Легар
Нохчойн маттахь цӏердешан кхо дакъа ду: гайтам (grammatical class, article), дагар (number), дожар (case).
Гайтам
Нохчойн маттахь йалх гайтамдакъа а, йуха биъ гайтам а (в, й, б, д) бу. Хьалхарчу декъо боьршаниг схьакъаставо, шолгӏачо стениг схьакъастайо. Дисна долу дешнаш тӏаьххаьра диъ дакъошна дӏасдоькъу. Дӏасдекъарехь гучуйаьлла раж йац. Цхьаццадолу дешнашна алало муьлхачу декъана йуккъе догӏу, кхечарна ца алало.
| гайтамдакъа | цхьаъ | дукъа |
|---|---|---|
I |
ву |
бу |
II |
йу |
бу |
III |
ду |
ду |
IV |
йу |
йу |
V |
бу |
бу |
VI |
бу |
ду |
Дагар
Нохчойн маттахь ши дагар ду: цхьаллин дагар, дукхаллин дагар.
| цхьаъ | дукха |
|---|---|
алар |
аларш |
да |
дай |
дакъа |
дакъош |
доьхка |
доьхкарш |
кӏант |
кӏентий |
нуй |
нораш |
цӏе |
цӏерш |
Дожар
Цӏердешнийн 26 дожар ду.
Цӏераниг (absolutive), хӏара хьалхара дожара ду. Кхо гойтург цу хӏуманна цӏе йу. Цхьаццадолу хандешнашна йуххе дериг (object) хуьлий, кхечарна йуххе эриг (subject) хуьлий, дӏахӏутту.
- Мостагӏчо вийна стаг.
- Кӏанта лоьху декъалла.
- Да-нана лаьтта кертахь.
- Нана хьожу бере.
Доланиг (genitive), хӏокхо цхьа хӏума хьенан йу гойту. И хӏума долахь йерг мила ву, хьанна кхочуш йу хоуьйту.
- Ненан коч хаза йу.
- Ден декхар хала ду.
- Кӏентан дог доккха ду.
- Йоьӏан мотт шера бу.
Лург (dative), ардам (action) хьанна тӏе хьажийна бу гойту кху дожаро.
- Нанас берана даар ло.
- Дас кӏантана туху.
- Кӏанта дена говр ло.
- Беро нанна барт йоккху.
Дийриг (ergative), ардам (action) беш верг мила ву гойту кху дожаро.
- Кӏанта туху мостагӏчунна.
- Дас ӏамаво кӏант.
- Нанас кхетайо йоӏ.
- Дахаро дукха хӏума гойту.
Коьчалниг (instrumental-comitative), ардам (action) хьаьнца йа стенца беш бу гойту кху дожаро.
- Ненаца новкъа велира кӏант.
- Деца дахара тхо деша.
- Куьйгаца бира цо дика болх.
- Дегӏаца гайтира цо шен ницкъ.
цхьаьнадерг (comitative-abessive), садерг йа хӏума хьаьнца йа стенца йу гойту кху дожаро.
- Соьцара накъост дика ву.
- Хьоьцара накъост вон ву.
- Некъанцара хьовзам хала бу.
- Вайцара говр чехка йу.
хотталург (deessive), хӏуманан хьост, цуьнан схьайалар мичар ду гойту. Йуха цхьаццадолу хандешнаша шена дериг хилла улле хуттуш а доьху хӏара дожар.
- Хьо хьанах теша?
- Цо аьллачух ца кхийтира со.
- Муьлхачу буьхах схьадаьлла и дош.
- Эчигах дуккха а са ду вайна.
куьцаниг (adverbial), хьанах йа стенах тера лелаш ду гойту кху дожаро.
- Вираха ӏоьху и стаг.
- Нохчошха ца лела и кӏант.
- Стешха ма лела, хӏай нах!
- Шен деха (шен да санна) лела кӏант.
меттигниг (adessive), мича йа стенга доьдуш ду гойту кху дужаро.
- Нене дӏакховдабе хӏара тӏоьрмиг.
- Австре вахна кӏант.
- Ӏаьнаре дирзина хи.
- Ловзаре кхайкхина тхо.
доллург (inessive), ардам (action) мичахь йа стенгахь хуьлуш бу гойту кху дужаро.
- Стагехь догӏуш хӏума ду и.
- Схьагарехь иштта ду и.
- Дешарехь дуккха а са ду вайна.
- Австрехь вехаш ву да.
долург (abessive), ардам (action) мичара йа стенгара богӏуш бу гойту кху дужаро.
- Стагера дер дац иштта хӏума.
- Австрера хаам беара вайга.
- Цу сацамера эшам белира.
- Аламера са делира цунна.
хадорг (transessive), ардам (action) хӏун йа мила хадош, хьанах и чекхболуш хилла гойту кху дожаро.
- Ненехула хаам беара.
- Кӏантехула элира цо.
- Дегахула декхар схьадаийтира кӏанта.
- Йоьӏехула дӏаалийтира нанас дезарг.
агӏонниг (allative), ардам (action) муьлхачу агӏоне хьажийна бу гойту кху дожаро.
- Ненехьа дӏахьаьжира йоӏ.
- Дегахьа уьйзира кӏанта.
- Кӏантехьа кхоьссира цо тӏулг.
- Йоьӏехьа дерзийра ас гӏант.
агӏорниг (ablative), ардам (action) муьлхачу агӏора схьабохуш бу гойту кху дожаро.
- Ненехьара мохь белира.
