела ас хӀаллакйора церан йарташ. Цул сийдоцуш, боьха къам кху маьлха кӀел хир дац. Кху дуьненахь адам хьоькхуш лела и Ӏаьржа ун а къехка царах, церан вуолла. Со Ӏебар вац царах, тӀаьххьара веллачу нохчочун чарх Ставрополан музейхь сайн шина бӀаьргана гичий бен!»
Оццу жамӀашна тӀевеара, Ермоловн къизалла тӀехйаьлча, иза мукъа а ваьккхина, Николай I-чо «ламанан къаьмнаш къарде, ткъа ца къарлурш хӀаллакде» аьлла, кхуза ваийтина фельдмаршал Паскевич.
– Кхидолу къаьмнаш къарда-м хала дацара, – паччахье балхамаш бора цо. – Церан коьртехь-м мехкадай бара, шайна чинаш, совгӀаташ, ахча делчахьана, шайн халкъаш-м хьовха, да-нана а духкур долуш. Халаниш нохчий бу. Шайн акхачу маршонах хаьдда, шаьш вайн комендантийн Ӏедална кӀел дахар деккъа цхьана дагадаро а карзахбоху уьш…
Баккъал а, хьекъале корта хилла Александр Петрович Ермоловн. Халахета государа хьалххе иза кхузара дӀавигар. ТӀехула тӀе, цуьнан тӀех къизаллина цунна барта чӀогӀа таӀзар а деш. ХӀетахь цхьана масех шарна иза кхузахь витина хиллехьара, цо шен къинхетамзачу куьйгашца тоххара караӀамийна хир йара и неӀалте Нохчийчоь.
Кубанан областехь а ирс хили Евдокимовн. Цигара ламанхой хӀорда тӀе таӀийра цо. Михаил Тариэловична дагадаьхкира цо сардале йазйинчу донесени тӀера шалхоне могӀанаш: «Кавказерчу эскаршна хьалха лаьтта декхарш чекхдовла герга ду, – йаздора цо. – Лаьмнашкара дӀа а лаьхкина, хӀорда йистте, цхьана йуткъачу асанна тӀе таӀийнчу царна, вайн эскарш кхин а хьалхатаӀахь, кӀелхьарбовла некъ ца буьсу. Царах цхьакӀеззигчарна лаа там бу, шайн исбаьхьчу Ӏаламан даймохк а битина, Кубанан йаьссачу аренашка дӀакхалха. Цундела, вайн адамаллин дегнаший, эскаршна хьалха лаьтта декхарш дайдан лаарой царна кхин некъ белларна тӀетоьтту вай – Турце дӀакхалха некъ маьрша битарна».
ХӀетахь, и могӀанаш дешча, дегнаш кӀадделира «адамаллин» болчу Кавказски хьаькамийн.
– Шайн даймахкара дӀабаха гӀертачу ламанхошна мелла а дуьхьало йар тӀех йоккха къизалла хета суна, – элира хӀетахь наместникан декхарш кхочушдеш хиллачу эло Орбелианис. – Вайн эскарша халачу хьелашка берзийна хилча, мелхо а, Турце кхелхачарна новкъарло йан ца йеза графо Евдокимовс. Амма, и масех бӀе эзар стаг хӀордал дехьа муха вер ву, хаац-кх.
Карцовс атта тардира и гӀуллакх.
– Кхалхаран гӀуллакх вайн лаамна жоп луш хиларний, кхузара тӀом цо тӀаьххьара а, гуттаренна а чекхбоккхург хиларний, кхузахь колонизаци йан аьттонаш луш хиларний, – вахвелира иза, – вешан ницкъ ма-кхоччу, царна дӀакхалха гӀо дан деза вай. Кхелхарш дӀабига догӀучу туркойн кеманашна ламанхой бехачу массо бердашка хӀитта бакъо йалар бакъахьа хета суна.
– Туркойн кеманаш кӀезиг хир дуй-те сила долу адам кхалхо, Александр Петрович?
– Вайн тӀеман а, махлелоран а кеманаш йукъаозор ду-кх. Цул сов, малхбузера пачхьалкхаш а йу ламанхой кхузара дӀакхалха лууш. Цара гӀоьнна шайн кеманаш дахкийта а мега.
– Иза а хила тарло, – резахилира Григорий Дмитриевич. – Царна вайначул а тӀех лаьа ламанхой Турце кхалха.
Евдокимовн ирсана, гӀуллакх тӀехдика дӀадоладелира, туркоша-м хьовха, англичанаша, французаша, итальянцаша, грекаша а кеманаш делира ламанхой хӀордал дехьабаха. Белла а, дийна а – ах миллион ламанхой цигара дӀабаха аьтто хилира Евдокимовн. Ткъа Михаил Тариэловичан ницкъ кхачац атталла ткъа эзар нохчо а кхузара дӀаваккха!
Дуьнен чу волуш дуьйна а ирсе кхаж баьлла Николай Ивановичан! Фейерверкеран кӀант, йуьхьанца – магӀара салти, тӀаккха – Койсубулин пристав. Халлий бен йаздан а, деша а ца хууш, бодане стаг. Амма, шен пхи пӀелг санна, ламанхойн Ӏер-дахар а, гӀиллакхаш, амалш а йевза. Шен майраллий, къизаллий, дукхахдерг – мекарлой а бахьана долуш, инарлин чине, графан титуле а кхечи.
ХӀаъ, эрна дац паччахьо Евдокимовн гоьваккхар. Ламанхойн дуьхьало каг ца йелла, инарлаш кӀелбисча, цо кхин а йоккхачу къизаллица карлайаьккхира массарна а йицйелла лаьтта мацахлера Ермоловн тӀеман тактика. Алексей Петровича дагарца болх бира Нохчийчохь, ткъа Евдокимовс – цӀарца. Системица тӀелатарш деш, кӀез-кӀезиг хьалхатеӀаш, амма ша тӀенисвелла массо хӀума – йарташ, даьхний, йалташ, хьаннаш, цанаш, докъарш – йагош, Нохчийчоь тӀаьхьалойоллуш дӀалецира цо.
Ермоловн «хьаннаш хьекха» боху кхайкхам «кӀур биэ» бохучуьнца хийцира Евдокимовс.
– ТӀом ма бе нохчашца, – хьоьхура цо эпсаршна. – Мелхо а, тӀамах къахка. Йарташ, йалташ, хьаннаш, бошмаш, дежийлаш, цанаш, даьхний, докъарш хӀаллак а йай, йухадовла. Мацаллой, шелоной карабалор бу уьш. ЦӀе, цӀе, йуха а – цӀе!
ТӀеман тӀаьххьарчу шерашкахь коьрта тидам айкхашна тӀеберзийра Евдокимовс. Инди дӀалоцуш англичанаша пайдаэцна метод – кхаьънашца нах иэцар – кхин тӀе а тайина, шарйина, йукъайаьккхира цо кхузахь; «шайчийн» къайленах информаци йеллачунна – хӀоккхул, имамах веддачунна – хӀоккхул, цхьана а агӀор воцуш Ӏийначунна – хӀоккхул, йоккха топ схьайеллачунна – хӀоккхул, лаьцна нохчех стаг валийначунна – хӀоккхул, иштта дӀа кхин а кхаьънийн тарифаш йара хӀиттийна. Доцца аьлча, иттаннаш шерашкахь хаддаза лаьттачу тӀамо xIy даре кхачош лаьтта мацаллой, къоьллой бӀарздина адам оьздангаллех дохо, кхаьънашний, айкхаллиний, йамартлонний Ӏамо шатайпа, бӀаьргана гуш йоцу школа йиллира цо Нохчийчохь. Оцу тӀехь баккхий кхиамаш а бехира графо. Фельдмаршало Барятинскийс масех дашца сурт диллира Евдокимовн: «Вуон хьехархо вацара граф. Ша кхолладелла жовхӀар, амма къиношца – куьйгана цӀена вацара иза, кхаьънаш оьцура…»
Ша йечу ойланашна шех иэхь хийтира Михаил Тариэловична. Оцу солдафонан карьерех иза хӀунда хьоьгу? ХӀан-хӀа, дайшкара схьа дворянех волчу Михаил Тариэловича ша лахвийр вац цунах хьегарца. Евдокимовс болх куьйгашца бо, ткъа Михаил Тариэловича – коьртаца. ТӀом чекхбаьлча, аддамна а мичхьа ву а ца хууш, массарна а вицвелла, шен графан титулца вуьсур ву Евдокимов, ткъа Михаил Тариэловича шен хьекъалца гойтур долуш дуккха а гӀуллакхаш ду.
…Лаьмнийн баххьех хьерчачу кӀайчу мархийн сомалкхашка а хьоьжуш, кора уллохь лаьттара Михаил Тариэлович. ГӀаргӀанан дуькъачу гӀашна йуккъехь «кӀур-кӀур» дора шина кхокхано. Лаьмнашкара схьа дагна там беш байн мох хьоькхура. И гӀайгӀане ойланаш дӀалахка санна, белшаш ойъуш, корта ластийра цо. ХӀаваэ ваьлла, волавелла, коьрте жимма садаӀийта ойла хилла Лорис-Меликов сацийра неӀарх чоьхьаваьллачу штабан начальнико полковнико Свистуновс.
