IPA

IPA

International Pronunciation Alphabet

Махкаш

IPA-хь нохчийн меттан эшарш гайта оьшуш йолу махкаш хӏорш йу.

махк IPA
t͡s Шиннах цхьа эшар хилар: ц /t͡s/, ч /t͡ʃ/, ...
Мукъа эшар мерала хилар: ан /ə̃/, ин //, он //, ...
Шалха йа кхолха мукъа эшарийн шолгӏа йа кхоалгӏа коьрто доцу дакъа: ай /əi̯/, ой /u̯ɐi̯/, ...
a᷄ Эшар айъадалар: ала! /aːla᷄ː/ (Пожалуйста, скажи!).
Зевне логан "ӏ" шех дӏахудар: бӏ //, дӏ //, ...
p'ˠ Логан эшар ӏарждалар: пкъ /p'ˠ/, цкъ /t͡s'ˠ/.
k' Логан эшар: кӏ /k'/, къ /q'/, ...
Къора эшар: рхӏ //.
' Хӏара хьалха лаьтта дешдекъана тӏехь ду тохар: дешар /'diːə̯.ʃər/.
. Дешдакъа чекхдалар: дешар /'diːə̯.ʃər/.
ː Мукъа эшар деха хилар, мукъаза эшар шалха хилар: ата /aːt/, датта /datː/.

Абанаш

Нохчийн абанаш муха дека. Хьуна ма-гарра массо а мукъа аба шиъ, кхоъ йа диъ эшар долуш хуьлу.
аба IPA
а /ə/, /ʌ/, //
б /b/
в /w/
г /g/
гӏ /ɣ/
д /d/
ж /ʒ/
з /z/
и /i/
й /j/
к /k/
кх /q/
л /l/
м /m/
н /n/
о /o/, //, /u̯ɐ/, /u̯o/,/uːə̯/
п /p/
р /r/
с /s/
т /t/
у /u/, //
ф /f/
х /x/
хь /ħ/
хӏ /h/
ц /t͡s/
ч /t͡ʃ/
ш /ʃ/
ъ /ʔ/
ь -
э/ /e/, //, /i̯ɐ/, /i̯e/, /iːə̯/
ӏ /ʡ/

Кхидерш

Абанашкахь доцу, ткъа цхьайолу меттигашкахь нислуш долу эшарш.

аба IPA
ст /st/, /s/, /t/
-рхӏ /-r̥/
-нг //

Логан къора эшарш

Кхузахь нохчийн маттахь йалх ду. Царах диъ шайна тӏехьа "къ" нисделча ӏаржлуш ду. Меттхааршкахь "velarization" олу цунах.

аба IPA ӏаьржа IPA
кӏ /k'/ - -
къ /q'/ - -
пӏ /p'/ пкъ /p'ˠ/
тӏ /t'/ ткъ /t'ˠ/
цӏ /t͡s'/ цкъ /t͡s'ˠ/
чӏ /t͡ʃ'/ чкъ /t͡ʃ'ˠ/

Логан зевне эшарш

Хӏорш йалх ду. Йалх аба тӏехьа "Ӏ" хӏоттарца кхоллало. Цхьажимма шайх "ӏ" дӏаэдичхьана тоьуш ду, дукха тӏех а ца вуьйлуш.

аба IPA
бӏ //
дӏ //
жӏ /ʒˁ/
зӏ //
мӏ //
нӏ //

Кӏеда мукъа эшарш

Кхо мукъа аба тӏехьа "ь" хӏоттарца кхоллало кӏеда мукъа эшарш.

аба IPA мерала IPA
аь /æ/ аьн /æ̃/
оь /ø̯ɐ/, /yːə̯/ оьн /ø̯ɐ̃/, /ỹːə̯/
уь /y/ уьн //

Деха мукъа эшарш

"уь"-ний, "и"-ний тӏехьа "й" дилларца дахдо и ши эшар.

аба IPA мерала IPA
ий // ийн /ĩː/
уьй // уьйн /ỹː/

Мерала мукъа эшарш

Мукъа озана тӏехьа, чаккхенехь "н" хӏоттийча эшар мерала хуьлу.

аба IPA
ан /ə̃/, /ʌ̃/, /ãː/
ин //
он //, /õː/, /u̯ɐ̃/, /u̯õ/, /ũːə̯/
ун //, /ũː/
эн/-ен //, /ẽː/, /i̯ɐ̃/, /i̯ẽ/, /ĩːə̯/

Шалха, кхолха мукъа эшарш

Нохчийн маттахь йолу шалха, кхолха мукъа эшарш, церан мерала кепаш.

аба IPA мерала IPA
ай /əi̯/, /ʌi̯/ айн /ə̃i̯/, /ʌ̃i̯/
ий /ii̯/ ийн /ĩi̯/
ой /oi̯/, /u̯ɐi̯/ ойн /õi̯/, /u̯ɐ̃i̯/
уй /ui̯/ уйн /ũi̯/
эй/-ей /ei̯/, /i̯ɐi̯/ эйн/-ейн /ẽi̯/, /i̯ɐ̃i̯/
ав /əu̯/, /ʌu̯/ авн /ə̃u̯/, /ʌ̃u̯/
ив /iu̯/ ивн /ĩu̯/
ов /ou̯/, /u̯ɐu̯/ овн /õu̯/, /u̯ɐ̃u̯/
аьв/эв/-ев /eu̯/, /oi̯/, /ø̯ɐu̯/ аьвн/эвн/-евн /ẽu̯/, /õi̯/, /ø̯ɐ̃u̯/

Гӏалгӏайн маттара эшарш

Гӏалгӏайн маттахь долу, нохчийн маттахь доцу эшарш.

аба IPA
оа /ɔ̯ɐ/
дз /d͡z/
дж /d͡ʒ/
ув /uu̯/
вӏ //
йӏ //

Бацойн маттара эшарш

Бацойн маттахь бен доцу эшарш. Кхузахь цхьаъ бен дац.

аба IPA
лъ /ɬ/

Title

My message to you!