- Малхбаленгахьара схьабаьхкира уьш.
- Кӏантехьара тӏулг кхийтира.
- Йоьӏехьара кхоьссира тӏулг.
агӏохадорг (ablative-transessive), ардам (action) муьлха агӏо а хадош хуьлуш бу гойту кху дожаро.
- Наьӏехьахула хӏоъ кхийтира цунна (Наьӏехьа а, йуха наьӏехула чекх а болуш).
дозаниг (terminative), ардам (action) мича кхаччалц хуьлуш бу гойту кху дожаро.
- Некхец маж йу стеган (некхана тӏе кхаччалц).
- Логец хи чохь лаьтташ ву кӏант (логана тӏе кхаччалц).
дустург (comparative)
саннарг (equative)
тӏедолург (superadessive)
тӏехьдерг (superinessive)
тӏерадуссург (superabessive)
йуккъедолург (comitive-intralative)
йуккъехьдерг (intrainessive)
йуккъерниг (intraabessive)
доцург (caritive)
йуккъердоцург (extraabessive)
| дожар | цхьаъ | дукха |
|---|---|---|
цӏераниг |
дин |
дой |
доланиг |
динан |
дойн |
лург |
динна |
дойшна |
дийриг |
дино |
дойша |
коьчалниг |
динца |
дойшца |
цхьаьнадерг |
динцара |
дойшцара |
хотталург |
динах |
дойх |
куьцаниг |
динаха |
дойшха |
меттигниг |
дине |
дойшка |
доллург |
динехь |
дойшкахь |
долург |
динера |
дойшкара |
хадорг |
динехула |
дойшкахула |
агӏонниг |
динехьа |
дойшкахьа |
агӏорниг |
динехьара |
дойшкахьара |
агӏохадорг |
динехьахула |
дойшкахьахула |
дозаниг |
динец |
дойшкац |
дустург |
динал |
дойл |
саннарг |
диналла |
дойлла |
тӏедолург |
дина |
дойша |
тӏехьдерг |
динахь |
дойшахь |
тӏерадуссург |
динара |
дойшара |
йуккъедолург |
динала |
дойла |
йуккъехьдерг |
диналахь |
дойлахь |
йуккъерниг |
диналара |
дойлара |
доцург |
динза |
дойшса |
йуккъердоцург |
динзара |
дойшсара |
Дешнаш схьадахар
Цӏердашах шорта кхин дешнаш схьадахало. Аламехь лелош коьрта диъ дожар ду: цӏераниг, доланиг, лург, дийриг. Йуха дустуш мухалдашна хьалха хӏоттош леладо дустург дожар. Мухалдош санна леладо цхьаьнадерг дожар.
Куцдош
Лахахь далийна дожарш куцдешнаш санна лелош ду.
- коьчалниг: Деца вахара кӏант
- хотталург: Къонахех схьабевлла нохчой
- куьцаниг: Вираха ӏоьху и стаг
- меттигниг: Австре вахана да
- доллург: Австрехь вехаш ву да
- долург: Австрера вогӏуш ву да
- хадорг: Австрехула вогӏуш ву да
- агӏонниг: Австрехьа вахана да
- агӏорниг: Австрехьара вогӏуш ву да
- агӏохадорг: Австрехьахула вогӏуш ву да
- дозаниг: Лаьмнашкац биллина некъ
- саннарг: Хьолла хилла кӏант
- тӏедолург: Дина хии да
- тӏехьдерг: Динахь вахана да
- тӏерадуссург: Динара воьсси да
- йуккъедолург: Нахала вели стаг
- йуккъехьдерг: Нахалахь лела и хӏума
- йуккъерниг: Нахалара схьадаьлла и хӏума
- доцург: Декъаза вехаш ву стаг
Мухалдош
Лахахь далийна дожарш мухалдешнаш санна лелош ду.
- доланиг: ненан дог
- цхьаьнадерг: соьцара накъост
- куьцаниг: стешха стаг
- долург: австрера стаг
- агӏорниг: австрехьара некъ
- саннарг: делла кӏанта
- тӏерадуссург: ломара стаг
- йуккъедолург: декъала дахар
- йуккъерниг: нахалара лелар
- доцург: декъаза стаг
- йуккъердоцург: нахазара лелар
Цӏердош
Цӏердашна тӏехьа «алла» йа «улла» тӏетохарца кхоллало кхидолу цӏердешнаш.
| дош | схьадалар |
|---|---|
къонахалла |
< къонаха + алла |
стогалла |
< стаг + улла |
Кху дожаршна — цхьаьнадерг, долург, агӏорниг, тӏерадуссург, йуккъерниг, йуккъердоцург, йуккъедолург, куьцаниг — тӏехьа «о» тӏетохарца дешнаш кхоллало.
| дош | схьадалар |
|---|---|
белхахо |
< белхаха + о |
белхало |
< белхала + о |
ламаро |
< ломара + о |
Цӏердашна тӏехьа «гӏа» тӏетохарца дешнаш кхоллало:
| дош | схьадалар |
|---|---|
даьттагӏа |
< даьтта + гӏа |
Цӏердашна тӏехьа «ост» тӏетохарца дешнаш кхоллало.
| дош | схьадалар |
|---|---|
накъост |
< некъ + ост |
Цхьана дешдекъах лаьтта дашна тӏехьа «ала» йа «ула» тӏетохарца дешнаш кхоллало.
| дош | схьадалар |
|---|---|
дола |
< да + ула |
къола |
< къу + ула |
пхьола |
< пхьа + ула |