– Коьртачу штабера пакет йу, хьан локхалла, – цӀена къаьстачу озаца вистхилира иза.
– Стоьла тӀе охьайиллахьа, – элира Лорис-Меликовс, полковникан элдарчу дегӀе бӀаьрг а тоьхна. – Нохчийчуьра хаамаш буй?
– Ичкерински а, Аргунски а округийн начальникашкара донесенеш йу.
– Керла хӀун дуьйцу?
– Башха керланиг а дац. Ламанан Нохчийчохь синтеме дац, халкъ бунт йан кечлуш ду, боху. Амма, цигахь дукхе-дукха леррина а, къайлаха а боккхачу гӀаттамна кечлуш буй-те аьлла, хета суна. Вайн ирсана, зуламхошна тӀаьхьа хӀинца цкъа кегийрхой бен ца хӀуьтту. Баккхийчарна иэрна хета Ӏедалца къийсар.
Лорис-Меликовс доккха садаьккхира.
– Мятежан тхьамданашка ладоьгӀуш баккхийниш болуш, ткъа кегийрхой йухагӀерташ хилча, бакъахьа хир дара, хьомсара Александр Павлович. И ун къоначу тӀаьхьенан дегнаш чохь дисар ду зуламе.
Цхьана минотехь вист ца хуьлуш лаьттира и шиъ.
– Керла гайтам хир буй хьан локхаллин? – хаьттира полковнико.
– ХӀан-хӀа. Баркалла.
Полковникна тӀаьххье неӀ тӀечӀагӀайелча, Ӏаьржа лак хьаькхна, куьзга санна, къегачу стоьла тӀе йуха а вирзина, лекха гӀовла йолчу кӀедачу гӀанта охьахиира Михаил Тариэлович. Меллаша сургучан мухӀар дӀа а даьккхина, жимачу уьрсаца пакет а йатӀийна, оцу чуьра деалха диттина шера кехаташ схьадехира цо. ТӀаккха, цӀеначу йовлакхца цӀандина, дашочу хӀазаршца кечдина куьзганаш шен стомма-бехачу мера тӀе а дехкина, кехаташ схьадаржийра цо.
Дуолорна тӀе бӀаьрг кхарстийна, тӀаккха цхьацца меттигаш леррина йеша вуьйлира иза.
«…ТӀеман министре, цуьнан локхалле, инарла-адъютанте Милютине… № 1, 3 январь 1865 шо.
…Билгалдаккха деза, Малхбале Кавказан дерриг къаьмнаш вайца цхьатерра мостагӀалле а, вайна цхьатерра кхераме а цахилар: цундела, царах лардалархьама, вай деш долу гӀуллакхаш массанхьа а цхьатерра луьра хила дезац. Теркан областан Малхбузе Отделера бахархой бес-бесара къаьмнех хиларой, оьрсийн урхаллех боьлла хиларой, церан динан башхаллаший цигахь вайн Ӏедал чӀогӀа латтадо, цундела цигахь вайна кхерам боцу кег-мерса карзахаллаш хила тарло.
Шерачу аренца йолчу ГӀумкийн округан мехкан хьелаший, вайн урхаллина кӀел халкъ токхенга кхачарой гуттаренна дӀабоккху цигахь гӀаттам хиларан кхерам.
Кхечу хьолехь бу дагестанхой. Майра тӀемалой а, динан фанатикаш а болчу церан вайга цабезам массерчул тӀех чӀогӀа хила мега. Амма оцу шайн мехкан къечу, буьрсачу Ӏаламан Ӏаткъамна кӀел кхиъначу цигарчу халкъийн Ӏер-дахаро вайн боккха аьтто бо уьш вайна муьтӀахь латто а, оцу махкахь вешан урхалла латто а. Лаьттан къоьлло къинхьегамна Ӏамийна ламанан дагестанхой. Церан лаьмнашкахь мелла а тӀехь йалта кхио мегаш йолу хӀор а кийсак, дайша инзаре чӀогӀа къахьоьгуш тарйина и кийсак, тӀаьхьарчу тӀаьхьенаша, йоӀбӀаьрг санна, ларйо, иза шайн рицкъанийн цхьаъ бен доцу хьоста хиларна. Оцу бахьанаша, цигара къаьмнаш вайна мел муьтӀахь дацахь а, догдохийла йуьту, Дагестанехь вайна дуьхьал гӀаттам хир бац аьлла.
Новкъа ду, Дагестанехь а, Теркан областан Малхбузей, Малхбалей шина отделехь а вайн урхалла чӀагӀдечу хьелех цхьа а нохчий бехачу Йуккъерчу отделехь цахилар. Кхузахь дерриг а вайна дуьхьалдирзина: оцу халкъан амал а, йукъараллин дӀахӀоттам а, Ӏер-дахар а, Ӏаламан хьелаш а. Нохчаша вайца биначу бехачу тӀамо цуьрриг а бакъахьа ца хийцина церан амал. Вайн эскарийн тохаршний, Шемалан деспотин Ӏедалний йуккъехь бисинчу нохчаша, вайх ларбала а, Шемалан Ӏедал дӀакхосса а шина агӀор биэкъа ницкъ боцуш, шайн герз а, мекарло а цкъа вайна, тӀаккха Шемална дуьхьалйоккхуш, йуха шайн вовшашлахь лиэташ, текхна xIapa тӀаьххьара ткъа шо. Оцу шина а агӀоррий, йуха вовшашлахь бечу тӀамой хӀаллакбина церан оьздангаллех болу кхетам а, вовшийн лерам а. Кхерам-м хьовха, Ӏожалла а дош ца хета царна. Кхерамах а, Ӏожаллех а боьллачу царна оцу шина а бӀаьргаш чу хьоьжуш дерг бен дахар а ца хета. ХӀокху тӀаьххьарчу ткъа шарахь нохчийн цхьа а йурт тешна йацара ша тахана йолчохь кхана хир йу бохучух: цхьана агӀор вайн эскарша йохайора уьш, вукху агӀор – вай гергагӀоьртича, Шемала нуьцкъаха кхечахьа кхалхайора. Мохк йалтина дика, токхе хилар бахьана долуш хӀаллак ца хуьлуш дисина и халкъ, амма адамашха терра дахар бохучух кхетам а, тешам а байна церан. Демократизм уггар а лакхарчу тӀегӀан тӀехь йара церан даим а. Сословеш а, тӀаьхьенга лун Ӏедал а хӀун йу-м, муххале а, ца хаьара царна, атталла цхьа а тайпа Ӏедал тӀелаца а лаац. Иза-м хьовха, «приказ» боху дош а дац нохчийн шайн маттахь…»
– Цул а, хьерадаьлла халкъ ду иза аьлла, доцца йаздинехь, – доккха садаьккхира Лорис-Меликовс, – кошо бен нисдийр доцуш.
«…Оцу амалшца йукъараллин зӀенаш йоцчу нохчийн долахь массо тайпанчу зуламашний, мятежашний аьтто беш мохк бу. Йеххачу хенахь цаьрца тӀом бина, цаьргара схьабаьккхина дуккха а мохк, кху сохьта вайн политикин а, йа стратегин а Ӏалашонашна цхьана а маьӀне боцу баьсса, берзина Соьлжан аьрру агӀонца болу мохк бу. Йуькъа хьаннаш а, Ӏаламан кхин дуккха а чӀагӀонаш йолу йерриг меттигаш нохчийн долахь йисина. Церан долахь ду Дагестанца зӀе латтош долу Аргунан а, Ичкерин а округашкара лаьмнийн чӀажаш, Ӏаьржачу ломан хьаннаш. Оцу меттигашкахь карадо обаргашна шайна кхерамаза туш.
Оцу хьолехь йолчу Нохчийчоьнера вайна кхерам ма-барра гучу графо Евдокимовс, Малхбале Кавказ къарйар чекх ма-деллинехь, Ӏаьржачу ломан когашкахула дӀа вайн станицийн а, чӀагӀонийн штаб-квартирийн а керла лини йилларца, нохчийн аренашкара йарташ ламанца йолчех дӀакъасто план хӀоттийра…»
– ХӀай-хӀай! – корта а ластош, велакъежира Лорис-Меликов. – Дерриг а хьекъалениг шений, Евдокимовний йаздойц Карцовс!
