кхотӏадам
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Кхотӏадам

Арахецна де 08.02.2026

Асланбек Йесера

Кхотӏадам «…» нийсабиллар.

Кхотӏадам

Кхотӏадам [qu̯ɐt'ədəm] буьллу меттигаш:

I.

Дуьйцург, дагалер йукъардаьлла, кхечунна тӏевалар йа сацор.

  • Цӏахь хаза дара… Хӏа-а, хьо вахарий деша.
  • Со хӏара жайна доьшуш ву… Цӏа веарий хьан да?
  • Хӏинца со цига ваха веза… дӏайаккхахьа кӏордийна суна!
  • Ас хӏун дирий… (дуьцучера сеци хӏара)

II.

Дуьйцуш верг сацар, ша кхидӏа дийцале.

  • Цига… цига вахарий хьо?
  • Суна-м ца хаьа… хӏун дан деза!
  • Ахь… элирий цуьнга?
  • Ма лела хууш вара и кӏант… галвели-кх и!
  • Хӏа-а… и-м ца хаьа!

III.

Лем (цитат) балош, ца далийна дакъа дуй гойтуш. Ца далийна декъан метта кхотӏадам буьллу. Кхотӏадам билларца ахь гойту, айха цуьнан алар ма-дду ца далийний, ца далийна дакъа хӏундаллехь кхетам хийцабала а тарлой.

  • «… алам…» — аьлларг
  • «алам…» — аьлларг
  • «… алам» — аьлларг

Дуккха а аламаш ца балийнехь, ира къовларш йуккъехь хила беза кхотӏадам:

  • «<…> алам <…>» — аьлларг
  • «алам <…>» — аьлларг
  • «алам <…>» — аьлларг

IV.

Цхьанна дагар тӏера, шолгӏачунна тӏекхаччалц дерг гойтуш:

  • 1…10
  • 5…15
  • 20…40
  • 50…100

Тӏеалар: Кхотӏадам дашна тӏехьа буьллуш хилахь, цунна тӏелетта хила беза: «дош…». Хаттармохкана йа айдармохкана тӏехьа буьллуш белахь ши а бен ма билла: «алам?..», «алам!..». Кхотӏадамна тӏехьа цӏоьмалг йилла йезахь, и ма йилла: «алам …(,) алам» > «алам … алам».

Title

My message to you!