«…Вай дан гӀертачух кхеттачу нохчаша луьра дуьхьало йира. Ичкерински а, Аргунски а округашкахь гӀаттам хилира, йерриг а хьаннашкахь обаргийн гӀеранаш йаьржира. ГӀаттам хьаьшира, къаьсттина бехкейолу аьккхийн, бенойн йарташ арен тӀе кхалхийра, аьрстахошка дӀахьедира Жимачу ГӀебарта кхалхар. Графо Евдокимовс йуьхьарлаьцна и хала, амма вешан Ӏалашонна тӀедуьгу доккхачу маьӀне система сацамболлуш цо дӀайахьар йукъахдисира иза Кубанан эскарийн командующи хӀоттор бахьанехь. Цуьнан метта Теркан областан эскарийн командующи хӀоттийначу инарла-лейтенанто эло Святополк-Мирскийс тӀе ца лецира Евдокимовн система. Герзийн ницкъашца Нохчийчоь къарйан йеза хан дӀайаьлла, нохчашца машаре дийцарш дан деза, уьш вайх тешийта беза, тӀаккхий бен гуттаренна а церан дуьхьало соцур йац, бохура. Турце кхалхо гӀебартой совца а бина, церан махкахь керла станицаш йохкур йац аьлла, нохчашна дош а делла, аьрстхошний, аьккхашний шайн йарташка йухаберза бакъо йелира цо. Эло Святополк-Мирскийс ойла ца йеш диначу оцу гӀуллакхаша Владикавказан 2-чу полкан гӀалгӀазкхий а, нохчий а йоццачу хенахь а цхьаьна тарлур боцчу хьелашка хӀиттийна. Хьалха ас ма-аллара, шен планаш кхочушйан воьллачу графо Евдокимовс лакхахь буьйцу нохчий лаьмнашкара охьа арен тӀе кхалхо болийнера…»
– Йуха а – аьшпаш! Нохчий арен тӀе кхалхор Евдокимов цига хӀоттавале долийнера!
«…кхидӀа а уьш ГӀебарта кхалхо дагахь, церан махка тӀе гӀалгӀазкхийн станицаш йехкира Евдокимовс. Ткъа гӀебартой Турце ца кхалхош совцор бахьанехь, шайн махкахь 70 квадрате миль лаьтта тӀехь бисина инзаречу гаттехь бохкучу нохчаша бахам кхиор бу бохург-м хьехочохь а дацара, йуьззина мацалла хӀуттур йу цаьрга. Цхьа а бӀаьсте чекх ца йолу йарташна йуккъехь дов ца долуш, вовшах ца леташ, виэр-ваккхар ца хуьлуш. Арен тӀехь латта доцуш бисина дуккха а нах шаьш хьалха вай герзан ницкъашца охьабаьхначу лаьмнашка къайллаха йухаоьху, тӀаккха цигара уьш нуьцкъаха охьабаха дезаш хуьлу…»
– ХӀокхо дийцарехь, кху областехь баьхна кхиамаш берриш а Евдокимов бахьанехь хуьлу, – ца вешаш, чӀичкъавахара Лорис-Меликов. – Ткъа со тӀехьа, ӀиндагӀе, тоьтту. Нагахь хӀокхо йуьйцу ойланаш а, кхиамаш а баккъал Евдокимовн хиллехь, инарла Кундухов Нохчийн округан начальник хӀунда хӀоттийнера цо? Хетарехь, Аргунски а, Ичкерински а округашкахь хиллачу Евдокимовс, нохчашна хьалха цӀога лесто ойла йолуш, царна тӀе Кундухов хӀоттийна.
«…Оцу къастам боцчу, амма вайна халачу хьолах кӀелхьардовла шиъ бен некъ бац: хьалхара, сацамболлуш тӀейогӀучу хенахь гӀаттам хиларна кхерам гуттаренна а дӀабоккхуш берг – берриг нохчий Теркан а, Соьлжан а аьрру агӀонаш тӀе а, Жимачу ГӀебарта а кхалхор, Соьлжаца хьала ГӀачалкх-Дукъа тӀе хӀотталц, ломан когашца нохчийн лаьтта тӀе Соьлжан 1-чуй, 2-чуй полкан станицаш йахкарца аренан Нохчийчоь Теркан а, Дагестанан а областийн ламанан округех дӀакъастор. Иза дича, вай тӀаьххьара а, гуттаренна а чӀагӀло, Теркан областехь-м хьовха, Дагестанехь а. Шена йалтийн база хилла лаьттачу Нохчийчоьнах дӀахаьдча, цкъа а меттахъхьан йаьхьар йац Дагестан. Амма, и план кхочушйан доьлча, вай кийча хила деза нохчашкахьара хинйолу луьра дуьхьало кагйан. Кху сохьта Кавказехь болчу вайн ницкъе хьаьжча, и тӀом бахлур бац, шина-кхаа кӀиранах чекхбала а тарло, амма йуьхьанцара тасадаларш Ӏаламат луьра хир ду…
ШолгӀа некъ – кӀез-кӀезиг, сих ца луш, нохчий Турце кхалхор.
И план кхочушйан доьлча, вайна оьшу, лаххара а, пхи-йалх шо хан а, оцу йерриг а хенахь арахьарчу мехкашца чӀогӀа машар а, нохчийн муьлхха а гӀаттам хьаьшна дӀабаккха, Теркан областехь диллина латто тоъалчу барамехь эскарш а. ТӀаккха а, цхьа хьалххе дуьйна гушдоцчу бахьаница, кхузахь цӀе летар йац ала а даьхьар дац. Цундела, иштта меттиг тӀенислахь, Кавказан кхечу къаьмнашна хьалха вешан Ӏедалан сий лардархьама, ас гайтинчу шина некъах хьалхарниг дӀабахьа, йа, вуьшта аьлча, берриг нохчий Соьлжан аьрру агӀон тӀе кхалхорца, тӀейогӀучу хенахь гӀаттамаш хиларна кхерам гуттаренна а дӀабаккха, и хьалхара некъ дӀабахьа коьртакомандующина йерриг бакъонаш йала йеза…»
– Цигара хьал-м шуна массарначул а дика хаьара суна, – барт туьйхира Михаил Тариэловича. – Цхьана дийнахь шайн тӀеман кхиамаш хилчахьана, кхин тӀаьхьалонан ойла ца йеш, тӀенисбел-беллачу меттехь станицаш а, тӀеман чӀагӀонаш а йехкина. Коьртаниг ца гина. ХӀетахь кортошца ойла йан йезара, хьомсара государаш. Цхьа а низам доцуш туземцашна йуккъе баржийначу оьрсийн бахархойн ницкъ бац хӀоьттинчу хьолана тӀеӀаткъам бан. ХӀинца оцу Ӏовдалша кегийна худар ас даа деза. ЦӀий а Ӏенош…
Дешна ваьлла кехаташ, деалха а тоьхна, оьгӀазе конверта чу таӀийра цо.
II корта ДАГАХЬ ДОЦУ ГӀО
(Дешхьалхенан тӀаьхье)
Зиэделларг ду, шайгара девлла зуламаш шайн карарчу Ӏедалан гӀоьнца тӀекхуьучу тӀаьхьенах къайладахалур ду моьтту нах телхина хилар.
Корнелий Тацит
1
Михаил Тариэловичан ойланаш йукъахйехира тIулг хьажош тобиначу урамехула гергадогIучу говрийн ленаш тоьхначу бергийн татанаша. Иза хазза ладоьгIна а валале, йиллинчу гIопах чоьхьавелира дикачу дойшкахь герзах воттавелла йалх бере. Хьалха сирачу динахь вогIура хIокху махкахь хийла эпсар шех хьоьгу элдарчу дегIара, куьце хIирийн округан начальник инарла-майор Кундухов. Цуьнан некъахой бара виллина дIа цуьнца хуьлу воккхаха ваша Афако, кхин виъ йалхо а.
Каде динара а воьссина, кхин дIасахьажар доцуш, цIа чу волавелира Кундухов. Цо урх тесна йитина говр, йиэгa а йелла, бай тIе тIа детта йуьйлира.
Дукха хан йалале чувеанчу Лорис-Меликовн адъютанто Золотаревс, Кундуховс ша тIеэцар доьху, элира.
– Чувола ала, – кхоссар а йина, вусавелира Михаил Тариэлович.
Шаьшшиъ ший а кавказхо а, цхьана гуонан ши стаг велахь а, Кундуховга безам ца летара Лорис-Меликовн. И цабезам хила бух а ма бацара. Кундухов хьуьнаре инарла а, говза дипломат а, хIокху ламанан халкъашлахь лоруш стаг а ма вара. ХIетте а, цуьнга ладоьгIча, леррина хьаьжча, оцу арахьарчу куьцаний, хьекъалечу къамелний тIаьхьа шалхо хиларх шеквуьйлура. Амма империна дикка гIуллакхаш дина, Петербургехь йаккхий зIенаш йолуш а стаг иза хиларна, мел ца лаахь а, Кундухов лара дезара Лорис-Меликовн. TIe, дукха хан йалале xIapa берриг ламанхой гучуьра бовларе догдохуьйлаш хиларо дагна маслаIат а дора цунна.
– ОxI, сан хьомсара Муса Алхазович! Мича махо валий-те хьо со волчу!
БIаьргаш а, йерриг йуьхь а йекхайелла, Кундухов маракъовла санна, ши куьг дIаса а тесна, кегийра гIулчаш йохуш, цунна дуьхьалвахана, иза, пхьарс лаьцна, гIиллакхехь кIедачу гIанта тIе валийра цо.
Ша дуьхьал охьа а хиъна, хаттаме хьеше хьаьжира Михаил Тариэлович.
– ТIаккха, хьомсарниг, хIун ду керла? Оцу хьайн Скут-Кохахь дукха сагатдой ахь?
Гоьл тIе ког а боккхуш, гIантан гIовли тIе куьйгаш дехкира Кундуховс.
– Лаьмнашкахь мичара хезар дара керланиг? Уьш кхузара, Владикавказера, дIа ма кхочу тхоьга. Цул, ахь дийцахьа, Михаил Тариэлович, хьайн гIуллакхаш муха ду?
– ХIун аьлла жоп лур дара хьуна? Со кхузахь волу шо а ма ца кхаьчна. ЖамIаш дан тIех кIезиг хан йу иза. Доцца аьлча, планаш йаккхий йу, ткъа динарг кIезиг ду.
– Цуьнан императоран воккхалло империн уггар хала а, чолхе а область йелла хьан кара. Цо гойту, иза хьох чIогIа тешаш а, догйовха а хилар.
Цхьана минотана коьртера дIайевлла чолхе ойланаш, уьйриг хилла, йуха а чухьаьвзира. Лорис-Меликов, везза хьала а гIеттина, доца ши куьг тIехьа а диллина, кегийра гIулчаш йохуш, чухула дIасаволавелира.
– Бакъдерг аьлча, Муса Алхазович, государь-императоро и тешам сайна баларх дозалла до ас. Амма хала ду-кх кхузахь, инзаре хала. Ша Дела воцчунна басталур бац хIара шайтIанийн шад. Кхин хила амал доцуш, йухахьара къам ду и нохчий. Кхузара тIом чекхбаьлла моьтту массарна а. Ткъа иза аьттехьа а доцийла, хьуна ма хаьа. ХIокхеран къармазаллий, сонталлий фанатизме йирзина. Кху махкара дисинчу дерриг а къаьмнаша вайн гражданалла тIеэцна, дуьхьало йоцуш Iедална текхамаш а бо… Амма Нохчийчохь иза хьеха а ца дойту. Бехк ма биллалахь, Муса Алхазович, сапаргIат дийцалац соьга.
– XIаъ, хьан локхалла, чIогIо бIар ду Нохчийчоь, – элира Кундуховс, шен Iаьржа-месалчу мекхашна куьг а хьаькхна. – Цунна къера хила дезара тоххара. Закавказера а, Дагестанера а къаьмнаш къардан атта хилира вайна. Цигара хьалхалера Iедал вайчуьнца хийцичхьана, дерриг а дIанисделира. Церан тIулган лаьмнаш колонизацина дезар дацара. Вешан гIорторашна цигахь оьрсийн цхьа йурт йа штаб-квартира йилларо, мохк шуьйра хиларна, меттигерчу халкъийн бахамаллин дIахIоттамна новкъарло ца йира. Цул сов, вайца йеххачу хенахь биначу тIамо талийна, чIанабаьхна, гIелбина Кубанан областера ламанхой а, шайна йукъа гIалгIазкхий ховшо болийча, уллохь хIорд хиларо аьтто бина, Турце а кхелхина, вайна дуккха а латта мукъаделира. Цигахь бисина меттигера кIеззиг бахархой вайн правительствона кхераме хуьлучуьра бевлла, ткъа хенан йохалла, колонисташна йукъа а ийна, уьш лар йоцуш бовр бу. Буххенца кхечу хьелашна, кхечу халонашна тIеIиттаделира вай, Нохчийчохь вешан Iедал хIотто доьлча. Цкъа-делахь, областехь бIе эзар гIалгIазкхи ваха хаоро гатте йина нохчий шайн хьалхалерчу бахамаллин кепех бохийна. ШолгIа-делахь, дIасабовла меттиг бац церан. Къилбаседехьа – йекъа, йаьсса гIамаре аренаш, къилбехьа – лекха тIулгийн лаьмнаш. Оцу хьелаша вайна некъ боьхку гражданство тIеэца Iемина доцу и къармазе къам областал арахьа даккха. Доллучул а вайна хало йийриг кхин а ду – уггар токхе ах мохк цаьргара вай схьабаьккхинехь а, церан долахь стратегин Iалашонна доккхачу маьIне болу важа мохк бисар.
– ХIаъ, Муса Алхазович, – корта хьовзийра Лорис-Меликовс. – Нохчий хIокху хьелашкахь битахь, машарей, синтемей догдохуьйла йац вайн. Амма кIелхьарвала цхьа ков доцуш хало а хилац. Йерриг Кавказехь вешан Iедал хIоттийна вай, Нохчийчохь а хIоттор ду.
– Бехк ма биллалахь, Михаил Тариэлович, амма, нохчий Жимачу ГIебарта кхалхо Iалашо йолуш, ахь хIоттийна план кхочушйалур йоцуш хета суна. Нохчийчоь шина декъе йекъар – иза йуха а цкъа тIамца дIалацар санна хуьлу.
– Дера, шайн лаамехь-м кхелхар ма бац уьш цига, – ойла а йина, тIетайра Лорис-Меликов. – ХIун дан деза ткъа?
Кундуховс даррехь жоп ца делира, командующин собар зиэн гIерташ санна.
– Дала аьтто бийр бу, – шалхе велавелира иза. – Герзан ницкъаца низам хIотталур дац вайга. Кхин некъ каро беза.
– Нах иэцаррий?
– Иза а бац тешаме. Церан ханаш а, элий а бац вайна бохкабала. Бохкалуш нах кIезиг карор бу нохчашлахь. Шен амал йолуш къам ма ду иза. КараIамозчу эмалканчул башха, дуьрста йезац цунна.
– Церан элий а, ханаш а цахилар дикахо хета суна, – ойлане корта хьовзийра Лорис-Меликовс. – Ойла йел ахь, мел къиза бара дагестанхойн ханаш. Таркхойн шамхало хIун дора шен ахархошна? ГIожмаш йеттара, бIаьргаш бохура, тIуьначу зинданаш чохь бахкабора. Кюрин Аслан-хана цхьа бехкбаьлла шенаш цIийдинчу эчигца морцура, лергаш дохура, баьшначу кортошна тIе кхехка даьтта дуттура. Шайн ахархойн зудабераш нохчашна говрех бухкура. Церан и акха гIиллакхаш буххенца, гуттаренна а дIадаьхна Россин культуро.
Кундухов цавашаре велавелира.
– Бехк ма биллалахь, хьан локхалла, Россехь ахархой Iаьржачу боданехь латтош хилар дицдо ахь. Вайша цхьа кавказхо хиларна, хьох къайле йац сан. Ермоловс Дагестанера ахархой «маьршабохуш», оьрсийн муьжгий бIозза халачу, къизчу хьолехь бара. Арслан-хана шен ахархойн йоIарий говрех бухкура, ткъа оьрсийн помещико шенаш иэрех хуьйцура. Массо газет къарздой хуьлура крепостной ахархой бохка-иэцарх йолчу рекламаша. Мичахь йара и акхаралла? Цивилизацин Россехь! Цигахь а иза хилча, ткъа Дагестанерчу ах-акха элашний, ханашний бехкбилла гIертар суна-м беламе ма хета, Михаил Тариэлович.
Кундуховн дуьхьало йоцуш хецаваларо цецваьккхинчу Лорис-Меликовс акъваьлла ладоьгIура цуьнга.
«Дерриг а схьа ца олу ахь, амма вуьшта гуш ду-кх хьан дагахьдерг, – леррина хьаьжира цуьнга командующи. – Лаа дац, «мел йузайарх, борз варша хьоьжу» боху оьрсийн кица».
– ХIета, хьо реза вац-кх кхузахь вайн правительствос дIахьочу политикина йа, вуьшта аьлча, цуьнан императоран воккхаллин лаамна? – хаьттира цо, шен ирачу хьажарца Кундуховн бIаьра а вогIавелла.
Кундуховс бIаьрнегIар а ца туьйхира.
– Айса государь-императорна тешаме хила биъна дуй, йоIбIаьрг санна, ларбо ас, Михаил Тариэлович. Лар а бийр бу. Амма суна оцу лакхарчара тхаьш адамаш лорийла а лаьа. Оха мел доггах гIуллакхдарх, тхо мел хьекъале делахь а, оцу вельможашна гергахь сой, со саннаршший шайн вежарийн цIий Iено «караIамийна акхарой» ду. ХIаъа-ткъа, ахчанах а, чинех а дохкалуш, иэцалуш долу.
Меллаша тIе а вахана, Кундуховн белшах дайн куьг туьйхира Лорис-Меликовс.
– Сан хьомсара Муса Алхазович, тIех цIий сиха стаг ву хьо. Барт бийр бу вайша: суна хIумма а ца хезна. Амма иштта дешнаш кхечуьнга олучух ларлолахь. Кхин а дика хир ду, и зуламе ойланаш ахь коьртера дIайаьхча. Сан даггара хьехар ду хьуна иза. Ткъа оцу хьокъехь суна хетарг хаа лаахь, со буххенца реза вац хьоьца. Цхьацца кIезигчу нехан зуламечу, къизачу йа сонтачу гIуллакхашца дуьстина, хадо ца беза халкъан, мехкан мах. Росси цивилизацин мохк бу. Лаахь а, ца лаахь а, xIapa ламанхой адамаллин историна дукхе-дукха гена тIаьхьабисина. Ах-акхачу гIиллакхашца, амалшца беха хIорш оцу боданера маьлхан серлонга баха хьурмате кхаж Россин баларх воккхаве со, дозалла а до ас. Амма иза, хьуний, суний ма-лаъара, сиха хир дац, хьомсара Муса Алхазович. Цунна дуккха а хан, къинхьегам а оьшу. Халонаш лан а деза. Хьайн харцахьара ойланаш а йитий, генна хьалха дIахьажал хьо.
2
Чувеанчу капитано Золотаревс йуккъехь масех кехат долуш папка хьалхайиллира командующина. Кехаташна тIехула йукъ-йукъа бIаьрг а тоьхна, даьржинчу хотIаца буха куьйгаш а йаздина, папка капитанна хьалхатеттира цо. Золотарев араваьлча, толаме Кундуховга хьаьжира Лорис-Меликов.
– ХIаъ, хьомсара государь, генна хьалха дIахьажа хьо. ТIаккха хуур ду хьуна, со бакълоьй.
Кундухов воккхавиэра долийна къамел дахдан аьтто нисбаларх.
– Со собаре цахиларна бехк цабиллар доьху хьоьга, Михаил Тариэлович, – элира цо, шен сихалла йуха а оьзна. – Уггар хьалха, ламанхо ву со. Ткъа цIий Iац шечуьнгахьа озабезам ца беш. И нохчий кхечу къомах белахь а, сан лулахой бу. Ас цаьргахьа уозарх иэхь дац, моьтту суна. Со тешна ву уьш къарбелла кIелсовцург цахиларх. Хьан план нийса йу, шеко йоцуш. Амма – кхечу къомаца долчу гIуллакхна хIоттийна йелахьара. Ницкъаца, къизаллица къарлур бац нохчий. Нагахь, хьуна ма-лаъара, уьш нуьцкъаха цигара дIакхалхо долахь, дукхе-дукха балхаме тIаьхье хир йу. Хьан плано шовзткъалгIачу шерашка йухадуьгур ду вай. Со тешна ву, хIетахь вайна нохчашца мотт бийца хиънехьара, оцу тIаьххьарчу ткъа шарахь лаьттина цIийIеноран тIом хилла хир бацарх. Изза гIалат йуха а далийта ойла йу хьан? Инарлегара Пуллогара масал ма иэцалахь, хьан локхалла!
Тахана Лорис-Меликов дукхе-дукха цецваьккхинера Кундуховс. Шена хьалха хиъна Iийриг Кундухов ван а вуй-те олий, шеквуьйлуш, леррина цуьнга хьоьжура командующи. ХIинццалц цкъа а цахилларг ду-кх xIapa. Ламанхошкахьа гIoдаха а, нохчех къахета а воьлла. XIapa Кундухов вацара ткъа кхо шо хьалха нохчийн цIий Iанийнарг? XIapa вацара ткъа хIетахь Ичкерехь шен къизаллица гоьваьлларг?
– Оцу нохчашца долчу гIуллакхна хIилла а, само а оьшу. И шиъ ду вайн тешаме союзникаш, – элира Кундуховс, командующи вист ца хуьлуш сецча. – Нохчийчохь керла Шемал ца гIаттийта. Вайгахь хIилла а, само а ца хилахь, гIуллакхаш бохаме доьрзур ду цигахь.
– ШолгIа Шемал кхин хир вац цкъа а, – доцца хадийра Лорис-Меликовс.
– Бакъду-кх иза а. Иштта стаг бIешарахь цхьаъ волу дуьнен чу.
Лорис-Меликов велавелира.
– Хьо нийса ца кхетта ас аьллачух, – корта ластийра Михаил Тариэловича. – Шемалх дозуш дацара хьалха кхузахь хилла гIуллакхаш. Со къера ву Шемал хIокху ламанхойн хьелашкахь майра, хьекъале стаг а, говза администратор а хиларна. Амма, цхьаболчара ма-вуьйццу, говза полководец вацара, аьттехьа а. Вайца тIамехь баьхначу толамашкахь цуьрриг а дакъа дац цуьнан. Летарш а, толамаш бохурш а цуьнан хьуьнаре, говза а, майра а наибаш бара. TIe, хьуна дицделла, сан хьомсарниг, Шемалх дуьнен чохь цIейаххана стаг винарг и нохчий хилар. 1839-чу шарахь Ахульгохь дагестанхойн шайн гIоьнца вай дIа ма-воьллинера иза. Дагестанан лаьмнашкахь шен ворхI накъостца, экха санна, иэккхийна лелош волу иза Нохчийчу кхечира. Кхузахь нохчаша туш делира цунна. Цуьнан ирсана, вайн дакъазаллина, йа нийсса аьлча, массеран а дакъазаллина, дукха хан йаллале Нохчийчохь йукъара гIаттам хилира. Ахь цIе йаьккхинчу Пуллон гIалаташ бахьана долуш. Мацах цкъа французийн революцино Наполеон санна, кхузахь халкъан дарцан тулгIеша айъира Шемал. ТIаьххьарчу ткъа шарахь Нохчийчоь йара цунна тIемалой лург а, кхачанан сурсатийн база хилла лаьттинарг а. Берриг бохург санна, баккхий тIемаш а церан махка тIехь хилира. Цул сов, Шемалан генералитетан уггар тоьлла а, дукхаха дакъа а нохчийн наибаш бара. Доцца аьлча, нохчийн таррийн йуьхьигашца историн анналашна тIе гуттаренна а шен цIе йазйина цо. Шемал саннарг карор ву хIинца а, амма хIетахьлера Нохчийчоь а, нохчий а бац хIинца. Оцу бехачу тIамехь хIаллакьхилла церан хьекъале, говза тхьамданаш а, майра тIемалой а. Бисинарш Шемала талхийна.
– Вай а ца Iийна, куьйгаш тIекIелдехкина.
– ХIаъ, хьомсара Муса Алхазович, хIинца йац хьалхалера Нохчийчоь. Керла гIеттина Шемал шаре а вер вац. Царна лаахь а, ца лаахь а, нохчий санна, бодане, тIаьхьадисина кегийра къаьмнаш даккхийчарна, нуьцкъалчарна кIел ца севцча довлац. Баккъал а аьлча, иза царна шайна пайдехьа а ду.
Ша дIасатехко пресс йуьстаха а йиллина, шен къамелхочуьнга хьаьжира Кундухов.
– Хьо бакълоь, Михаил Тариэлович. Рыцарийн, витязийн зама дIайаьлла. Ахь ма-аллара, ткъа шо хьалхалерниг йац Нохчийчоь. Хьалхалерчу шен оьздангаллех доьхна и халкъ. ХIокху тIаьххьарчу ткъа шарахь шина цIарна йуккъехь латтийра иза. Цхьана aгIop – Шемалан деспотин, вукху aгIop – вайн къизаллин. Шина а агIорчара мало йоццуш дика болх бира, и халкъ таханлерчу хьоле доккхуш.
– Iаламан законаш хийца ницкъ бац-кх вайн, – ши куьг дIасатесира Лорис-Меликовс.
Ши инарла цхьана йукъана дIадаханчу шерийн ойла йан вуьйлира.
3
1839-чу шеран аьхка, шеца кхойтта эзар салти а, ткъе итт йоккха топ а, виъ эзар гергга дагестанхойн милцо а волуш лаьмнашка ваханчу инарла Граббес гуо бира Шемал чукъовлавеллачу Ахульго йуьртана. Буьззинчу шина баттахь турпала дуьхьало йиначул тIаьхьа йуьйхира имаман тIаьххьара чIагIо. Цигахь Iожалла хилира Шемалан йишин, зудчун, жимачу кIентан.
ВорхI накъостца кIелхьарвала аьтто нисбелла Шемал, шен доьзалца цхьаьна йаккхий халонаш а хедош, лаьмнашкахула лечкъаш, ведда, шен доьзалца Нохчийчу веара.
1785-чу шарахь дуьйна схьа оьрсийн эскаршна дуьхьал хаддаза къийсам латтош йара Нохчийчоь. Йуьхьанца цунна коьртехь шайх Мансур вара, тIаккха – массанхьа а цIейахана Таймин Бийболат. Цхьана йоццачу ханна соцура тIом, амма къийсам бацара цкъа а соцуш. Малхбале Нохчийчоьнан бахархоша къобалвина тIелецира цкъа хьалха ГIеза-молла.
Амма инарла барон Розен коьртехь цига йинчу экспедицеша, кхузткъа йурт а йохош, къиза хьаьшира Нохчмахка.
Шемалан имамаллин хьалхарчу пхеа шарахь оьрсийн инарлаш кIезиг гIертара Нохчийчу, амма цуьнан малхбале декъа тIе, Нохчмахка, сих-сиха экспедицеш йора. Цунна шен бахьанаш дара командованин. Дагестанца дерг чекх ца даьлча, хIокху Кавказехь уггар воккха а, нуьцкъала а дуьхьалонча – нохчий – меттах ца хьебеш буьтура цо. Амма, Ахульго йоьжча, берриг а ницкъ Нохчийчу теттира.
ШовзткъалгIачу шеран йуьххьехь Нохчийчохь тIеман-колониалальни урхалла хIотто долийра правительствос, xIop a итт доьзалера цхьацца топ a, xIop a итт стагах цхьаъ амалтана а вийхира. Цуьнца цхьаьна, кхузахь тIеман чIагIонаш йан, ткъа йарташ цига, йаккхийчу тоьпийн биргIанашна кIел, кхалхо йолийра.
ТIаккха Нохчийчохь йукъара гIаттам болабелира.
ГIеттинчу халкъана баьчча вийзира. Нохчийчохь кIезиг бацара майра, хьекъале, хьуьнаре а къонахий, тIеман баьччанаш а. Амма гIеттинчу халкъана ца лиира цхьа стаг къастийна лакхаваккха. Нохчашна гора шайн феодалийн Iедалан Iазапна кIел дохку лулара къаьмнаш. Цаьрца дуьстича, йоккха маршо йолу нохчий кхоьрура цкъа айъина стаг гуттаренна а оцу лакхенгахь висарна, шайна йуккъехь элий кхиарна, цара шаьш, и лулахой санна, Iазапе дохкарна. Нахана дагавеара кхуза ведда веана, Нохчмахкахь а, Органан лакхенца а лечкъаш лела Шемал. Сацам хилира иза гIаттаман коьрте хIотто. Iедалца дерг чекхдаьлча, тIехьа мийра а тоьхна, Дагестане дIахьажо атта хир ду, бохура.
ТIаккха, хьалха санна, дIанислора дерриг а.
Шемала воккхавеш тIелецира нохчаша шега кховдийна имамалла. Дукха хан йара хIокхо лаьмнашкарчу къаьмнех уггар доккхачу, майрачу бIаьхаллин къоман коьрте хIотта а, иза шен буйна долла а цо сатуьйсу. ХIинца вохийначу, шена иэхь динчу паччахьан инарлех а, шена уггар хала киртиг тIехIоьттинчу хенахь, шен дедоьхначу хенахь паччахьан инарлашна гIo динчу, ша махкахваьккхинчу шен махкахойх а бекхам иэца.
* * *
Нохчийчохь баккхий иэшамаш хила буьйлира оьрсийн эскарийн. Шо-шаре мел дели, кхузахь сирла къиэгара Шемалан седа. ХIинца тIекхечира дегIастанхой тIеберзо хан а. Шемала Iаламат говза, хIиллане пайдаоьцура оцу дагца шалхо йоцчу нохчех. Цо хестадора оцу къоман турпала дIадахнарг, кхайкхадора иза кху лаьмнашкахь массо а къомал доккха, майра, нуьцкъала а, оьзда а ду, иза кхечу къаьмнашна коьртехь хила хьакъ ду бохуш. Доцца аьлча, нохчийн дегнаш чу этнически куралла йуттура цо.
Амма, ша Нохчийчоьнан а, Дагестанан а имам чIагIвелла ваьлча, нохчашкара шена кхерам хаабелира Шемална.
Цундела кхузахь хьекъалечу Шемалан политикин коьрта Iалашо йара нохчийн тайпанашний, тукхамашний чоьхьара а, вовшашца а зIенаш малйар, ма-хуьллу царна йуккъе цатешам боллар, шена кхераме хир бу аьлла хета тхьамданаш, къаьсттина – Iеламчаш, йуьстахбахар а. ШовзткъалгIачу шерашкахь цхьацца шеконе бахьанашца, тIамехь а, чIирхоша бойъуш а дIабевлира нохчийн тхьамданаш: Джоватха, Iумха, ШоIип-молла, Соиб, СаьIид-Молла, Элдар, Ших-Iабдулла, Оьздамар, Домби; Кубанал дехьара ламанхой гIовтто а, церан гIаттамашна тIехь куьйгалла дан а хьовсийна Мохьмад-Гери, Мохьмад-Хьаьжа, Сулиман-Молла, Юсуп-Хьаьжа, Мохьмад-Эмин а. Цхьаберш белча, кхиниш Нохчийчуьра дIабевлча, 1847-чу шарахь шегара имамалла шен тIаьхьенга долуш кхайкхо гIоьртира Шемал. Нохчийчохь, Эвтарахь, шен имаматера наибаш а, Iеламчаш а гулбина, цигахь цо дIахаийтира шен ойла. Амма нохчийн наибаш сацамболлуш дуьхьалбевлира Шемална. Хьо велла йа дIаваьккхина, имамаллин меттиг мукъа йисахь, имамалла тур ира долчуьнга дIалур ду шаьш аьлла.
Шемалан имаматан тIаьххьарчу ткъа шарахь цуьнан экономикин бух а, цунна тIемалой а латториг Нохчийчоь йара. Цул сов, Шемалан генералитетан дукхах а, уггар хьуьнаре, говза а тIеман начальникаш бара нохчийн наибаш.
ХIетте а, тIеман гIуллакхаш дуьззина нохчийн наибашкахь дитинехь а, амма царах а, йа нохчийн динадайх а цхьа а шен политикин, идеологин аппаратан органна – диванна – йукъа ца вуьтура Шемала. Диване ховшурш дагестанхойн наибаш а, динадай а бара.
* * *
ШовзткъалгIа шераш чекхдовлуш имаматан лакхенгахь масех «политически парти» кхоллайелира. Уьш вовшашна а, Шемална а дуьхьал йара. Доцца аьлча, шайн-шайн хьашташ кхочушдан гIepташ, интригаш лелайора цара. Оцу партешна йукъабоьлхура султанийн а, бекийн а цIийнех схьабевлла нах. Церан лидерш бара наибаш Дениел-бек Елисуйский а, Кибит-Махьма Каратинский а, Хьаьжа-Мурд Хунзахский а. Цкъацкъа Дениел-бекан партигахьа волура цуьнан нуц волу Шемалан кIант ГIеза-Махьма а. Амма хIокхо лелориг, дений, стундений йуккъехь машар бан гIертар бен, кхин, xIapa ду аьлла, хIума дацара.
Оцу кхаа партийн, йа, нийсса аьлча, церан лидерийн шайн-шайн Iалашо йара. Дениел-бека а, Хьаьжа-Мурда а оьрсийн инарлашца къайлаха барт бора, Шемал царна вохка. Оцу йамартлонан мехах шен хьалхалера Елисуйский султанат а, инарла-майоран чин а, цаьрца доьзна сий а, хьал а йухадерзо гIертара Дениел-бек. Ткъа Хьаьжа-Мурд Шемалах Аварски ханство, Кибит-Махьма – имамалла иэца гIертара.
Нохчийн наибаш дакъалоцуш бацара Шемална дуьхьал къайлаха барташний, интригашний йуккъехь. Нагахь Дениел-бек а, Хьаьжа-Мурд а, оьрсийн правительствона Шемал а воьхкина, шайн хьалхалера хьал, сий а йухадерзо гIерташ хиллехь, нохчийн наибийн дацара йамартлонан мехах иэца хIумма а. ХIара тIаьхьарниш оцу лакхенга айъинарш церан хьал а, хьаькамаллин лерамаш а бацара, уьш шайн майраллица а, хьуьнаршца а кхаьчнера цига. Правительствоца барт хилча, дерриг а довра церан, амма хIумма а кара ца догIура. Нохчийн наибаша оцу aгIop шена йамартло йарна ца кхоьрура Шемал. И кхоьрург кхин дара. Оцу къоман доккхалла а, ницкъ а, церан мехкан потенциалан хьелаш а, церан политикин а, экономикин ницкъаш а, и къам кху лаьмнашкарчу кегийрачу къаьмнех дозушцахилар а.
Кхин цхьаъ а дика хаьара Шемална: тIаьххьара и ницкъ кхачабаллалц нохчаша шайн маршонехьа, бозушцахиларехьа колонизаторшна дуьхьал луьра къийсам латтор буйла а, амма, и ницкъ кхачийна, кIелбисча, шех а, оьрсийн правительствох а цхьаъ къасто дезча, ша дIа а эккхийна, уьш мостагIчуьнгахьа бевр буйла а.
Шемалан а, оьрсийн правительствон а политико цатешам а, цабезам а боьллира бIешерашкахь вовшашца вошаллин гергарлонаш хиллачу, цхьанна тIе кхерам, бохам беъча, вовшашна тIетийжинчу нохчашний, дагестанхошний йуккъе.
4
Стоьла тIехь лаьттачу жимачу графин чуьра хи стаки чу а доьттина, сутара дIамелира командующис.
– Мекара а, къиза а политик вара хьан Шемал, – элира цо, бетах йовлакх а хьокхуш. – Доцца аьлча, ламанан Талейран. Къаьмнаш «доькъуш Iедал латтаде» боху ширачу римлянийн принцип йара цуьнан политикин бух. Цо Нохчийчохь и политика дIа ца йаьхьнехь, нохчашца дерг чекхдала хIинца а мел гена хир дара. Церан патриотизм, маьрша ойла йиэн, гергарлонийн зIенаш хедо, халкъан гIиллакхаш а, амалш а хIаллакйан, оцу нохчех шен леш бан Iалашо йолуш, Нохчийчохь нуьцкъаха Iадат дIа а доккхуш, шариIат хIоттийра цо. Атталла церан хьуьжаршкахь бераш Iамо нохчийн молланашна тешам ца лора, цига а дагестанхой балабора. Нохчийчоьнан бахархой вовшашна айкхбийла, шпионаж лело Iамийра. Дуьхьало йинчийн даьхна кортош хуьлура диллина дIа кертийн хьокхаш тIехь дохкуш. Халкъ, талош, чIанадаьккхира наибаша. Адам гIазотан тIаме кхойкхуш. Шемал ца гIеттинехьара, ламанхошний, оьрсашний йуккъехь тоххара машар хилла хир бара.
– Шемалал хьалха шайх Мансур, Бийболат, ГIеза-молла а вара.
– Ламанхойн акхачу фанатизман стом бара-кх уьш а.
Кундухов оьгIазвахара, амма цо, хала сатоьхна, къайладаьккхира иза.
– Оцу тIехь гIалат ву хьо, Михаил Тариэлович, – майрра командующина бIаьра хьаьжира Кундухов. – Хьуна бакъдерг хаза лаахь, кхузарчу ламанхойн, къаьсттина – хIокху нохчийн, цхьа а тайпа гамо ца хилла оьрсашца. Цхьана хенахь нуьцкъалчу кхаа пачхьалкхо – Турцис, Персис, Россис – цхьамма шаьш дIакхалларна кхерам тIекхозабелча, вайн правительствос ахчанца иэцначу йа кхерийначу цхьацца ламанхойн феодалаша Росси къастийра. Хьуна бакъдерг хаа лаахь, Михаил Тариэлович, Къилбаседа Кавказан йуккъерчу махкахь бехаш хиларна, туркошкара, персашкара шайна цхьа а тайпа кхерам боццушехь, Россица уггар хьалха доттагIаллин зIе тесначу Кавказан къаьмнех цхьаъ хIинца уггар дера вайна дуьхьало йеш болу и къармазе, карзахе нохчий а бара хьуна. Цхьана хенахь кху лаьмнашкахь барамехь уггар доккха а, нуьцкъала а халкъ хилла иза. Татаро-монголийн, Тимуран мехкашдIалецархошна къар ца белира уьш. Царна дуьхьал шина бIе шарахь сов латтийначу къийсамо а, тIаьхьа гIeбартойн, чергазойн, гIалмакхойн, дегIастанхойн а феодалаша хаддаза динчу тIелетарша а, гIелбина, гIорасиз бира нохчий. ТIаьххьарчеран тIелетарш вайн правительствон бертахь хилла ца Iара, мелхо а, оцу феодалашна эскаршца а, герзаца а гIо дора. Цкъацкъа нохчийн аьтто хуьлура и шайн мостагIий, лулара феодалаш, шайн йаьIни тIера дIакхийса. Амма линехь болчу вайн воеводаша, Нохчийчу таIзарийн экспедицеш йой, нохчийн дуьхьало а кагйой, и церан мостагIий йуха а церан коча ховшабора. ХIетте а, Россица девне ца бовлура нохчий, ма-хуьллу оьрсашца машар ларбан гIертара. Оцу тIехь йоккха меттиг дIалоцура церан лулахь шина бIе шарахь бехачу Теркан гIалгIазкхаша. Нохчий а, гIалгIазкхий а дика лулахой бара. Йукъараллин дIахIоттам, гIиллакхаш, амалш а цхьаьнайогIура церан. Вовшийн дика гIиллакхаш дIаса а оьцура цара. Вовшашца бертахь, машаре баьхна ца Iаш, вовшашка зударий луш хилла, гергарлонаш а дара. И доттагIалла, барт бохо лаа а ца лаьара царна, йа ойла а йацара. Амма, ахь ма-аллара, вайн правительствон политика вайна дика ма йевза – «къеста а беш, урхалла латтаде». Дукха хан йалале, нохчашна тIелетарш дечу церан луларчу феодалашна гIo дина ца Iаш, нуьцкъаха Нохчийчохь вайн порядкаш хIитто, цигахь колонизаци йан йуьйлира правительство. Нохчийчохь-м хьовха, йерриг крайхь а. ТIаккха Нохчийчохь гучувелира исторехь шайх Мансур аьлла цIейахана Алдара жаIу Ушурма. Иза дIаваьлча, цуьнан гIуллакх йа, вуьшта аьлча, маршонехьа къийсаман гIуллакх шен караийцира церан цIейахханчу баьччас Таймин Бийболата. ТIаккха йехха зIе йолайелира – ГIеза-молла, Шемал. Вайн инарлийн а, чиновникийн а къизалло мостагIалла доьллира ламанхошна а, оьрсийн халкъана а йукъа. Оцу тIехь кIезиг бехк бац вайшиннан а, хьомсара государь!
Кундуховс дуьйцург шена ца хууш, дуьххьара хезаш санна, леррина ладоьгIура Лорис-Меликовс. ЛадоьгIура, амма ойланаш кхечахьа генахь хьийзара. Инарлас дуьйцучо цунна дагайаийтира шен дайн истори. Мацах цкъа, XVI бIешарахь, церан долахь йара Гуьржехара хьоле шахьар Лори. Персин шахийн эскарша сих-сиха тIелатарш дора шахьарна. Цкъа цара дIайоккхуш, тIаккха гуьржийн паччахьаша йухайоккхуш, кар-кара йоьдуш, талайора иза. Оцу талорах кIелхьарбовла гIерташ, 1602-чу шарахь бусалба дине бирзира Лорис-МеликовгIар. Ткъа и шахьар тIаьххьара а гуьржийн паччахьийн дола йаьлча, бусалба дин дIа а тесна, керста бакъдинан тIома кIел бирзира. ХIетахь дуьйна Лориc-МеликовгIapа, шайн синош а, бахам, хьал а лардан гIерташ, дуккха а паччахьаш хийцина ца Iаш, дин хуьйцуш меттигаш а йина. Амма царна а, вукхарна а шаьш кIелнисделлачунна доггах а, тешаме а гIуллакх дора. Иштта тешаме хилира церан тайпа оьрсийн паччахьашна а. И тешам бахьана долуш, ткъе шийтта шо хьалха императоро оьрсийн дворянство йелира Лорис-МеликовгIарна…
– Со-м гIалат хила а тарло, хIетте а, сайна хета кхин цхьаъ а ала лаьара суна, хьомсара Михаил Тариэлович, – кхидIа шен лекци йоьшура Кундуховс. – XIapa ламанхой, къаьсттина нохчий, вайна дуьхьалбахарна бехке вайн эскаршкахь гIуллакхдеш хилла кхечу мехкашкара схьабевлла эпсарш хетало суна. Царах дукхахболчарна бен а ма ца хета Россин а, кхечу халкъийн а кхоллам. Уьш шайна чинаш, титулаш, хьал а лаха ма богIу. Ас буьйцурш дуьххьара Нохчийчу йаьхкинчу вайн отрядийн командираш Кох, Фрауендендорф, де Медем, Кек, Рик, Пьери а, кхечу мехкашкара схьабевлла кхин-кхин а авантюристаш бу. Цара йоккхачу къизаллица хьийшира шайна тIехь олалла латточу гIебартойн а, гIумкийн а феодалашна дуьхьал нохчийн гIовттамаш. И шайн къизаллаш оьрсийн правительствон цIарах лелайора оцу командираша. Ткъа правительствос совца-м мухале а ца дора церан къиза гIуллакхаш, мелхо а, шена хIумма а ца хуучуха, бIаьргаш хьаббой, Iара. Церан болх хета суна шайх Мансур коьртехь Нохчийчоь гIаттар. ХIеттахь вайн правительство кхетаме йеана хиллехьара! Цо и хьере эпсарш, инарлаш йухаоьзнехьара, хIокху тIаьххьарчу иттаннаш шерашкахь шина а къоман цIий Iенна хир дацара. Амма и ца дира правительствос. Оьрсийн пачхьалкхан, оьрсийн герзан сий лардан, цхьанаметтехь диначу къизчу тохарца нохчий къарбарца кхузарчу дисинчу къаьмнийн ишттаниг лелорах догдаккха дезаш хийтира. Амма нохчашна дага а ца догIура къизаллина кIелсовца. Вайн правительствон цхьана къизалло кхин кхуллуш, деха кочар хилира цунах. Шо-шаре мел долу, кIарглора вайн инарлаший, чиновникаший ламанхошна а, оьрсийн халкъана а йуккъехь охку ор. Ламанхошна а, оьрсашна а йуккъехь машар кхайкхочу меттана, царна йукъа питанаш, дIовш туьйсуш, мостагIалла марсадохура. Генна хьалха хьуьйсучу хьекъалечарна гира оцу гIалатан, къизачу политикин хинйолу тIаьхьало. Амма тIаьхьа гира. ТIаьхьа делахь а, кхузахь дIакхоьхьу политика хийца йезар хьийхира цара. ХIетахь, йуьхьанца поэтан Грибоедовн а, тIаьхьа инарлин Раевскийн а, хIинца тIеман министр волчу Милютинан а хьекъалечу хьехамашка вайн правительствос ладоьгIна хиллехьара. Цамзанаш йуьстаха а тийсий, хIокху къоман Iер-дахаран, гIиллакхийн, амалийн хьелашца а дустуш, ларлуш, сих ца луш, кIез-кIезиг вешан йукъараллин дIахIоттам хIокхаьрга тIеэцийта, хIорш мах лело, бахам кхио Iамабе вай, кхузахь школаш, больницаш а йохкуш, хIокхарна йукъа лакхара культура, серло йаржайе вай, бехира цара. Амма правительствос ла ца дуьйгIира оцу хьекъалечу хьехамашка. Мелхо а, тIеттIа тIе алсамйохура къизаллаш. Оцу къизаллаша кхоьллира МансургIар, БийболатгIар, ШемалгIар.
Лорис-Меликовс собаре ладуьйгIира Кундуховн дахделлачу къамеле.
– Иштта-м дара иза, сан хьомсара Муса Алхазович, – элира цо кIадвелла. – ДIадахнарг йухадерзалур дац. Сийлахь-воккха поэт Грибоедов а, инарлаш Раевский, Алексей Дмитриевич Милютин а, цхьана aгIop, къобалбо ас. Амма цара хьоьху некъ, беха а, хала а хилла ца Iаш, оцу заманахь тешам боцуш а бара. Кавказ дIакхалла гIерташ Турци а, Перси а хилла ма ца Iара, малхбузехьара пачхьалкхаш а йара. Уггар хьалха – Англи а, Франци а. Вайн йиш йацара хьоле, стратегин доккхачу маьIне xIapa край вешан мостагIийн карайахийта. Тахана а йу малхбузехьара пачхьалкхаш изза политика дIакхоьхьуш. Вай цхьанне а дIалур йац xIapa край. Вай лелориг Россин а, хIокху ламанхойн а йукъара гIуллакх хилар гойтур ду историно. Дерриг а Iаламан законашца дIадоьду. Уьш хийцалур дац вайга, сан хьомсарниг.
Кундуховс, корта а хьовзийна, доккха садаьккхира.
– Вайша вовшех кхетац, Михаил Тариэлович, – элира цо. – Церан Iер-дахар, гIиллакхаш, амалш, йукъараллин дIахIоттам тидаме а оьцуш, меллаша, кIез-кIезиг российски Iедал кхуза хIоттийнехьара, хIокху ламанхоша Россина дуьхьал цхьа топ а кхуссург цахиларх тешна ву со. Амма вайн правительствос иза ца дира. Цкъа диначу цхьана тохарца дерриг чекхдаккха лиира цунна. ЖамI муха ду? Маситта шарахь, вовшийн хIаллакбеш, тIом, халкъашна йукъахь цабезам, цатешам, мостагIалла а. Нохчийн уггар дикачуьра ах мохк дIабаьккхина. Йеккъа цхьана Соьлжан отделехь биъ бIе эзар десятин гергга цаьргара дIабаьккхина мохк гIалгIазкхашна дIабелла. Доцца аьлча, хIокху тIаьххьарчу шовзткъе итт шарахь церан махка тIе ткъа сов станица а, оццул тIеман чIагIонаш а йехкина правительствос. Кубанан областера, берриг а бохург санна, ламанхой Турце дIакхалхош бу.
– ХIумма а дац, Муса Алхазович, – биэндоцуш куьг ластийра Лорис-Меликовс. – Бухахь биснарш муьтIахь хир бу, уьстагIий санна. Йуккъехула аьлча, инарла, лаьттан гIуллакх йукъадаьлча, массара а и гIалгIазкхий бен хIунда ца хьехабо? Бакъду, мохк боькъуш, лоьман дакъа-м дина царна. Амма ламанхойн латта дIакхаьллинарш цхьа гIалгIазкхий хилла ца Iа. Хьан долахь мел мохк бу, Муса Алхазович?
Кундухов вуьйхира.
– Ши эзар десятинал алсам… Иза нохчийн латта ма дац…
– ХIун башхо йу цуьнан? Вай ламанхой ма буьйцу. Ткъа хIинца беккъа цхьана нохчех дуьйцур вай. Элаша Таймазовссий, Бекович-Черкасскийссий мел дIакхаьллина?
– ХIораннан долахь йалх-ах эзар десятин дуй-те, моьтту суна.
– ХIай-хIай! Циггахь дIадоьллина и жIаьла! Элийн Алхазовн, Турловн долахь шишша эзар десятин, эластун Эльдарован – цхьаъ-ах эзар. Ткъа нохчийн эпсарша ЧермоевгIара, ШамурзаевгIара, КурумовгIара, кхин иттаннаша хIораммо а – шина бIенера ворхI бIе десятине кхаччалц. Важа, шайн долахь шина бIе десятин кхаччалц латтанаш долу совдегарш, молланаш, кхидолу кег-мерса цIубдарш-м хьехор а дацара вай. ХIета, нохчийн бохамна бехке цхьа гIалгIазкхий хилла ца Iа. ГIалгIазкхийн-м бехказло а йара. Уьш-м, нуьцкъаха балийна, охьаховшийна нохчийн махка тIе. Ткъа шун компанис, Муса Алхазович, шайн лаамехь дIа ма лаьцна ламанхойн мехкаш. Шайн вежарех цуьрриг къа а ца хеташ. Иэхь а ца хеташ. Нохчийн цабезам, мостагIалла а беккъа цхьана гIалгIазкхашций бен дац, моьтту хьуна? ХIан-хIа, хьомсарниг, кхузахь гIалатваьлла хьо. Нагахь нохчий гIовттахь, уьш толахь, цара уггар хьалха мийра шун компанина тухур бу! ТIаккха шайн поместьех девлла Iийр дац, сонтачу кортойх довла а мега. Сонтачу коьрто бен дийр дуй ткъа, российски пачхьалкхан бух ласто гIерташ, ахь ден къамел!
XIapa Лорис-Меликов Iаламат собаре стаг вара. Шен дагахь дерг лачкъо хаьара цунна. Кундуховна гуш ма дара оьгIазлоно кхехко цуьнан дог. Лорис-Меликовн метта кхин стаг хилча, стоьла тIе буй а бетташ, мохь хьоькхур бара цо, ткъа хIара сапаргIате ву. Вела а воьлу, забарш йеш волуш санна.
– Нохчех къахета, боху ахь? – дуьйцура цо, вела а къежаш. – ТIаьхьа ду, хьомсара государь! Ахь айхьа мел хIаллакбина уьш? ХIай-хIай, хьесап ца дало! Латта доцчу нохчех дог лозу? ХIета, хьо оццул адамалле велахь, лакхахь цIераш йаьхначу элашца а, керла кхоллабеллачу нохчийн помещикашца а барт бай, нохчийн латтанаш царна йухадерзаде! Аш шайн долабаьккхина мохк нохчийн лаххара а шовзткъе итт эзар доьзална логгелц тоьур бу!
Кундухов цхьаъ ала гIоьртира, амма инарла-лейтенанто, омране куьг а ластийна, сацийра. Шуьйрачу букъ тIехьа ши куьг тIекIел а диллина, кегийра гIулчаш йохуш, шозза-кхузза дIаса а волавелла, тIаккха Кундуховна уллохь а сецна, иза тешош тIетуьйхира цо:
– Хьо тIех дика инарла, амма кхин хилча ца маггал бIаьрзе политик ву, Муса Алхазович. ХIокху махкахь российски урхалла хIоттош, правительствос дикка гIалаташ дилийтина хиларна къера ву со. Амма, дерриг а схьалаьцна аьлча, правительствон политика йуьххьехь дуьйна нийса, импери Iалашйарна, шорйарна, чIагIйарна а тIехьажийна йу. Шайх Мансуран заманахь гIевттинчу нохчашна йа тIаьхьа кхечу ламанхошна а правительствос автономин урхалла деллехь, хIун хир дара? Полякашна, малороссашна, гуьржашна, эрмалошна, финнашна, кхеч-кхечарна а изза дезар дара. Уггар хьалха оьрсийн муьжгаша шайна маршо йалар схьахьедийр дара. Халкъаш а, адамаш а оцу тIе ма тоьтту тайп-тайпанчу революционераша, демократаша. Лакхахь дийцинчу бахьанашца, правительствон йиш йац империна чохь дехачу къаьмнашна а, халкъашна а йуккъехь барт а, гергарлонаш а хилийта. Правительствос хIинццалц схьа динарг, дийриг, ден дерг, империн йистошкахь колонисташ ховшор а цхьа Iалашо йолуш ду – хIокху крайхь а, кхечу йистошкахь а гуттаренна а, тIаьххьара а оьрсийн олалла чIагIдан. Къоман а, пачхьалкхан а хьашташ нохчашна, адыгашна, кхеч-кхечарна сагIина а декъна, импери йохо йиш йац. Къаьст-къаьстинчу адамийн дуьхьа – уггар а. И адамаш мел гениальни делахь а, уьш доцуш цаторуш делахь а.